Нохчийчохь йагорг йуттучохь хиллачу эккхарна тIехула бензин кхоьхьу машенлелорхо лаьцна

Гайтаман сурт

ГIадужу-беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу йагориг йуттучу станцехь экхийтар хилира, 4 стаг вуьйш, царна йукъахь ши бер а долуш. Талламхоша хиллачунна бехке во йагорг лелоран машенлелорхо.

Республикехула йолчу Талламан комитетан урхалло хаам бина, оцу гIуллакхан хьокъехь шеконашца цхьа стаг лаьцна хиларх, цуьнан цӀе йаьккхина йац; урхалло бинчу хаамца, машенлелорхочо кхерамазаллин барам лар ца барна йаьлла цӀе. Шиъ, йа цул сов стаг валар аьллачу артиклца бехктакхаман гӀуллакх долийна.

LionTek олучу йагорг йуттучу станцехь эккхар хилира, Ахматан кӀоштарчу Мухьммад Ӏелин цӀарахчу проспектехь - "Грозный-Сити" комплексана а, масех дешаран хьукматна а, берийн клиникана а уллехь. Видеошка хьаьжча, цкъа хьалха цӀе йаьлла станцехь, цхьа хан йаьлча, йагорг латтош йолу бак иккхина, масех бӀе метр гена дӀа а кхуссуш.

Кадыров Рамзана дӀахьедира, гIуллакх шен тидамехь ду аьлла. "Шеко а йоцуш, низамо ма-бохху, жоьпе озор бу инцидентана бехке берш", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.

  • Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь 13 стаг а вуьйш йагорг йуттучу Дагестанера Plus станцехь эккхийтар хилира, станцин долахо лецира. Джанхуватов Марат бехкево кхерамзаллин барамаш лар а ца беш, хьелаш хIитторна, хаамбина Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло.
  • Шо хьалха республикехь рогӀера бензинан станци а иккхира: хIетахь велира 37 стаг, бӀе сов вара чевнаш йинарг. "И тайпа бохамаш кхин хир бац", - дIахьедира хӀетахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Йа цу тIехь Iуналла латточу органаша а, йа Ӏедалша а цхьа а жамӀ дина дац стохка хиллачу эккхийтарх, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.