Нохчийчохь кхуллуш йу Дуьненайукъара кегийрхойн цхьаьнаболхбаран офис. Цуьнна куьйгалла дийр ду республикин куьйгалхочун 25 шо долчу йоӀа Кадырова Ӏайшата, регионан Ӏедалан куьйгалхочун гӀовсан даржехь а йу иза. Иштта, цуьнца цхьана урхаллехь хир ву 20 шо долу Висмурадов Рамзан, гурахь кегийрхойн гӀуллакхашкахула министран дарже хIоттийна иза. Кадыров Рамзанан йоI Кадырова Табарик йу цуьнгахь.
Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохьмада куьг йаздинчу документаца а догӀуш ду, керлачу офисо республикан Индонезица йолу йукъаметтигаш дӀанисйийр йу аьлла, хIун Ӏалашонца - билгалдаьккхина дац.
Индонези — Къилба-Малхбален Азин пачхьалкх йу, бахархойн дукхаллица дуьненахь 4-гӀа меттиг дIалоцу цо (270 млн адам, дукхахберш бусалба дин лелош бу), экономикан гайтамашца 8-гӀа меттигехь йу. Пачхьалкхан лаам бу Москваца цхьаьнаболхбан а, БРИКС-на йукъайаха а. Иштта, Украинехь тӀом болабелча, Оьрсийчоьнна дуьхьалйаьхна дуьненайукъарчу санкцешна гIортор ца йира пачхьалкхо.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан иттаннаш гергарнаш бу республикехь кеп-кепарчу Ӏедалан даржашкахь. Цу тӀехь цхьана а кепара интересийн конфликт ца го хьаькамна а, Ӏуналла дечу хьукматашна а. Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино гулдинера Нохчийчохь пачхьалкхан гӀуллакхехь болх бечу КадыровгӀеран тайпанах болчу нехан дуьззина тептар.
- Нохчийчоьнан урхалхочо дIакхайкхийна мехкан куьйгаллехь бинчу хийцамех лаьцна. Цуьнан 18 шо долу кIант Ахьмад спортан министр хIоттийна – хьалхо кегийрхойн гIуллакхашкахула министр вара иза. Цунах маьршадаьллачу дарже хаийна цо Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан 18 шо долу кIант – Висмурадов Рамзан. Кадыров Рамзанан йоI Кадырова Табарик йу цуьнгахь.
- Нохчийн мотт Iалашбан, кхион вовшахтоьхначу экспертийн кхеташонан дIахIоттам карлабаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зазадокху-баттахь, шен йоI Хадижат (Карина) а, кIант Ахьмад а цу йукъа а тухуш.