Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу воIана керла совгIат дина Кхарачой-Чергазийчохь

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов Рашид а, Нохчийчоьнан урхалхочун кIант Кадыров Адам а, думин депутат Делимханов Адам а, Черкесск, 2023-чу шеран 5-гIа де

Керла совгIат делла Кхарачой-Чергазийчохь Нохчийчоьнан урхалхочун пхийтта шо долчу кIантана Кадыров Адамна – мехкан муфтийс Бердиев Исмаила "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" аьлла I-чу барамера орден йелла цунна. И совгIат схьаэца Черкесске вахара Кадыров Адам Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волу Делимханов Адам улло а ваьлла. Оцу цхьанакхетарехь республикан куьйгалхчо Темрезов Рашида "Кхарачой-Чергазойн Республикана гIуллакхаш дарна" аьлла, регионан совгIат а дIаделира; и совгIат нохчийн куьйгалхочун кIантана дарх хаамбира гIадужу-бутт бовш.

Темрезовн официалан телеграм-канале хIиттийначу суьрташ тIехь Кадыров Адам камуфляжан духарца, Iаьржа берет тиллина ву, цо куьйг ло хьаькамашка, цаьрца цхьана стоьлан гонах хиъна а Iа. Кхарачой-Чергазийчоьнан урхалхочо билгал ца доккху, стенна дина совгIат Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, цуьнан метта цо дIахьедира, Оьрсийчохь цхьаалла ларйан йезаш хиларх, регионашна йукъара зIенаш чIагIйан йезарх, "глобалан дуьне дуьхьал даьллачу хеьлашкахь" ламастийн мехаллаш ларйан эшарх а.

Кху аьхка КъорIан дагорна Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа хIара "Умматана гIуллакхаш дарна" аьлла йелла орден хIинцале а доьалгIа совгIат ду Кадыров Адамна динчех. Республикин турпалхо цIе йелира 15 шо долчу Нохчийчоьнан урхалхочун кIантана, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан шолгIа мехала орден йелира цунна. Леррина цунна и совгIат дан веанера ГIезалойчоьнан куьйгалхо Минниханов Рустам, кхин а цхьа де даьлча дIакхайкхийра, Кадыров Адамна Кхарачой-Чергазийчоьно а орден йаларх.

Цул совнах, лахьан-беттан 4-чохь дийца даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант "доккхачу дарже" хIотторах шен ден кхерамзаллин сервисехь. ТIаьхьо Соьлжа-ГIалахь билгалдаьккхира, 15 шо долу Кадыров Адам "Нохчийчоьнан Республикин урхалхочунна кхерамзалла латточу декъан хьаькам хIотторах".

  • КъорIан дагорна Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь латточу Журавель Никитина йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна совгIаташ дала реза ца хилира ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой. Кадыров Рамзанан администарцин векалша 15 шо долчу Адамна "тIехIиттар" дехнера билгалйаьхначу регионийн Iедалхошка, хаамбира "Верстка" сайто, шайн хьасташна тIетевжина. Журналистийн хаамашца, Нохчийчоьнан куьгалхочун кIантана совгIат де аьлла хьехнарг Москва йац, Соьлжа-ГIалин лаам бу и. Федералан Iедалхошна "ца тов и", амма цкъачунна йукъагIерта а ца лаьа царна.
  • Аннекси йинчу ГIирмин вахархо ву Журавель Никита. Иза бехкевина Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагийна Делах тешачийн дог-ойланаш сийсазйарна, Соьлжа-ГIалахь лаьцна вуьтуш ву иза. Лахьан-беттан 2-чохь хиллачу кхелан кхеташонехь цо йуха а дийхира бусалбанашка, шена гечдар, цо элира ша КъорIан Iамош ву. Цунна дуьхьал айдичну бехкзуламан гIуллакхехула шаьш волайнхой ду аьлла 13 нохчийн имам йуха а ца веара кхелан ладегIаршка. Хьалхо Журавелян адвокатна дуьхьало йира оцу гIуллакха йукъара ваккха федералан суьдхо Дандаев Руслан. Адвокаташа тIедожийнера иза йукъараваккхар, цо дов хоттучу хенахь нийсо лелор йац аьлла.