Нохчийчоь шайчарна йу? Керла даржаш кхачадо Кадыровн гергарчарна кхин дIа а

Кадыров Рамзан а, цуьнан йоI Iайшат а

Нохчийчоьнан Iедалера даржашкахь хилла нах дехьа-сехьа баьхна йуха а: шегара дарж охьадиллира премьер-министро Хучиев Муслима, ткъа Кадыров Рамзанан 18 шо долчу кIантана а, 20 шо долчу невцана а министрийн портфелаш кхаьчна. ХIинца регионан куьйгаллера 23 даржах йалх дIалаьцна Кадыровн бераша а, невцарша а, кхин а пхиъ – кхечу гергарчара а, йуьртахоша а. Москвано бIаьргаш хIунда хьаббо оцу низамаш дохорна, муха болх беш йу республикера Iедалан система, Кадыровн гергарчарна хьалхара болх а хьан бийр бу, хаьттира Кавказ.Реалии сайто эксперташка.

Хучиев Муслим кIезигчех цхьаъ вара Iедалхошлахь дешна, корматалла йолуш, дуьйцу цуьнан дарж охьадилларх Орсийчохь репрессин низамаш чIагIдарна шен цIе йаккха ца лиъначу политолого: "Вайн кхетам марзбеллачу кепера хьаькам вара иза, министрийн кабинетан болх нисбан а, федералан урхаллашца йукъарлонаш лелон а хууш".

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а санна – шегарчу даржах къаьстира иза стигалкъекъа-беттан 15-чохь. Хучиевс стенгахь болх бийр бу – цкъачунна аьлла дац Кадыровс. Федералан министраллашкахь департаментан куьйгалхочун тIегIанехь, йа министран гIовс хила йиш йолуш ву иза, аьлла хета редакцица къамелдинчунна: "Москварчу кабинеташкахь Кадыровна шен нах дIахIиттон лаар ду и. Соьлжа-ГIалане хьаьжча, цигахь дикка лаккхара конкуренци йу кандидаташлахь, лаккхара тIедахкарш а ду, цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочун дийзира шен куьйгакIеларчу хьаькамах вала, билггал иза вара ишта болх балур болуш".

Цкъачунна регламентехула премьер-министран декхарш кхочушдеш ву Хучиевн хьалхара гIовс – автомобилан некъийн министр Тумхаджиев Iийса, Кадыровн нуц лоруш ву иза.

Бераш, невцарий, кхинболу гергарнаш

Стигалкъекъа-беттан 21-чохь дийца даьккхира, Кадыровн 18 шо долчу воIана Ахьмадна спортан министран дарж даларх – хьалхо кегийрхойн гIуллакхашкахула министр вара иза. Цунах мукъадаьллачу гIента хаийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун 20 шо долу нуц Висмурадов – меттигера министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс Висмурадов Абузайдан кIант, цуьнгахь йу регионан урхалхочун йоI.

ДуьххьалдIа интересийн конфликт хиларал совнах, керлачу даржашка хIиттор цхьана ца догIу куьйгаллехь болчу хьаькамийн квалификацин тIедахкаршца, кхин дIа дуьйцу шен цIе ца йаккхар дехначу Оьрсийчоьнан политолого. "Оьрсийчоьнан Федерацин бахархойн пачхьалкхан гIуллакхдарх" низамехула министран дарже хIотточу стеган лакхара доьшийла чекхъйаьккхина диплом хила деза.

Нохчийчоьнан спортан министраллин сайтера биографихь йаздина ду, 18 шо долчу Кадыров Ахьмада цхьа "Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан цIарах дешаран Центрехь" дешна. 2021-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан студент лоруш ву Висмурадов Рамзан, лаккхара доьшийла чекхъйаьккхина иза хиларх биографихь йаздина хIума дац.

Таханалерачу мехкан урхаллин декъахошлахь бу Кадыров Рамзанан гергарнаш а, йуьртахой а:

  • Висмурадов Абузайд – вице-премьер ву. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьаьна школехь дешна, цуьнан доттагI ву иза, цул совнах захалой а бу уьш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а санкцийн тептарехь а ву.
  • Таймасханов Бекхан – вице-премьер – Оьрсийчочьнан президент волчахь йоллу бакъонаш йолу Нохчийчоьнан векал ву, Кадыровн йуьртахо ву иза.
  • Кадырова Iайшат – вице-премьер. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI. Иза а йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а санкцеша лаьцна.
  • Мацуев Висхан – вице-премьер, йуьртабахаман министр. Кадыровн нуц ву.
  • Таймасханов ГIалас – Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куьйгалхо ву, Кадыровн йуьртахо а.
  • Дааев Хож-Бауди – дешаран, Iилманан министр, Кадыровн гергара стаг ву.
  • Алханов Адам – могушалла Iалашйаран министр, Кадыровн йоI Хадижат йу цуьнгахь.
  • Черхигов Рамзан –транспортан, зIенийн, терахьаллин кхиоран министр ву. Кадыровн йишин Зарганан хIусамда ву.

Кадыровн метта?

