Нохчийчоьнан куьйгалхо даржах мукъа витар тIедожош петици тидам боцуш йитина Кремло

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь песков Дмитрий

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржах ваккхар тIедожош йолийна петици дош ца хетта Кремлана. Цуьнах лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Change.org платформина тIехь боьду кхаж юьхьйоцуш бу, боташца гулбина хила а тарло, аьлла хета цунна. Бакъду, сайта тIера муьлхха петицина кIел вазвала луург декхаре ву шен ц1е, фамили, электронан почта а язъян.

Кадыров шен даржах ваккхар тIедожош петици Чиллан-беттан 7-хь Change.org платформина тIехь гIаръяьккхинарг ву оьрсийн оппозицин политик Яшин Илья. Цо дийцина, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочо дукха низамаш хьешарца доьзна хилар. Оппозиционера тIе тидам бахийтина Кадыровс журналисташна а, бакъоларъярхошна а биллина кхерамаш тийсарна. ХIара хаам гIарабоккхучу юкъанна петицина кIел куьг яздина 103 эзар стага.

  • Кадыров Рамзан, цуьнан доьзалхой, юххера гонера нах а бехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре саццанза адамийн бакъонаш хьешарна бехке беш. ХIокху шарахь Кадыровн гонахьара хьал марсаделира цо бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална кхерамаш тийсиначул тIаьхьа. Хьалххо лачкъа а йина чуйоьллира цуьнан нана Мусаева Зарема. Малхбузера мехкаша тIедожийра иза маьршаяьккхар, ткъа Кремл оцу хIоьттинчу хьолана юкъа ца гIоьртира.
  • Чиллан-беттан 3-чу дийнахь Путин Владимиран Москвахь цхьанакхетар хилира Кадыровца. Официалан хаамашка ладоьгIча, цара дийцаре дира Нохчийчуьра социалан, экономикан хьал, нацпроекташ кхочушъяр а, демографикан гайтарш а, амма ца дийцира ЯнгулбаевгIар хьийзорах лаьцна.