Нохчийчуьра харжамех лаьцна вистхилла Кадыров: "Оха буьйцучарна кхаж тосур бу"

Кадыров Рамзан

Регионан куьйгалло а, динан урхалло а буьйцучу нахана кхаж тосур болуш бу махкара бахархоша, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна вистхилла иза, "харжамашкахь бахархойн жигара позицих" резолюци тIеэцначу "Нохчийчоьнан халкъан Съездехь".

Соьлжа-ГIалара Путинан проспектехь йинчу керлачу микрорайонна Путинан цIе тиллира хьалхо, ишта Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" а.

Харжамех дерг аьлча, Кадыров тIетевжира къоман "ламастин менталитетана", цо хаамбира, республикехь "цхьа доьзал" бу бехаш аьлла.

"Харжамашка нах оьху, куьйгалло а, муфтиято а бохучуьнга ладугIу цара, оха буьйцучу нахана кхаьжнаш тосу. ХIунда аьлча, оха дIаолу, нагахь санна, кхин дIа а шайна тхо даца лаахь, оха боххург де", - дIахьедина куьйгалхочо, пачхьалкхан ТАСС агенталло йаржийначу видео тIехь. Завзадокху-баттахь хинболчу президентан харжамех лаьцна журналисто деллачу хаттарна жоп луш Кадыровс аьлла, "хила йиш йоцчу кепара" хир бу уьш.

Хьалхо Кадыров Рамзана кхайкхамбира "Путин Владимирна гонах тIегулло", цунна шайн кхаьжнаш дIало 2024-чу шарахь хинболчу президентан харжамашкахь аьлла. Оцу кепарчу дIахьедарца къамел дира цо, пачхьалкхан урхалхочо официалехь, ша керлачу харжамашкахь дакъалаца лаам болуш ву аьлла, хаийтинчул тIаьхьа. Кавказ.Реалиин сайто дийцира, Нохчийчохь Путинехьа кхаьжнаш тийса бохуш агитаци йарх.

  • 2023-чу шеран тIаьххьарчу деношкахь къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн куьйгалхоша, иштта Кадыров Рамзана а цхьаьна, массарна а хезаш дIахаийтира, Путин Владимир йуха а президентан гIента хьалхатоттуш куьйгаш йаздарх. Хьаькамаша жигара пайдаийцира цунна лерина административан ресурсах, юристаша бахарехь, цо шога дохош ду низам. Кремльна муьтIахь хилар диллина дIагайтар – кху шарахь йуха харжа дийцарш дан дезачу субъектийн куьйгалхойн шайн инициатива йу, бохура Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь эксперташа.
  • Соьлжа-ГIалара керла микрорайонна а, иштта Украинана дуьхьал тIам бан хьийсон йолахой кечбен коьрта майда хиллачу "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" а Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIе тилларх дIахьедира Кадыров Рамзана. И доьзна ду, президентан харжамаш герга кхочучу заманчохь Путинна кхин а тIе пиар йарца а, рогIера йуха а ша Москвана муьтIахь хилар Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дIагайта лаарца а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамелдинчара.