Нохчийчохь кхиазхой къайлабевллачул тIаьхьа школашкахь дешархойн телефонаш талла буьйлабелла

Нохчийчуьра школа, гайтаман сурт

Нохчийчуьра школашкахь дешаран министраллин векалш берийн телефонашка хьийса буьйлабелла. Дешархойн девайсаш чохь лоьху "эхь-бехк" дохийна билгалонаш, хаамбина регионера йозуш йоцчу кхаа хьасто. Церан дийцаршца, дешархоша дина йозанаш доьшу, суьрташка а, стикершка а хьуьйсу мессенджерашкара.

"Сан кIант ву иссолгIачу классехь доьшуш, цара шога цуьнан телефон теллина хиллера. Цхьа жоьжахати ю=кх хIара. Оха телефон дIацIанйина тхайн ма-хуьллу, тхайчаьрга дIа а хаийтира", - дийцина Соьлжа-ГIаларчу цхьахволчу дешархочун нанас (цуьнан цIе йоккхуш йац кхерамзлла ларйеш).

Къамелдинчо дийцарехь, телефонаш чу хьийсар доьзна хила тарло дечкен-беттан 25-чохь ши кхиазхо варца. Дагестанерчу МВД-н урхалло хаамбора, тайп-тайпанчу хеначохь цIера араваьлла Нохчийчуьра 13 шераш долу ши вахархо лоьхуш хиларх. ШолгIачу дийнахь полисхошна схьакарийра ши кIант ХIинжа-гIалахь, цигахь петар лаьцна хиллера цу шиммо.

Кхечу хьастан хаамашца, телефонаш Соьлжа-ГIаларчу школашкахь теллина ца Iаш, толлуш ю мехкан кхечу кIошташкахь а. Цо а дузу иза тIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь ши кхиазхо къайлаваларца.

Нохчийчуьра дешаран министраллин сайтехь бина хаам бац школашкахь рейдаш дIайахьарх. Урхалло иштта йина комментарий йац дешархойн телефонаш чу хьийсарх лаьцначу информацих.

  • Хьалхо хаамбира Росгвардин резервхошна а, ГИБДД-н белхахошна а юкъахь Хьалха-Мартанахь хиллачу конфликтан тешаш хила тарлучу нехан телефонаш листарх.
  • Нохчийчуьра Эвтарахь хиллачу "Горный ключ" пионерийн лагерех база йан гIерта мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, Оьрсийчоьнан берийн омбудсменан Львова-Белова Мариян а юкъахь йолийна проект кхочушйархьама аьлла, дIакхайкхийра. "Паторитикехь кхетош-кхион" пачхьалкхан кхечу регионашкара бераш дара цига далош.
  • 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4984 стаг. Москва а, Москван кIошт а санначу йаккхийчу гIаланашкахь долчу хьолаца дуьстича дукха лахара дац и терахь. Байна нах наггахь бен карош боцчу регионашлахь а лидер ю Нохчийчоь.