Нохчийчуьра кхерамаш, хьиджабца къийсам, КадыровгIарна совгIаташ

Гайтаман сурт

Бакъоларйархойн Къилбаседа Кавказера хьолах рапорт, 13 шо долу кIант лачкъон адвокатана кхерамаш тийсар, КадыровгIеран доьзална декъна керла совгIаташ, бусулбачийн духаршна тIехула девнаш – цунах а, кхиндолчух а хезар ду шуна Маршонан 27-чу подкастехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Бусулбанийн духаршна тIехула девнаш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #27

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

"Мемориалан" Кавказера хьолах рапорт

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро рогIера бюллетень арахецна "Къилбаседа Кавказ: бакъоларйархошна хетарг" аьлла. Цу т1ехь дуьйцу адамийн бакъонийн хьолах лаьцна. ХIинццалц зорбане даьхначу рапорташка хьаьжча, керланиг дерриг а аьлча санна, Нохчийчуьра хиламех дуьзна ду, иштта дуьйцу цу тIехь резонансе даьлла оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан Мусаева Заремин гIуллакх а, адвокатана Немов Александрна а, журналистана Милашина Еленина а дина тIелатар, ницкъахо лаьттина Халитов Ясин лачкъор. Къаьстина талламан авторша жамIаш до Украинана дуьхьал бечу тIамо Къилбаседа Кавказана йуьтучу тIаьхьалонех.

Рапортехь билгалдаьккхина ГIалгIайчохь а, иштта, Нохчийчохь а, гIаттамхойн жигарабовлар, ницкъахоша цаьрца латточу къийсамах а. Масалшна далийна ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь герзаш деттар, иштта Гуьмсехь, Iелин-Йуьртахь хилларг а.

КХИН А ХЬАЖА: Къилбаседа Кавказера адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна бюллетень арахецна "Мемориало"

Документан цхьана декъехь дуьйцу нохчийн Iедалхошна оппозицихь волу блогер Абдурахманов Тумсо вийна аьлла, сурт хIоттор, цунна тIаьххье цуьнах лаьцна оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан Iорадаккхар, йиллина конфликт а хуьлуш. Нохчийн гонашкахь уггар а лараме хиллачу информационан шина ресурсо вовшашна бехкаш дахкарна тIехь Росгвардин хиллачу белхахочун, Оьрсийчуьра дIаваха гIоьртинчу Халитов Ясинан истори гучуйелира. Иза дозанел дехьа а валале1АДАТа цунах лаьцна хаамаш Iорабехира, бакъоларйархоша бахарехь, оцу тIехула лаьцна хила а тарло иза.

Къилбаседа Кавказехь герзашца конфликташ алсамйийларан хьесап дина "Мемориал" центро ницкъахошлахь эшамаш хиларца. Масех шарахь дIоггара дукха бацара уьш – 2021-чу шарахь пхиъ лазийра, цул хьалха цхьаъ вийра. 2023-чу шарахь ГIалгIайчохь кхоъ вийна, 11 полицин белхахочунна чевнаш йира.

Цхьа могIа хиламаша – масала, гоьбевллачу оппозицин блогершна йукъарчу конфликто гойту, Нохчийчуьра бахархой Кадыровн рожана реза цахилар а, муьлххачу а цуьнан критиках теша кийча хилар а, билгалдаьккхира "Мемориалан" векало Малыхин Владимира.

Бер лачкъон адвокатана кхерамаш тийсар

Оцу йукъанна, Нохчийчохь доьзалехь ницкъбеш хиллачунна кхечу регионе водуш гIо динчу адвокатан Соломина Татьянин 13 шо долу кIант лачкъор ву бохуш, волайнхочун гергарчара кхерамаш туьйсу. Цунах лаьцна дийцина, гIело хьегнарг веддачул тIаьхьа цунна накъосталла латтийначу кризисан "СК SOS" тобано.

Товбеца-баттахь Соломинас ларвийриг, цуьнан цIе йоккхуш йац, Нохчийчуьра веддера дас а, вашас а "кадыровхойн набахте" дIалур ву аьлла, кхерамаш тийсича. Делахь а, вевзаш воцчу шина стага ларвина, жимстаг цIерпошта тIера охьаваьккхинера Тюменехь. Оцу сохьта цунна тIаьхьа веанера да, иза Нохчийчу йухавига. Аэропортехь цуьнца цхьаьнакхета аьтто хилира Соломинин – цо такси кхайкхинера цунна кхечу регионе иза дIавигийта.

