Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дIахьедар дина, Оьрсийчу дIабала кхерам лаьтта нохчий "башхачу хьолехь" хиларх. Цунах лаьцна хаамбина туркойн Kırım Haber Ajansı хаамийн агенталло.
Хаамбарехь, политикан бахьанашца Оьрсийчохь леца, ницкъбан, йа байа тарлун цхьа могIа нохчий Туркойчоьнан Iедалхошка бевлла, шаьш Iалашдар доьхуш. Делахь а уьш дIабигина хилла репатриационан центрашка – иштта олу депортаци йаллалц кхечу мехкашкара бахархо чохь латточу хIусамах.
Кхерамна кIел нисвелла 30 нохчо, ву царлахь Нохчийчоьнан Ичкерия республикин хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран вешин кIант Дудаев Мансур а. Kırım Haber Ajansı ресурсан журналисташа бахарехь, "маьршачу, йозуш йоцчу Нохчийчоьнехьа оьрсашца къийсам латторан символ" хилла Дудаев Джохар. Официалан Оьрсийчоьнан Iедалша Ичкерин хилла куьйгалхо сепаратист лору. Хууш ду, депортацин центрехь Дудаев Мансуран гергара нах а хиллийла. Вукхеран цIераш йохуш йац.
Лаьцначех цхьаннан адвокато Кечечи Тургула дIахьедина Туркойчохь беха нохчий "Оьрсийчоьнан Iедалан манипуляцин политика бахьана долуш хала хан йоккхуш бу", царна атта дац "Оьрсийчоьнан харцонна тIехула" шайн бакъонаш кхочушйан аьлла.
Нохчийн "башхачу хьолах" лаьцна ЭрдогIан вистхиллачул тIаьхьа, Дудаев а, цуьнан гергарнаш а маьршабаьхна репатриационан центрера. Лецна хиллачу бисинчийн кхолламах хилларг хууш дац.
- Хьалхо Amnesty International организацино кхайкхамбира Евробертан пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма лахьара аьлла.
- 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Польшин дозанхоша сацийна Нохчийчуьра вахархо О.Зелмаха, депортацин набахте хьажийра, хаамбира Маршо Радиога цуьнан хиллачу хIусамнанас. Даймахкахь вен кхерам лаьтта цунна, тешна йара иза.
- 2019-чу шеран лахьан-баттахь бакъоларйаран органаша пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчуьра схьаваьлла Альбердов Iумар.
- 2019-чу шарахь Украинерчу бакъоларъяран органаша шайн пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчоьнан вахархо Альбердов Iумар. Урамехь саца а вина, цуьнга аьлла хиллера, Украине кхайкхина ахь "ца оьшу цхьаъ" аьлла. Оцу юкъанна Альбердов Украинехь ваха бакъо йолуш вара, Киевехь шен доьзалца дIатарвелла вара иза.