Кадыров Рамзанан йоьIаршна керла даржаш кхочу, совгIаташ лехьадо цара, бизнесера пайда а хуьлу царна. Нохчийчоьнан урхалхочунна луьйш болчара цунах кхетадо матриархат йаржорца, политикан цхьахйолчу йоIа мехкан урхалла дан тарло аьлла а хета царна. Оцу йукъанна Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дагадоуьйту: республикера зударийн бакъонаш эшош хилар, ткъа шайна хеттарг дан йиш хилар Кадыровн гергарчу зударийн.
Официалан хаамашца, Кадыров Рамзанан йалх йоI йу. 25 шо долу Iайшат мехкан вице-премьеран даржехь йу. 2020-чу шарахь цкъа хьалха регионан культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь министр хилира цунах. Цуьнан хIусамда Мацуев Висхан стохка товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра.
Билгалдоккху, Iайшатан белхан декхаршна йукъадогIу иштта Нохчийчуьра зударийн бакъонаш хьешарца доьзна хеттарш а, хIунда аьлча, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь зударийн интересашкахь къоман стратеги кхочушйийр йолчу кхеташонан декъахо а иза хиларна. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгахула йолчу исс комиссина а, кхеташонна а йукъа а йахара иза 2023-чу шеран гIуран-баттахь
Кадырова Хадижатан (шолгIа цIе Карина йу) дукха хан йоццуш 24 шо кхаьчна. Шен 20 шо долчу хенахь Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан куьйгалла деш йара иза, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин а, министрийн кабинетан а куьйгалхочун хьалхара гIовс йира цунах. Цуьнан цIийнда Алханов Адам могушалла Iалашйаран министр ву.
21 шо долу Кадырова ХутIмат – (Хеди) Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан урхалхочун гIовс йу. Иштта республикехь могушалла Iалашйаран сферехь куратор а йу иза. Официалехь иза маре йахарх хаийтина дац. ХутIматан хIусамда – 26 шо долу Садулаев Лом-Iела Нохчийчуьра страхованин фондан директоран хьалхара гIовсан даржехь ву. Хьалхо Грозненскан кIоштара Оьрсийчоьнан Пенсхойн фондан декъан куьйгалхочун гIовс вара иза.
19 шо долу Кадырова Табарик бизнесхо йу боху, официалехь цунан долахь йу 12 коммерцин компани. "Соьлжа-ГIалин такси" компани кхоьллина цо. Чиллан-бутт бовш дийца даьккхира, Табарика йиллина бохучу "Ирс-Груп" компанино стохка 203 миллион соьмана мах бина хилар, 196 миллион сом цIена пайда хиларх а, декларацихь билгалдаьккхина и. Цуьнан майра, 20 шо долу Висмурадов Рамзан, 2022-чу шеран чиллан-баттахь "Ахмат" клубан коьрта директор хIоттийра. Кадыровн йоьалгIачу йоьIан хIусамда ву – "Терек" спецназан командир, политологана Кутаев Русланна хетарехь, "вассалийн лами тIехь Кадыровна массарел а уллохь лаьтта" Висмурадов Абузайдан, кIант.
Кадыровн важа ши йоI, Iашура а, Эсет а (11 а, 9 шераш ду) пачхьалкхан даржашкахь йац цкъачунна.
КХИН А ХЬАЖА: Монархих ловзар: шен Iедал муха чIагIдо КадыровсЗудчо урхалла дойла йуй Нохчийчоьнан?
Кадыровн критико, оппозицин NIYSO телеграм-каналан анониман авторо "оккупаци йинчу Нохчийчоьнан коьрта феминист" олу цунах. Кадыровн йоьIарийн политикан а, бизнесан а карьера "матриархат жигара йаржор" ду бохура цо. Церан оцу посташна бухахь къийсамаш бу дIахьош, политикехь а, бизнесехь а карьера йалур йуй нохчийн зудчуьнга бохуш. Цара дуьйцу, Кадыровн цхьахйолу йоI мехкан урхалхо хIоттон тарло бохуш.
Нохчийчохь "зударийн Iедал" дIахIоттон хьесап ду бохуш, хьалхо шена хетарг элира нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
"КадыровгIеран хиндерг, нагахь и делахь а, цуьнан зудаберашна тIехь ду. Вай цкъа а чоьте хIунда ца оьцу уьш? Стен новкъарло йийр йара Путинан администрацина, масала, цуьнан йоккхаха йолу йоI, йа йуккъерниг чIагIйан? (…) Цуьнан воIарий билггал хIумана пайден бац, царна тIехь цо мел чIогIа къахьегарх: йа хьекъал дац, йа ницкъ бац, йа хIилла а, йа харизма а – и ма ду уггар а коьртаниг. И дерриг а осалчу хьехамчех доьзна а, политикан карьера йан дала похIма делла ца хиларна а ду. Ткъа йоьIарий бераллера схьа дуьйна Iамийна бу герз тоха а, куьйгалла дан а, бизнес лелон а, йукъараллин стандарташна а, жигара администартиван ресурсех пайда а оьцуш", - йаздинера Янгулбаевс.
КадыровгIеран хиндерг, нагахь хилахь а, цуьнан йоьIаршна тIехь ду
Оцу йукъанна Кадыровс ша 2021-чу шарахь бехира, Нохчийчоьнан урхаллехь зуда хуьлийла дац.
Нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона а хета, Кадыровс кIантах Адамах шен "тIаьхьало" йан тарло аьлла. Делахь а, цо иштта дIахьедира, Кадыровн массо а берана, йоьIаршна а цхьаьна, лаккхара политикан даржаш луш ду аьлла.
"Цуьнан зудабераш – цхьаъ министр йу, важа вице-премьер. Бераш дукха ду цуьнан, уьш дерриш а дIанисдан деза, ахчанаш тIедогIучу меттигашка, Кадыров цу тIехь къахьоьгуш ву", - элира Тумсос "Популярная политика" ютьюб-каналан эфирехь.
"Проблема зударшца йац"
Бакъоларйархочунна, доьзалехь гIело хьоьгучарна гIо дечу Анохина Светанина хетарехь, Кадыровн "феминизмех" лаьцна баккъал а дуьйцийла йац.
"СовгIатна делла даржаш мичча хенахь а схьадаха йиш йолуш ду. Кадыров капитал шен карахь сацон хьийза, шен доьзална мел оьшург латтош. Бизнес хьан хуьлийла дац, нагахь и хьуна йеллехь. Зуда маьрша йу олийла дац, цхьанна лаарна цуьнгара йоллу маршонаш дIайохург хилча: муьлххачу а секундехь таронех йаккха тарло, бизнес лело-м стенна дуьйцура, чуьра арайала а дехка мега", - бохура Анохинас.
Бизнес хьан хуьлийла дац, нагахь и хьуна йеллехь. Зуда маьрша йу олийла дац, цхьанна лаарна цуьнгара йоллу маршонаш дIайохург хилча
Цунна хетарехь, Кадыровна оппозицихь болчу цхьаболчу блогерша бехкево иза гIиллакхаш дохорна. Амма цара шаьш а ма дохадо Кавказехь лелаш хилла ламасташ "эхь-бехк доцуш сийсазбо Кадыровца боьзна берриш а, цуьнан йоьIарий а, цуьнан нана а, зуда а".
Анохинас дагадоуьйту, Кадыровн йоьIаршна керла совгIаташ даларх бечу хаамашца цхьаьна кхечу кепара хаамаш а ма кхочу, масала, хьалхо лачкъийна хилла Сулейманова Хеда йийна хила тарло аьлла. Цуьнан дешнашца, Кадыровн доьзалан хьал доьзна дац "матриархатца", йа зударийн хаттарца а, йа зударийн маршонашца а.
Цунна хетачунна тIетов Къилбаседа Кавказера социолог, цуьнан цIе йоккхур йац оха, кхерамзалла ларйеш.
