Нохчийчуьра хIора кхоалгIа доьзал къоьлла хьоьгуш бу

Соьлжа-ГIала

Нохчийчохь хIора кхоалгIа доьзална тIебогIу пайда пачхьалкхо хене вала хIоттийначу барамал а лахара бу, аьлча а, 13 эзар сом баттахь. Оцу хьолехь бу, махкахь беха 326 эзар доьзалах 107. Цу кепара зераш далийна тIечIагIйинчу регионалан программехь.

Документехь бечу хаамца, дукха хьолахь таро йоцу бахархой бу къахьега хан йолу бахархой (47%), бераш (46%), оцу йукъанна мискаллехь бохку пенсхой 6% бу, хIунда аьлча, дукха хьолахь пенси а, социалан кхиндолу ахчанаш а хене вала таро йолчу барамехь ду.

Официалан статистикаца а догIуш, Нохчийчуьра къоьлла хьоьгучу 107 эзар доьзалах 104 дукха бераш долуш бу – 52 эзар хIусамехь кхоккха бер ду, 33 эзаран – диъ-диъ, ткъа кхин а 18 доьзалехь пхиппа а, кхин а сов бераш ду. Оцу йукъанна боллу таро йоцчу доьзалашкара (48 эзар) нийса ах бохург санна хIусамера да-нана болх беш дац. Баккхийчу доьзалашна тIедогIу ахча 20 эзар сом ду.

Иштта Iедалхоша билгалдаьккхина, цхьа бер бен доцчу таро йоцчу доьзалашкахь 57% хуьлу социалан ахча, шина бераца – 43%, кхаа бераца, йа кхин а сов бераш долчарна – 27%. Нохчийчуьра къоьллехь бохкучу 35 эзар доьзалашкахь цхьахверг заьIапхо ву.

"Лаккхара къоьллин тIегIа хаало бераш долчу доьзалашкахь; дукха бераш доьзалехь долчара йаккхий халонаш лов ахча цатоарца", - аьлла ду программехь.

Регионашкара къечу нахах хIоттийна рейтинг зорбане йаьккхира Росстато 2022-чу шарахь. Пачхьалкхехь уггар а гIад дайна хьал дара оцу гайтамца ГIалгIайчохь – кхузахь къоьллехь ду бахархойн кхоалгIа дакъа. Кхин башха тайна хьал дац СКФО-н кхечу регионашкахь а. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказан мехкашкара мискаллин тIегIанех лаьцна хуучух а, официалан статистикехь билггал дерг стенна ца гойту а.

  • Эксперташа дийцира Кавказ.Реалиига, мобилизацино а, боьдучу тIамо а муха Iаткъам бийр бу Къилбаседа Кавказера регионерчу экономикан хьолана.
  • 2021-чу шеран хьесапашца, уггар а ледарчу хьелашкахь йолчу итт регионашлахь йара ГIалгIайчоь (1 балл), Кхарачой-Чергазийчоь (6 балл), ГIалмакхойчоь (7), Нохчийчоь (8,9), ГIебарта-Балкхаройчоь (12,5), Дагестан (16,3).
  • Нохчийчоь, Дагестан, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь уггар а эшна регионаш лерира 2023-чу шарахь алапийн динамикехь. Къастийра мел хан оьшур йу субъекташна мел кIезиг а 100 эзар сом алапа эца. Нохчийчоь тIаьххьара йара оцу рейтингехь – 17, 5 шой хан оьшу цигахь алапаш лакхадовла.
  • Марсхьокху-баттахь Кадыровс тIедожийра таро йоцчу доьзалашна пачхьалкхо хIоттийначу ахчанех баха бахархой, нагахь санна, церан божарий тIеман гIуллакх дан баха реза бацахь аьлла.