Аьтто-популистийн "Австрин Маршонан партин" цIарах Австрин парламентан лахарчу палатин депутато Амерсбауэр Ханнеса официалан кепара кехат дахьийтина мехкан чоьхьарчу гӀуллакхийн министре Карнер Герхарде Венехь цхьа могӀа герзашца хилла тасадаларш таллар муха дIадоьду хаийта аьлла. Дуьйцурш ду - цхьана агӀор Нохчийчуьра бахархой болуш, вукху агӀор Шемара а, ОвхӀанистанера схьабевлларш болуш, церан вовшашца Венехь хилла летарш.
Парламентхо тIетовжу хаамийн гӀирсашкарчу публикацешна, цу тIехь йаздо кху деношкахь "бандитийн тӀемаш" дӀахьош хиларх а, иттаннаш кегийрхой цу юкъахь дакъалоцуш хиларх а, социалан машанашкахула шайх схьакхета бохуш, кхайкхамаш баржорах а. Kleinen Zeitung зорбанан гӀирсо йаздо, чӀагӀдо депутато, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло дӀакхайкхийна полисхой чӀагӀбар кхечу регионашкара кхерамазаллин ницкъаш Вене дехьа а бохуш, нисдеш ду.
Амерсбауера чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле дехнера оцу тасадаларех лаьцна 16 хаттарна йозанца жоп далар. Къаьсттина цо хоьтту Вене уьш чӀагӀбан дехьабаьхначу полисхойн терахьах а, дӀахӀоттамех а, хьалха санна дӀатарбеллачу меттигех а, къаьмнийн декъашхошна а, полицина а юкъахь ма-дарра тасадаларш хиларх а, цу тайпачу хьолехь герзах пайдаэцарх а, цигахь полисхошна юкъахь лазийнарш хиларх а лаьцна.
Иштта политикна интересе ду, полицино сов болх бар финансийн агIор мел барам болуш ду, мел белхан хан йойу а, цо цу декъехь низамхойн балхана бан тарлу тӀеӀаткъам а.
Кхин долу хаттарш доьзна ду "бандитийн тӀамехь" дакъалаьцначарна дуьхьал айдинчу гӀуллакхех а, царна дуьхьал даьхначу бехкех а, лецарех а. Амерсбауера тIедожийна цу тайпа хаамаш шега дӀакхачор, дакъалацархойн къомах схьабевлла хиларца а, уьш Австрехь муьлхачу буха тӀехь бехш бу а дуьйцуш.
Кху кӀиранан юьххьехь Кавказ.Реалии сайто кIорггера йаздира Нохчийчуьра а, Шемара а тӀебаьхкинчу кегийрхойн тобанашна юкъахь хиллачу тасадаларех лаьцна, амма кху аьхка баккъалла а хаъал чолхе даьлла хьал.
ГӀалин кӀошташна тӀехь Ӏуналла дан къийсам латтор хила тарлуш долу бахьана лору полицино. Говзанчашна хетарехь, дуьйцург хила тарло кхиазхоша лелон зуламаш, ткъа дов луьра хилар доьзна ду сий-ларамах лаьцна ламастан ойланех.
"Австрин Маршонан партин" политикаша цу хьолах пайда ийцира, мигранташна дуьхьал пропаганда йеш, кхайкхам бира тасадаларшкахь дакъалаьцнарш махках баха аьлла.
- Австрерчу парламентан лахарчу палатехь йолчу 183 меттигах 30 меттиг дӀалоцуш йу "Австрин Маршонан партино", ткъа лакхарчу палатехь 61 меттигах 16 меттиг дӀалоцуш ю. 90-чу шерашкахь дуьйна иммигранташна дуьхьал йолу агенталла дӀакхайкхош ю иза.
- Amnesty International адамийн бакъонашларъяран организацино кхайкхам бина Европерчу пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. Францехь а, Германехь а, Польшехь а, Румынехь а, Хорватехь а Ӏедалхоша хӀинцале а махкахбаьхна тховкӀело йоьхуш болу нах, билгалдаьккхина рапортехь. Цу нахах дукхахболчарна "кхераме экстремисташ" цӀе тиллина хилла, церан динан, йа къоман идентификаллица, бохура бакъонашларъярхоша.
- • 2022-чу шарахь Германин къилбаседехьарчу Лёнинген гӀалахь нохчий а, меттигера оьрсийн мотт буьйцу бахархой а юкъа а лоцуш, конфликт иккхира. Дахаран хьелашца доьзна даьлла дов къаьмнийн тасадаларш хилла дерза тарлора. Амма Европерчу нохчийн Ассамблея дакъалацар бахьана долуш, полици юкъагӀертале дерзийра и хьал.