ТIаьхьо верасалла динчо дийцинера "СК SOS" тобане, шеца хиллачу къамелехь нанас кхерамаш тийсарх, кхунна водуш гIо динчу бакъоларйархошна. Телефонехула хиллачу хабарехь цо дIахьединера, зен хиллачийн доьзало "уггар а боьхачу зуламхошна" мах баларх, Соломинин 13 шо долу кIант лачкъаве аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь доьзалехь ницкъбинчунна гIо дарна адвокатан кIант лачкъон кхерамаш туьйсу

"Гезгамашин-баттахь кIант школе ваххалц ладоьгIуш Iаш бу уьш, хьо цо лачкъорга терра цуьнан кIант а лачкъон", - дIахьедина Нохчийчуьра веддачу вахархочун нанас. Цу шиннан хиллачу къамелан аудио йаржийна бакъоларйархоша.

Талламан комитете дIахьедина Соломина Татьянас шен кIант лачкъон кечам бечарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха аьлла.

Ичкерин де билгалдаккхар

Гезгамашин-беттан 6-чохь Ичкерин агIончаша билгалдаьккхира республика йозуш йац аьлла, дIакхайкхийна 32 шо кхачар. ХIетахь нохчийн халкъан Йукъара съездан исполкомо а, инарлас Дудаев Джохара а Iедал караийцира. Оцу бахьанаца Францихь, Германихь, Австрихь, Туркойчохь, Бельгихь митингаш хIиттийра нохчийн диаспоро.

Францира акци дIайаьхьира Страсбургера Европарламентан гIишлона хьалха. Цуьнан декъашхойн карахь йара Ичкерин, Украинан байракхаш, 1990-чу шерийн йуьххьехь Ичкери дIахIоттарх истори охьайазйина резолюци тIеийцира цара.

Митинг вовшахтоьхначу, къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Францера сийлахьчу консуло Албаков Шемала дийцира Кавказ.Реалиин сайте, митингехь 20 сов стаг вовшахкхеттера аьлла."Тхан Iалашо – хIара де билгалдаккхар, йуха а Евробертан пачхьалкхашка а, Малхбузенан кхечу мехкашка а кхайкхамбар йу, Украинера Лакхара радин масална тIеберзийта уьш а. Нохчийчоьнна ханна оккупаци йина хилар а, нохчийн къомана йина геноцид а къобалйайта", - кхетийна Албаковс.

КХИН А ХЬАЖА: Ичкерин маршонан Денна лерина митинг дIайаьхьна нохчийн диаспоро Европехь

Ичкерин Австрера векало Дунаева Розас дийцира редакцига, Маршонан дийнахь диаспорийн векалех тIаьххьарчу заманчохь украинхой а, йукъараллин организацийн жигархой а схьакхетарх. "Коьрта политикан маьIна ду хIара де. Тхо тешна ду, кхин а цхьа толам хир бу, йуха а суверенитет а хир йу", - тIетоьхна Дунаевас.

КадыровгIеран доьзална декъна керла совгIаташ

Республикехь культурин министр йолчу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана Кадырова Iайшатана "даймахкана гIуллакхаш дарна" аьлла орденан мидал йелла. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца а догIуш, и совгIат дина цунна "даймехкан культура а, исбаьхьалла а кхиорна а, дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна" а.

Кадырова Iайшата пачхьалкхан куьйгаллехь болх бен кхо шо ду: 2020-чу шарахь цкъа хьалха регионера культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра иза шен дас, ткъа кхин а цхьа шо даьлча министраллин урхаллехь ч1аг1йира.

Мехкан куьйгалхочун кхечу берашна а санна, Кадырова Iайштана а жигара пиар йо меттигерчу хаамийн гIирсаша а, хьаькамаша а: Нохчийчохь театран а, халкъан а исбаьхьалла кхиор а цо къахьегарна ду боху, иштта мискачу нахана гIо дар а, ткъа тIаьххьарчу цо дина бохучу беркатечу гIуллакхех ду – регионехь зуда йалийна той дIакхехьаран керла низамаш йукъадохуш дакъалацар.

Нохчийчоьнел арахьа йевза Кадырова Iайшат кхечу бахьанашца: ша кхиазхо йолчу хенахь Firdaws модан цIийнан урхалла дира цо, ткъа 2020-чу шарера схьа дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш йаьхна цунна дуьхьал, республикехь бакъонаш хьешарца доьзна. Оьрсийчоьно Украинехь шуьйрачу барамашкахь тIом болийначул тIаьхьа санкцеш кхин тIе а шорйира – царех схьакхийтира Евробертан пачхьалкхаш а, Япони а.

