Курскан кӀоштахь йийсаре лецначу Нохчийчуьра эскархошна йукъахь хила тарло цу махкара ТIехьа-Мартанан кӀоштарчу ВаларгтIера администрацин куьйгалхо хилла Зарахматов Мохьмад. Цунах лаьцна дӀахьедина нохчийн NIYSO оппозицин боламо. Кхечу хьостанашкара информаци тӀечӀагӀйина яц.
Кадыров Рамзанан рожана критика йечу наха дийцарехь, Зарахматов йуьртда хIоттийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедилларца. Оцу даржехь ша волчу заманчохь меттигерчу бахархошкара латтанийн дакъош схьадохуш хилла цо. Зарахматовна дуьхьал дуккха а латкъамаш бинчул тӀаьхьа, чӀагӀдо NIYSO боламо, иза балхара дӀа а ваьккхина, Украине тӀаме хьажийнера.
ВаларгтIехь йуьртда хилларг йийсаре вахарх лаьцначу хаамна Соьлжа-ГӀалахь комментари йеш йац. Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь хьахийна а вац Зарахматов Мохьмад.
Мангал-беттан 17-чу дийнахь Кадыровн критикаша зорбане йаьккхира Курскан кӀоштахь Украинан эскаро тӀелатар дечу хенахь йийсаре лаьцна бохучу Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан эскаран тIемалойх лаьцна масех керла видео. Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан нохчийн декъан пхи эскархо бен йийсарехь вац аьлла цкъачунна даредина "Ахмат" спецназан буьйранчас.
- Курскан кӀоштахь Украинан тIеман ницкъашна тӀелатар долийра мангал-беттан 6-чу дийнахь. Цунна дуьхьалбевллера ФСБ-н дозанхой а, эскаре кхайкхинарш а. Оьрсийчоьнан z-блогерша дийцарехь, регионехь доза лардеш хиллачу Кадыровн дакъоша дуьххьара тохарш дича шаьш ларйеш хилла позицеш дIатийсинера.
- Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а.
- Йозуш йоцчу Ичкерин агӀончашна йукъара лаамхойн дакъош кхидӀа а тӀом беш ду Украина Iалашъйеш. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент хилира карарчу хенахь вовшахтухуш йолу керла тоба лаьттачу меттехь.