15 а, 16 а шераш долу виъ кхиазхо лаьцна Францихь, царех кхаанна бехкаш дехкина Бельгера Израилан векалтана тIелата кечам барна. Лаьцна кхоъ – Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а ву, хаамбина францхойн Le Parisien гIирсо.
Шайн хьасташкахула журналисташа къасторца, хьалхо полици арз динера Францин Тур гIалара колледжан директоро. Цо хаамбинера, 15 шо долу Нохчийчуьра Малика а, цуьнан 16 шо долчу Хьалха-Мартанара доттагIчо а "дешархой а, хьехархой а хьийзийна", паркехь куьйга йина оьккхуьйтург лелош, кхерамаш туьйсу лозунгаш кхийкхош. Доккхачу декъанна царех цхьаммо колледжехь илли аьллера, "калаш хьалайаккхий" (Калашникован автомат - Билгалдаккхар), "францхой байа" бохуш, дешархошка кхайкхамаш беш, йаздо Бельгин Sudinfo ресурсо. Вукхо компьютеран ловзар кхоьллина хиллера, школашкахь дуккха а нах бойуш, террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIор тIом бан, Шема гIо бохуш, нахе кхайкхамаш беш.
Цунах лаьцна хаам кхаьчначул тIаьхьа полици йеанера кхиазхойн хIусамашка талламаш бан – цигахь царна карийнера вовшашца йозанашкахь дина къамелаш, цу тIехь дийцаредина хиллера цара Бельгера Уккеле гIалара Израилан векалтана тIелатар дарх. И меттиг къастийнера 16 шо долу Бельгин вахархочо, цуьнан цIе а, иза стенгара ву а хоуьйтуш дац. ТIелатар динчул тIаьхьа Къилбаседа Кавказе бовда дагахь хиллера кхиазхой – цу тIехь царна гIо дан гIаьттинера францхойн Нант гIалахь вехаш хилла ГIалгIайчуьра 16 шо долу вахархо.
Le Parisien гIирсо йаздарца, векалт ларйеш болу полисхой байа дагахь хиллера кегийрхой, цул тIаьхьа векалтан дозана тIехь молханех йуьзна машен йига. Йозанехь кхиазхоша дийцаредина цигахь болх бечех тептар вовшахтоха а, лоьлхуьйтурш лаха а, хаамбина Sudinfo ресурсо.
Карарчу хенахь кхиазхой лаьцна бу, царна бехкаш дехкина. 16 шо долчу ГIалгIайчуьра вахархочун шизофрения йу аьлла – гIуллакх толлучу йукъанна кхелахойн тергонехь витина иза. Официалехь информаци цкъачунна тIечIагIйина йац.
Кху баттахь кхоалгIа лецна Къилбаседа Кавказера бахархой терроризмах долчу гIуллакхехула.
- ГIалгIайчуьра вахархочунна Могушков Мохьаммадна бехкаш дехкина школана тIелеттачул тIаьхьа. ГIадужу-беттан 13-чохь школан кертахь уьрсаца тIелеттера иза хьехархочунна, вийра францхойн меттан а, литературин а хьехархо, кхин а шинна чевнаш йира. Францхойн Iедалхошна хетарехь, Могушков тIелеттара Израилан а, Палестинан а тIамна тIехула.
- Страсбурган кхело дуьненан Синагогина уллохь лецира уьрсаца 15 шо долу нохчех кхиазхо. Бакъоларйаран органийн хамашца, синагогин керта тIехула урс хьаькхна, цул тIаьхьа пхуьйшах лачкъийра цо.
- Школана тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла нах. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда.