Нохчийчоьнан куьйгалхочун Украинерчу экс-векалан гIуллакхехула бехкебечарна хенаш йиттина

Кадыров Рамзан а, Цицулаев Рамзан а (архивера сурт)

Хьарамлонаш лелорна, стаг лачкъорна, ахчаш дахарна тIехула долийначу гIуллакхехула кхел йина Москван Никулинан кIоштан кхело, гIуллакхехь коьрта бехкевийриг ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун Украинехь хилла волу векал Цицулаев Рамзан. Шен Цицулаевн гIуллакх къаьсттина толлуш ду, цуьнан хьокъехь сацам хилла бац.

Оьрсийчоьнан МВД-н коьртачу лехамийн урхаллин хилла волу оперхо бархI шарна шогачу рожан колоне хьажийна, ФСБ-н хилла волчу белхахочунна Марин Игорьна шиъ, ах шо йуккъерчу хьелийн колонехь даккха хан кхайкхийна, и таIзар цо хIинцле а кхочушдича санна лаьрра кхело, дуьйцу ТАСС агенталло, кхелан пресс-сервисна тIетевжаш.

Кхин а цхьаъ экс-оперхочунна Ольшанский Викторна цхьа шо, ши бутт колонехь даккха тоьхна, низамехь доцуш герз лелорна бехкевина, и таIзар кхочушдича санна лаьрра кхело. Стаг лачкъорна, ахчаш даккхарна долу цуьнан гIуллакх прокуратуре йуха а дерзийна, къаьсттина толлуш ду, "кхело и таллларехь хила тарло дуьхьалонаш дIайахархьама".

Талламан версица, гIуллакхехь дуьйцуш доцучу зуламашкахь дакъалаьцна волу Мадаев Хаважна а, Мохьмад-Салахьна а ворхI, ах шераш йуккъерчу рожан колонехь йаккха хенаш йиттина.

Цицулаев Рамзанан а, гIуллакхехула бехкевеш волчу Мадаев Джамбулатна а, Солталиев Мансурна а хьокъехь кхелан сацам бина бац, церан гIуллакх къаьсттинчу талламе хьажийна.

Хьалха хаамбора, Цицулаевна таIзар кхайкхор ца дехнера прокуратуро, тIаккха цуьнан хьокъехь ладегIарш сацийра, иза барамашкахь дакъалоцуш цахиларна. Ша вехачу меттера дIавахар дихкина волу Цицулаев кхеле ца веара гIадужу-беттан 17-хь. Соьлжа-ГIалахь шена дарба лелош вара и аьлла кхетийра цуьнан адвоката. Цицулаев лехамашка велла, дIалаца а кхайкхийна.

  • Бехкбуьллучийн версица, лаьцначу бизнесхочун хIусамненера 50 эзар евро ахча эцна Цицулаевс, СИЗО-ра цуьнан цIийнда аравоккхур ву ша аьлла, тIелаьцна. Цул совнах талламна хетарехь, Москварчу полицин лаккхарчу белхахошца цхьаьна 2014-чу шарахь Цицулаевс бизнесхо Закриев Iела лачкъош дакъалаьцна а, 100 миллион сов цуьнгара ахча а доккхуш.
  • 2014-чу шарахь полисхоша операци дIаяьхьира Цицулаев лоцуш, амма цуьнан аьтто баьллера ведда вала, тIаьхьо федералан лехамашка велира иза, цул тIаьхьа дуьненаюкъарчу лехамашка а. 2017-чу шарахь Украинан кхерамзаллин сервисо лецира Цицулаев, экстрадици йира цунна Оьрсийчу, цигахь оьрсийн Iедалхоша лецира иза.
  • 2018-чу шарахь кхин а цхьа гIуллакх долийра Цицулаевна дуьхьал – вен Iалашонца азербайджанхойн совдегарна тIелатарна. Талламан версица, Цицулаевс тIедиллинера шеца юкъахь волчу накъостана Мадаев Джамбулатана бизнесхо вер. ТIаьхьо Мадаев лецира. Цо бартбира талламхошца гIуллакх кхеле а кхачале, хьаькам хиллачунна дуьхьал мукIарло динера. Довзазчу бахьанашца шен планашна юхаваьлла хиллера Цицулаев тешо бахарехь, юхадехнера кхуьнгара, хьалхо делла 100 эзар долларшкахь аванс.
  • Цицулаев лаьцначул тIаьхьа СИЗО-хь латтош вара иза, амма 2020-чу шеран чиллан-баттахь кхело барам хийцира, дIасавалар доьхкуш, аравалийтира иза СИЗО-ра.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал вара Цицулаев Украинехь 2011-чу шарера схьа дуьйна, 2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо дакъалецира, Къоман гвардино лецна хилла Life.ru ресурсан журналисташ маьршабохуш. СБУ-н пресс-гIуллакххоша чIагIдора, украинхошкахьа дог-ойла йолуш, цаьргахьа тIемаш бинчу нохчех хаамаш гулбеш хиллера Цицулаевс аьлла, ткъа лоцучу хенахь пачхьалкхехь бакъо йоцуш Iаш хиллера иза.
  • Цицулаевн хилла адвокат Садретдинов Фаиль бехкево 250 миллион соьмана петаршца курхаллаш лелорна, лехамашкахь ву иза.