Нохчийчоьнан туризман министро Кадыров Рамзан мехкан "коьрта бренд" йу аьлла

Кавказан инвестицийн форумехь ву Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима республикан куьйгалхочух Кадыров Рамазанах цуьнан "коьрта бренд" аьлла. Соьлжа-ГӀалахь дӀахьочу Кавказан инвестицийн форумехь вистхуьлуш элира цо иза. Кадыров Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, кхин а масех пачхьалкхан а санкцеша лаьцна ву, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хIоразза а йохош хиларна а, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тӀамна а юкъахь хиларна.

Байтазиевс динчу дӀахьедарийн тидам бина "Агентство" хьасто, цо зорбане яьккхина Нохчийчоьнан туризман бренд йовзуьйтуш йолу видеоролик. Хьаькамо камел дира презентаций еш. "Нохчийн Республикан цхьа бренд а, цхьа хатӀ а, цхьа шарм а ю, ткъа, суна хетарехь, хӀара ю коьрта бренд" аьллачу дешнашца цо схьайиллира Кадыровн сурт тIехь долу слайд: "Кадыров Рамзан Ахматович – и йу-кх бренд" аьлла.

"ХӀара баккъалла а бренде вирзина стаг ву, и бренд йеххачу заманчохь лаьттар йу. Оцу брендо баккъалла а гайтира нохчашна баха хууш хилар, баха лууш хилар, кхолла лууш хилар", - аьлла тӀетуьйхира Байтазиевс.

Оцу йукъанна презентаци йеш лелийна сурт, 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь даьккхина ду – хӀинца регионан куьйгалхо кхечу кепара ву, и дузу цуьнан могушалла эгIарца.

Кхаа денна хIоттийна Кавказан инвестицийн форум (КИФ) дӀайолаелла Соьлжа-ГIалахь республикашкарчу проекташка инвесторийн шовкъ хилийта лерина йу и. Ша Нохчийчоь аутсайдер юьсуш ю инвестицеш шена тӀеозош хиларан а, экономика кхиоран а рейтингашкахь дуккха а шерашкахь. Оццу хенахь федералан форум регионан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна персонале пиар ян майда санна кхоьллина йара, билгалдоккху эксперташа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.