Товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна Нохчийчохь муьлш бу цахуучу наха къиза йиттина "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Бакъоларйархойн хаамашца, Милашина дIасайаккха йиш йолуш йац дуккха а чевнаш йарна.
ТIелатар дина аэропортера Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь. Герзашца болчу наха кхаа машенца бихкинера адвокат а, журналист а чохь долчу машенан некъ. Цара шога йиттинера царна мийрашца а цхьаьна, йохийна церан техника, кхерамаш тийсина, коьрта тIе герз хIоттийна, хаамбина "Iазапашна дуьхьал йолчу Командо" (КПП).
Царна йеттачу заманчохь бевзаш боцчу наха маьхьарий диттинера: "Шуьга баьхнера. ДIагIо кхузара, кхин хIуммаъ ма йазде", дуьйцу "Мемориало". Лазийнарш карарчу хенахь дарбанан цIийнехь бу, церан чевнех лаьцна кхин сов даьккхина хууш хIума дац.
Ксения Собчакан "Кровавая барыня" телеграм-каналан хаамашца, Милишинин масех пIелг кагбина, цуьнан корта баьшна, баьццара молха хьаькхна коьртах, масийттазза тиларчу йахара иза, дIасайуьгучу хьолехь йац. "Новая газетан" информацица, Милашинин массо а кехаташ а, техника а хIаллакйина – кхин дIа шен болх бан гIора долуш йац иза. Телефонан пароль йоьхучу хенахь кегдина боху цуьнан пIелгаш. ТIечIагIбазчу хаамца, хье-туьта бу цуьнан лазийна, Буьри-ГIала иза дIайига дагахь бу.
Журналистийн хаамашца, Немов халла волало, вистхилар а гIад дайна ду. КПП-н бакъоларйархоша дийцарехь, адвокатан ког лазийна – хетарехь, уьрсаца йина чов йу.
ТIаьхьо "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс дIахьедарца, адвокатан а, журналистан а болх бахьана долуш йиттина царна- тIелеттачара дагадаийтина царна, цара дакъалаьцна, мел дийцина доллу гIуллакхаш,
Немовна а, Милашинина тIе дарбанан цIийне веанера полисхо, хиллачух цу шинга хеттарш дан – шиммо а дуьхьало йина цуьнца къамелдан, хIунда аьлча, маьIне дац, уьш ца теша, тIелатар толлург хиларх.
Лаха Новгородера лачкъийна йигинчу, суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамненан, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Цунна дуьхьал айдинчу бектакхаман гIуллакхехула тахана кхело сацам бара бан безаш – оцу тIехула йеанера Нохчийчу Милашина а. Колонихь даккха 5,5 шо тохар тIедожийна прокуратуро. Ша лазийна велахь а, оцу кхелехь дакъалаца лерина ву Немов.
- 2022-чу шеран чиллин-баттахь Украинана дуьхьал тIом болийча журналист Милашина Елена цхьана ханна дIайахнера Оьрсийчуьра, Нохчийчоьнан Iедалхоша кхерамаш тийсарна. Дечкен-бутт бовш Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь кхайкхамбира бакъоларйаран органашка, журналист лаца аьлла.
- Милашина Еленас Нохчийчоьнах лаьцна йазден дуккха а шераш ду, Нохчийчохь, цуьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахIоттийначу режимна критика йеш, дуккха а материалийн автор ю иза. Дечкен-бутт бовш Новая газетехь Милашинин материалаш арайевлира эмиграцихь бехачу Кадыровн критикех а, ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьабовларх а лаьцна.
- Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
- Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, сарташна тIе когаш биттира.
- Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.