Нохчийн куьйгалхочо тIедожийна хьаькамашна йуьртахойн туьканашкара декхарш дIадала. Кадыровн фондо токхур ду и

Джалкха, архивера сурт

Оьрсийчоьнан парламентера Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханолв Адама дIахьедина, шен дай баьхначу Джалкхера таро йоцчу нехан туьканашкара декхарш Кадыров Ахьмадан гIоьналлин фондо текхна аьлла. Цул а хьалха мехкан урхалхочо тIедожийнера хьаькамашна, и декхарш дIало аьлла.

Цунах лаьцна Кадыровс дIахьедира, регионан социалан-экономикан кхиорах лаьцна хеттаршкахула йолчу кхеташонехь, хаамбина РИА "Новости" агенталло. Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин урхалхочун хьалхара гIовс йолчу шен йоIера Хадижатера хиира шена аьлла цо, меттигерчу бахархоша кест-кеста тIедиллина туьканашкара кхача-сурсаташ хьуш хиларх.

"Дика хира дара, и декхарш церан дIатекхча. Дика хир дара, хIораммо а цхьацца меттиг шена тIелаьцча. И декхарш царах охьадехкича. Суо вехачу кIоштахь долу нехан декхарш ас токхур ду", - тIетуьйхира хьаькамо.

Йеарин дийнахь Делимханов Адама шен телеграм-каналехь дIахьедира Джалкхера туьканашна бахархой кхин дIа декхар цахиларх. Цо бохура, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан гIоьнца дIайаьхьнера акци, баркалла элира цо Кадырова Хадижатна. Публикацица цхьана хIоттийна видео йу, цу тIехь меттигера хьаькамаш масех туькана а боьлхуш, хIора туьканахь йохкархочуьнга конверташ дIало.

  • Карарчу хенахь Нохчийчоьнан урхаллехь волчун ден Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу фондан куьйгаллехь йу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана Кадырова Аймани. Организацих масийттаза элира "Кадыровн бохча", цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йехира Кадырова Айманина дуьхьал а.
  • Кадыров Ахьмадан фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а. Кавказ.Реалии сайто листира, хIун нийса дац Оьрсийчуьра уггар а йоккхачех, уггар а къоьвлинчу коммерцица йоьзна йоцчу фондаца, стенна дойъу цо ахча, царна тIехь терго латтон йезачара цаьрга хеттарш а хIунда ца до.
  • Делимханов Адам – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. Делимханов шеконашка ийцира, Москвахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, Кадыров Рамзанца девнехь хилла Байсаров Мовлади вийна цо аьлла. Иштта иза вузура ши ваша верца а – Оьрсийчоьнан парламентан депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулим а. Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис вуьйш цо дакъалацаран тоьшалла дина дац, амма оцу гIуллакхехь масийттаза йаьккхира цуьнан цIе.
  • Стохка зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзана дIахьедира "республикехь дерриг а вон дац" аьлла, цунна баркалла элира цо пачхьалкхан куьйгалхочунна. Кадыровс дIахьедира, 2022-чу шарахь регионо хьалхара позицеш дIалецарх белхазаллин тIегIехь, ДТП-хь беллачаьрца а, банкрот хиллачаьрца а, хIусам мехах алаца аьтто цахиларца а, уггар а кIезиг ахчанаш банке дахкарца а. Иштта республика нисйелира алапашца нийсо цахиларца а, бахархошлахь къоьлла хиларца а, пенсеш лахара хиларца а къастийначу гIад дайначу регионашлахь.