"Нохчийчохь гуттар а хилла бизнесехь, Iилманехь зударий. Лаккхара позицеш магийна зударийн билгалдаьккхина терахь хилла республикехь даим а. ЧIогIа хала ду, магийначун гурашкара бовла йиш йоцчу зударийн дахар. Цундела хаттар матриархатаца доьзна дац, клан чIагIйарца ду", - боху талламхочо.
Редакцица хиллачу къамелехь политолого Айсин Руслана дийцира, критика йоьзна хила тарло нохчийн ламастин идентификалла йохорца: " Нохчий бIешерашкахь летта бу Оьрсийчоьнан империна дуьхьал. Тахана вайна гуш ду, и ламаст дохо хьийза Кадыров, цуьнан баххаш а цхьана хIаллакдина. Цо боккъал а хуьйцуш ду гIиллакхаш. "Патриархат" йу и, йа "матриархат" йу – ас дийцаредийр дацара оцу кепехь, хIунда аьлча, рожан бух кхечуьнца бу: шен гергара нах хьалхатеттарехь, цхьана доьзалехь Iедал диссийта. ТIаьхьарчу тIаьхьене кхочу монархи йу аьлла хета суна хIара".
Нохчийн цкъа а хилла бац паччахьаш, эланаш, кхин дIа дуьйцу къамелдечо: "Тахана вайна гуш ду, нохчийн йукъараллехь вон трансформаци йу хуьлуш: мехаллаш хуьйцуш хиларо кхерийна дуккхаъберш, цо кхерам латтабо. Цундела со кхета, Кадыровн рожехь эгIаза меттиг карийна, цунна луьйчу критикех".
Рожан бух кхечуьнца бу: шен гергара нах хьалхатеттарехь, цхьана доьзалехь Iедал диссийта
Айсина иштта дагадаийтира, зударийн бакъонаш республикехь ларйеш цахилар, божарийн а санна. Цунна хетарехь, Кадыровн критикаша феминизмех дIахьедарш до "тIамтIехь муьлхха а гIирс дика бу" аларца. Делахь а, билгалдоккху цо, нохчийн йукъараллехь йац йозуш йоцу зударийн политикан вектор.
Страсбургера маьждиган имам хиллачу, Европера нохчийн Ассамблейн пресс-гIуллакххойн хьалханча лаьттинчу Албаков Шемала элира, Мохьмад Пайхамаран хIусамнана Хадиджа йевзаш зуда хилла йу, йохка-эцар лелош а йара цо аьлла. Цо бахарехь, бизнес лелон луучу зударийн бакъонашна исламо дозанаш ца детта.
"Бизнесца йац проблема, коррупцица а, нуьцкъаша ахчанаш дахарца а йу. И дерриг а дихкина ду КъорIанера йозанашца", - бохура Албаковс.
Цуьнан дешнашца, исламан низамашца догIуш дац Нохчийчоьнан урхаллехь волчу Кадыровс лелориг: "Iазап латтор, харцо, нах хьийзор – и бахьана долуш Везачу АллахIа дийнна халкъаш хIаллакдеш хилла. Масала, Шоип пайхамара тIе ца эцна къам хIаллакдинера, цара нах Iехорна, цаьргара бахам схьабаккхарна, жоьлкалла лелорна. Оцу кепара хIуманаш магийна дац. Цундела проблема зударшлахь йац".
- Даржаш доцург а, Кадыровн зудаберашна кест-кеста совгIаташ а ло. Масала, кху шеран чиллан-баттахь Кадырова Iайшатана "ДНР-н лаккхара орден йелира, ткъа Хадижатна – Кадыров Ахьмадан мидал.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь, шайн бахархошна а, резиденташна а бизнес лело дихкинчу нахах хIоттийначу Iаьржачу тептаре йазвира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цуьнан доьзалхой а. Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а санкцеш дуьхьал йехира Украинера тIамца доьзна а. Тептаре бехира Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIарий Iайшат, Карина (Хадижат), Табарик а.
- Кадырова Iайшат а, Хадижат а санкцийн тептаре йазйина Америко а, Евроберто а, Японис а.
- Пачхьалкхан даржаш кхочу цуьнан берашка, йижаршка, невцаршка, вешин, йишин берашка. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан гергарчех дуьззина тептар.