Пачхьалкхан урхаллин Iеминчу системех къаьсташ ду Нохчийчоьнан урхалла, шахьара санна лаьтта и, билгалдоккху "Transparency International – Оьрсийчоь" организацин куьйгалхочо Шуманов Ильяс: "И доьзна ду, респубикера Iедална тIехь федералан центро контроль латтор чIогIа формалехь хиларца, ма-дарра аьлча, данне а дацарца. Iедал вовшахтохаро Iарбойн Эмираташ а, СаIуда Iаьрбийчоь а, йа Катар дагатосу шайн доьзалхойх-гергарчех Iедал лаьтташ долу. Уггар а тамашен ду, Москвано и магийтар".

Тоъал зеделларг, корматалла йоцчу Кадыровн къона гергарчара муха куьйгалла дийр ду министраллийн бохучух лаьцна дуьйцуш, Шумановс тIетуху: Нохчийчохь дешна, хьекъал долу нах бу, урхалла даран Iалашонаш кхочуш йалур йолуш. Цунна хетарехь, шолгIачу меттигехь бу уьш, амма коьрта сацамаш цара тIеоьцу, системе болх а бойту.

Кхин дIа а шен клане мехкан урхалла далур ду аьлла, Москвана дIагайта хьийза иза

"Кадыровна оьшуш ду шен нах дIахIиттор, шен могушалла кхин а тIе эшна, республикера Iедал хийцахь ларвалархьама. Оцу тIе далахь цуьнан уллора тешам болу нах хир бу коьртачу даржашкахь. Оцу йукъанна цу тайпа министраша, тамаш бу, ресурсашкахь а, портфелашкахьа а шога къийсам латточу федералан тIегIанехь карьера йахь. Хучиев Муслим, йа президентан администрацин керлачу структурехь пачхьалкхан куьйгалхочун гIоьнчан дарж кхаьчна Эдельгериев Руслан санна болу, дешна, корматалла йолу нах оьшу", - дерзийра "Transparency International – Оьрсийчоь" организацин куьйгалхочо.

Шен доьзалхой хIуманна пайден бу бохуш, тоьшалла дан гIерта Кадыров, тIетов иштта Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат а: "Кхин дIа а мехкан урхалла дан хьакъ йу шен клан аьлла, Москвана дIагайта хьийза иза. Генарчу шен гергарчу нахе дарж дала а ур-атталла ца лаьа цунна, иза тешна ву, шен берашкахь Iедалан мукъ бита ницкъ кхочур бу шен аьлла".

Цхьа йоккха мафи санна дIахIоттийна йу Нохчийчуьра урхалла даран система, дусту Карловн университетера социалан Iилманийн факультетан белхахочо, политолого Дубровский Дмитрийс. Цуьнан хьесапашца, Iедал цхьанга дIадала дезаш хIоьттинчу хьолехь "чIогIа коьрта ду йоллу йесалла дIайукъа, жимма а резадацар а дIакъовлуш".

Маьхчошлахь дикка хьаьжча кхин а цхьаъ каравойла ду

Нохчийчуьра Iедалан а, 1990-чу шерашкахь кхоьллинчу "Озеро" кооперативан системина а йукъара цхьанадараш далийра Дубровскийс. Путин а, цуьнан гонера масех стаг а вара цу йукъахь, тIаьхьо урхаллехь коьрта даржаш дIалийцира цара, йа баккхий бизнесхой хилира царах

"Путинан доьзал жима бу, массанхьа а цуьнан йоьIарий ца ларабо. Кадыровн - тоъал бу, маьхчошлахь а карор ву цхьаъ дикка хьаьжча. Генеалоги кегийча, Нохчийчуьра урхаллин гонашкахь хуьлийла ду Кадыровн генара гергара нах а, йуьртахой а", - дерзийра политолого.

Кавказ.Реалии редакцино зорбане даьккхира мехкан пачхьалкхан структурашкхаь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах мел волчу стагах дуьззина тептар.

  • Нохчийчуьра Iедал цIеххьана хийца дезахь а бохуш, Кремлехь сценарий кечйан буьлабелла аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан могушалла йуха а йийца йаьккхина. Бахьана ду боху политикан лазар чIагIлуш хилар. Шен ма-хуьллу, массо а агIор и бакъ дац бохуш, нах тешон хьийза мехкан урхалхо, масала, спортзалехь йохучу роликашца. Кадыровн стогаллин сибат хIинца ледара догIу иза цомгаш ву бохуш лелачу хабаршца, ткъа цуьнан и "бакъцадар" – халкъана, мостагIашна, Оьрсийчоьнан Iедална башха бIегIийла долу сигнал йац, аьлла хета Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна.
  • Хьалхо Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь политологаша верси хьахийра, могушалла Кадыровн телхина йогIу бохуш, даьржинчу йукъанна Нохчийчоьнан урхалхочун метта хIоттон тарло Даудов Мохьмад аьлла. ШолгIа хила тарлу кандидатура йу бохура Алаудинов Аптин, тIеман министраллехь доккха дарж деллера цуьнга.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьал йехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан хIусамнанна Меднина а, Хазуева Фатимина а, иза шолгIа зуда лоруш йу. Ишта кхоалгIа зуда лоручу Ахмадова Амнатна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIаршна, вице-премьер йолчу Iайшатана а, Хадижатана а, Табарикна а, шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а. Цул совнах санкцеш кхайкхийра "Фирдаус" модин цIенна а, и диллинарг йу Кадырова Iайшат.