Нохчийчоьнан Iедалхоша диллина дIакхайкхийна журналисташка бертаза кхаж тасийтарх

Соьлжа-ГIалахь харжамаш бирзинчул тIаьхьа кхаьжнаш дагардар. 2024-чу шеран зазадокху-беттан 17-гIа де

Нохчийчоьнан къоман политикан, зорбанан, информацин министраллин куьйгакIелара хьукматийн ши эзар сов белхахо зазадокху-беттан 16-17-чохь Оьрсийчоьнан президантана "кхаьжнаш таса" валийра. И хаам бу урхалло кху шеран хьалхарчу кварталехь бинчу балхах лаьцна официалехь хIоттийначу чоьта тIехь.

Соьлжа-ГIалин мэрин планаца, зорбанан министралла "декхаре хилла кхаьжнаш таса 605 стаг денна валон, кхаа дийнахь хуьлу уьш 1815", аьлла ду документа тIехь. Оцу йукъанна кхаьжнаш тесна 1902 церан куьйгаллехь йолчу хьукматийн белхахочо, йа хьулу и 5 процентана алсам.

Цу тIе, Ахматан администрацин дехарца, Старая Сунжа эвлахь "планехь доцуш кхаьжнаш тийсина" номер 399 йолчу декъехь. Цига хьажийнера Кадыровн цIарах йолчу "Некъ" телекомпанин а, "Чечня Сегодня" агенталлин а 95 журналист. Кхаьжнаш боьлхучу кхоалгIачу дийнахь – зазадокху-беттан 17-чохь, "планехь доцуш къаьжнаш тийсира" ЧГТРК "Грозный", "ГТРК "Вайнах" телехьожилийн 250 белхахочо номер 439 йолчу куьпахь.

Коьртачу хьесапехь аьлча Нохчийчоьнан зорбанан министралло харжамашка хьажийна 2247 стаг, Iедало шайна хьалха хIоттийна план 24 процентана кхочушйеш.

Церан чоьтехь йаздарца, ЧГТРК "Грозный" телеканалан базехь дIайазбина, арахецна 89 хаам, харжамашкахь дакъалацар коьрта хиларх дуьйцуш. Цу йукъахь дакъалецира хьаькамаша а, динан векалша а, йукъаралхоша а. Нохчийчуьра кхаа телекомпанин эфирехь гайтина харжамех лаьцна 2359 материал сайташка хIиттийра - 3241.

Зорбанан министралло дIакхайкхийна, "министраллин массо а белхахоша а, цунна чу йогIучу хьукматаша а жигара дакъалацарх зазадокху-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан президентехьа урамашкахула дIасабахарехь. И барам хIоттабале де хьалха 1АДАТ боламо, цигахь дакъалаьцначарна тIетевжина хаамбира, студенташ а, бюджетан белхахой а нуьцкъаша митинге бахийтарх. Iедалхоша дIахьедира, митингехь а, оцу барамехь а 150 эзар стага дакъалаьцна аьлла.

Президентан харжамаш тIекхочучу заманчохь харжамхойн бакъонашкахьа болчу "Аз" боламо Оьрсийчоьнан низамна тIетовжарца дагадаийтира харжамашкахь бертаза нахе дакъалацийтар магош цахилар.

  • Дуьххьара кхаа дийнахь дIабаьхьна Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дагахьбиссина бозуш боцу кандидаташ йукъа ца битарца а, фальсификацеш лелорца а, жигархой лецарца а. Оцу йукъанна, репрессеш лелош, нахана кхерамаш тийсинашшехь, йаккхийчу гIаланашкахь, иштта Красндарехь а, Ростовехь, а Волгоградехь а оппозицино дIакхайкхийна "Делкъе Путинна дуьхьал" акцеш хIитттийра.
  • Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь наха кхаьжнаш тасар рекорде хилла ца Iаш – 97% сов, жамIаш а цхьаьна хилла. Iедалхоша чIагIдарехь, кхузахь Путинна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, республикин бахархоша 2000-чу шарера схьа дуьйна кхаьжнаш муха тийсира а, фальсификацеш лелор билггал Соьлжа-ГIалара схьадеана Оьрсийчохь даьржина дуй а.
  • Кху шарахь Нохчийчуьра бахархошка кхаьжнаш тийса бохуш, жигара кхайкхамаш бора динан урхалло. Кавказ.Реалиино дуьйцу, динан факторх муха пайдаийцира регионехь.
  • Харжамхойн бакъонаш Iалашйечу "Аз" боламан карти тIе цхьа хаам кхечира Нохчийчуьра: Шела кIоштара анониман авторо хаамбинера харжамашкахь "фальсификацеш" лелорах. Хьалхарчу дийнахь кхузза кхаж тасийтира шега бохура цо, кеп-кепарчу дакъошкахь, шолгIачу дийнахь – кхин а деа декъехь. Оцу кепара кхаьжнаш тийса бахархой микроавтобусашкахь дIасалелабора.
  • Харжамашка болчу шайн сатийсамех дийцира Кавказ.Реалии сайтана къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара жигархоша.