Нохчийчуьра доьзалехь бечу ницкъах йеддачу Мусаева Эльзас ша ма леха аьлла

Мусаева Эльза

Шен лаамехь цIера дIайахна ша, лоьхучуьра совца аьлла, видео Iорайаьккхина 21 шо долчу нохчийн йоIа Мусаева Эльзас. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига хаийтина зударшна гIо латточу "Марем" боламо.

Хьалхо цIера йеддачу Мусаевас гIо дехнера бакъоларйархошка, шен могушаллина а, дахарна а кхерам латтарна. Товбеца-баттахь иза лачкъийра Башкирера Стерлитамакехь, бертаза Нохчийчу дIайигира иза. Бакъоларйархоша дIахьедо, цкъачунна цунах лаьцна ма-дарра дийца йиш йац шайн, амма кийча ду полицина тоьшаллаш дала, цунна билггал кхерам латтарх аьлла.

"Тхоьгахь видео йу, цу тIехь Эльзин дас кхерамаш туьйсу цунна. Стерлитамакехь иза лачкъош гина нах а бу. Шена туьйсучу къерамашца доьзна дена а, девешина арз даран хьокъехь", - дийцина Кавказ.Реалиига "Мареман" куьйгалхочо Анохина Светланас.

Ша Мусаевас чIагIдо, кхерамзечу меттигех ша хиларх.

Билгладоккху, Мусаева Эльза лоьхуш хиларх гезгамашимн-беттан 29-чохь хаам баржийра байнарш лоьхучу "Лиза.Алерт" форумехь, ткъа гезгамашин-беттан 30-чохь лохучуьра дIайаьккхира иза.

Иштта Мусаевах информаци гучуйелира Iедалхошкахьа йолчу инстагрм-аккаунташкахь а, пабликашкахь а. Масала, @chp.grozny_95 аккаунто зорбане йаьккхира йоIах информаци, "стенга йоьду а ца дуьйцуш" дIайахна иза аьлла, ткъа постехь йитинчу комментарешкахь йаздора йеддарг кхетам чохь хилла хир йац, жинаш чудоьлла хир ду цунна бохуш.

"Марем" боламо билгалдоккху, Мусаеван цхьана а кепара психикаца проблемаш йац, цIера ца йаьллачу денна йедда иза аьлла.

Кавказ.Реалиин редакцин цкъачунна йац йоьIан гергарчаьргара комментареш; Соьлжа-ГIалара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллера белхахочо хаамбира, Мусаева лоьхуш хиларх шайгахь информаци йац аьлла, цара дехар дира оршотан дийнахь зIене довла шайца аьлла.

  • Нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь лачкъийра 26 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа – стохка йеддера иза цIера, "сий лардеш" гергарчара йерна кхоьруш. Нохчийчоьнан омбудсмено тIаьхьа видео зорбане хIоттийра, кадыровхоша лачкъийначу йоIаца цхьаьна йаьккхина.
  • 20 долу Исмаилова Селима лецира мангал-баттахь Москварчу "Внуково" аэропортехь, доьзалехь латточу гIелонах йедда хилла иза, Оьрсийчуьра дIайаха арайаьллера. ШолгIачу дийнахь нохчийн ницкъахошка дIайелира иза. Цул хьалха бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьал къола дарх. Лачкъийна бутт кхочучу хенахь меттигерчу телехьожийлан эфирехь цо дIахьедира, ша кхерамзаллехь хиларх, дехар дира ша Iадйита аьлла.
  • 2019-чу шеран аьхка 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Сугаипова Заира йедира цIера – бахьана хиллера - бертаза цуьнан нах иза маре йала хьовзар. "Китеж" кризисан центрехь лечкъийна Iийра Сугаипова масех дийнахь, амма цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, бертаза йухайигира иза даймахка. ТIаьхьо ЧГТРК "Гроный" телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, цу тIехь Заирас бакъ ца до, шена доьзалехь ницкъбар, "феминисташа хаздинера" шена элира цо йадар.
  • 2021-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра Тарамова Хьалимат – Кадыровн гонерчу Соьлжа-ГIалара "Гранд-паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI йара иза. ХIинжа-ГIалара шелтерехь лечкъина хиллера иза кхечу зударшца цхьаьна – арабаьхначу царна а йиттинера.