Нохчийчохь тIеман хенахь  деллачу берах 20 эзар сом делла

Нохчийчоь, 2000 шо

Нохчийчохь 1999-чу шарахь тIом боьдучу хенахь федералан эскарийн карах деллачу кхо шо долчу берах Белореченскера яхархочунна Загудаева Натальина 20 эзар сом далар тIедожийна Краснодар-мехкан кхело.

Загудаеваен дешнашца, цуьнан кIант велла динчу тохаршкахь - 1999-чу шеран Лахьан-беттан 3-чохь царна улло хIоъ кхеттера.

"Шен вердиктехь вийначу сан кIантах а, ас хьегначу баланех а кхелахочо компенсацин барам 20 эзар сом ду аьлча, сайх цабашар, кхардар хийтира суна", - даладо Загудаеван дешнаш «Кавказскйи узел» гIирсо.

Цо билгалдаьккхира, кхелах пачхьалкхана делла 25 эзар сом а – компенсацел алсам дара аьлла.

"Веллачуна нанна аьлла, оха компенсацин хIоттийна мах 2 426 000 сом бара[...]. Хьалхо кхелаша и факт къобал ца йора, цундела компенсаци а ца еллера. Тахана аьтто баьллера. Кхело бакъ дира, бер даларан бахьана. ЛартIахь компенсаци ма яц иза веллачу стагах луш йолу. Кассаци чу а луш, оцу хаттарх оха йист йоккхур ю аьлла, тешна ву со", - дийцина Загудаеван адвокато Меликов Сергейс.

  • Стохка ЕСПЧ кхело 453 300 евро компенсаци кхачийра, 2010-чу шеран Чиллан-беттан 11-чохь динчу тохаршкахь байинчийн гергарчарна. ГIалгIайчу хьонка баккха баханера хIетахь ТIехьа-Мартанан кIоштара 200 бIе гергга вахархо. Эскархоша хьуьнхахь дина тохарш бахьана долуш вийра Татаев Мовсар а, Катаев Шемал а, Сусаев Рамзан а, Дохаев Мовсар а, Вахаев Майр-Iела тIепаза вайна лоруш ву. Мутаев Iадлан лазийра спецопераци дIахьош.
  • 2016-чу шарахь чолхе чевнаш йина хиллачу Нохчийчуьрчу Сельмен-Тевзанарчу вахархочун Ширваниев Кюрин хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацамбира – 40 эзар евро компенсаци кхачийра цунна. Хьалхо Оьрсийчоьнан талламхоша ворхIазза дуьхьало йинера, Ширваниевна герз тоьхначу эскархошна дуьхьал бехкхзуламан гIуллакх айдан.