Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима дарж охьадиллина

GROZNY, RUSSIA - OCTOBER 5, 2017

Нохчийчуьра министрийн кабинетан куьйгалхочо Хучиев Муслима дарж охьадиллина, цунах лаьцна хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, Хучиев кхечу балха дехьаволуш ву – билггал стенга, цо билгал ца даьккхира.

Министрийн куьйгалла ден дарж дIаделла ханна Тумхаджиев Iийсага – республикан машенийн некъийн министр а, Кадыровн нуц а ву иза.

Хучиев Муслим Нохчийчоьнан премьер-министр хIоьттира 2018-чу шарахь. Цул а хьалха кхаа шарахь Соьлжа-ГIалин мэр а, регионан экономика кхиоран министраллин куьйгалла деш а вара иза. 1990-чу шерашкахь цо корреспондент болх бира федералан цхьахйолчу каналехь.

2019-чу шарахь дуьйна Хучиев Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ву Нохчийчохь къизаллаш лелорна а, адамийн бакъонаш хьешарна а. Украине тIамаца чугIоьртинчул тIаьхьа экс-премьерна дуьхьал ишта санкцеш йехира Японино а, Евроберто а, Украинас а, ткъа Хучиев 2019 шарахь дуьйна вара Американ “Iаьржачу тептарехь” адамийн бакъонаш хьешарна.

  • Министрийн куьйгаллехь Хучиев Муслима болх бечу йукъанна цо харц отчеташ йора, цу тIехь йаздора, социалан а, экономикан а хьелашкахь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь йу бохуш. Цу кепара даржхочо йаржайора республикехь КадыровгIеран доьзаллан культ.
  • Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хенал а хьалха дарж охьадиллира. Цунах лаьцна дIахьедира парламентан спикеро йоьдучу кхеташонехь, хаамбира ЧГТРК "Грозный" телеканало. Кадыровс дIахьедира - "Даудовс сацамбина, оцу даржехь кхин ша висса ца веза, кхечу сферашкахь меттиг лаха беза аьлла". ХIун бахьана долуш бина бу и сацам а, хууш дац. Йуьйцург хIун "кхин сфера" йу а, Кадыровс билгал ца даьккхира.
  • Нохчийчохь хIинцале а хаьржина парламентан керла куьйгалхо – и ву 2016-чу шарера схьа дуьйна вице-спикер волу, 70 шо долу Жамалдаев Шаид. Цул а хьалха Жамалдаев Нохчийчуьра Грозненскан кIоштан куьйгалхо вара, мехкан урхалхочун гIоьнча а, цул тIаьхьа зорбанан министр а лаьттира. Шен ден бIанакъост ву иза бохура Кадыров Рамзана.