ЯнгулбаевгIеран вежарийн Нохчийчуьра виъ гергарастаг нуьцкъаха тIаме хьажийна – церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарий Кадыров Рамзанан рожан критикаш бу. Абубакар бакъоларйархо ву, ИбрахIим, Бойсхар оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца воьзна ву.
Гергарнаш нуьцкъаха тIаме хьийсорах шен телеграм-каналехь дийцина Янгулбаев Абубакара. Цо бахарехь, вуьйцург ву цуьнан 55 шо долу ден ваша Янгулбаев Сайд-Ахьмад, вукху вешин ши кIант – Янгулбаев Юсуп а, Адам а, кхоалгIачу вешин кIант Янгулбаев Хьасан а. Адам, Юсуп, Хьасан воцург, кхин кIентий бац церан дайн. ХIинца дуьненчу даьллачу беран да ву Хьасан, Адаман а ду жима бер. Бераллехь туберкулез лайна ву Хьасан.
Сайд-Ахьмад, Адам пропагандистийн видео чохь гойтуш ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана арахецна йолчу – марсхьокху-беттан 7-хь "лаамхойн" рогIера тоба тIаме хьажорах дийцира цо. Бохура, Гуьмсарчу "спецназан университетехь" кечамаш бина цара.
Кавказ.Реалиин сайте йеллачу комментарехь Янгулбаев Абубакара дийцира, шен гергарнаш полицино бигина, "спецназан университете" дIакхачийра. Цигахь шина-кхаа дийнахь бира царна кечамаш, цул тIаьхьа "Ахмат" тобана йукъатуьйхира уьш, Украине а хьажийра.
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттаза дийцира, махкара ницкъахоша лечкъийна нах а цхьаьна бу тIаме хьийсош аьлла. Царех цхьаболчарна ультиматум хIоттайора: йа тIамтIе воьду хьо, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте воьду олий.
- Нохчийн оппозиционерийн Нохчийчуьра гергарчех а бора салтий. Масала,товбеца-баттахь политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант а Хьасан т1аме хьажийна хиларх хиира.
- Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
- Бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозицихочун Янгулбаев ИбрахIиман а да ву Янгулбаев Сайди. Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Мусаева диабетах бала хьоьгуш йу.
- Цкъа дуьххара Мусаевина кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира -дийцарехь, протокол хIотточу йукъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо".
- ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке йира Мусаева. Пхи шо, ахшо туьйхира цунна товбеца-баттахь набахтехь йаккха. Бакъоларйаран "Поддержка политзаключенных. Мемориал" тобано политикан тутмакх лерира Мусаева Зарема.
- Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.