Стохка гурахь Кадырова Iайшат хилира Донбассера оккупаци йинчу дозанаш тIехь, цигахь иза цхьаьнакхийтира Нохчийчуьра эскархошца. Цига йахале хьалха сепаратистийн "ДНР-н" цIарах "доттагIаллин орден" йеллера цунна. Иштта даймахкахь дина совгIаташ а ду Iайшатан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнан республикана хьалха декхарш кхочушдарна" а аьлла – хIун кхиамаш цо баьхна, дуьйцуш дац.

Лаккхарчу даржехь ву Кадыровн йоI йахнарг а: 26 шо долу Мацуев Висхан Нохчийчоьнан вице-премьер а, йуьртбахаман министр а ву.

Нохчийчохь пачхьалкхан даржашкахь бу Кадыров Рамзанан иттаннашкахь гергарнаш, тIаьххьарчу беттанашкахь цуьнан цIийнах масийттанна совгIаташ делира президенто Путина. Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Айманина а, хIусамнанна Меднина а, невцана Тумхаджиев Iийсанна а, вешин кIантана Кадыров Хьамзатана а.

Нохчийчуьрчу шина тIамехь дуьйна йевзаш хиллачу бакъоларъярхочо Газиева Фатимас дуьйцу, Кадыровн доьзална лучу мидалех Нохчийчохь цхьа а цец ца волу бохуш.

«КадыровгIеран доьзалан йоцуш мидалш йан а йац. Путин даржехь мел ву, и доьзал хестор бу цо, хIунда аьлча, цуьнан доллу тIедахкарш кхочушдо Кадыровс. Украинерчу тIаме нах хьийсор а, шен къоман векалш хIаллакбар а ду царлахь…Цкъачунна, Кадыров а, цуьнан доьзал а оьшуш бу Путинна, амма, суна хетарехь, Нохчийчоьнан урхалхочунна Пригожинах [ЧВК «Вагнеран» куьйгалхо Евгений] хилларг хир ду эххар а», - элира цо.

Гезгамашин-беттан 5-чохь дийца даьккхира, Кадыровн нанна Айманина Оьрсийчуьра бусулбачийн лаккхара "Аль-Фахр" орден йаларх. Нохчийчуьра пачхьалкхан зорбанийн хаамашца, Кадырова Аймани билгалйаьккхина "дуккха а шерашкахь гIоьналлин гIуллакхаш дарна" а, "йукъараллехь ноналлин Iалашонаш а, ламастен онда доьзал чIагIбарна а". Республикера гIоьналлин фондан куьйгаллехь йу Кадыровн нана, журналисташа бинчу талламашца, йуьйцу фонд Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе казна" йу.

КХИН А ХЬАЖА: "Даймахкана гIуллакхаш дарна" совгIат дина Кадыровн йоккхаха йолчу йоIана

Бусулбанийн духаршна тIехула девнаш

Оьрсийчохь цхьа могIа конфликташ лилхина бусулбанийн духар бахьанехь, цо йоккха гIовгIа йаьккхина социалан машанашкара Къилбаседа Кавказан сегментехь. Марсхьокху-баттахь Московский гIалахь йиттина хьиджаб тиллинчу зудчунна. ТIелетта хилла ши зуда дIа ца йахийтинера, цара йиттинчу зудчун хIусамдас. Оцу стагана а кхерамаш цхьаьна туьйсуш, боьга бага лейинера цара: "Йахийта тхан махкара" бохуш.

ТIаьхьо дийцира стенна тIехула даьллера дов адвокато Нагиев Руслана:"Кху шеран мархьокху-беттан 30-чохь шен берашца берийн майданахь хиллачу зудчунна кхерамечу хIух долу ши жIаьла – ротвеллер а, доберман а тIелеттера, оцу зудчун интересаш Iалашйеш ву со. Берана кайиттина, бархI шо долчу, цул тIаьхьа оцу жIалийн долахой а цхьаьна, масех зуда хилла уьш а, оцу берийн ненах лета боьлла… Динан а, къоман а билгалонашца оцу зудчуьнга гамонца багалейина цара. ХIара дерриге а, сайга дийцинчу, айса Iалашйан тIелаьцапчу зудчун дийцарца ду. Полицин декъе дIа а хьедина цо".

Кхул тIаьхьа дийца даьккхира кхин а ши конфликт нисйаларх: Подмосковьера Котельники гIалахь некъаца йоьдучу зудчо сийсазйинера хьиджаб тиллина йог1у зуда, ткъа Москвара метро чохь "дIайаккха хьайна тIера никIаб" бохуш, кочавахнера цхьахволу пассажир.

Метро чохь хиллачу инцидентаца доьзначу гIуллакхехула, тIаьхьо адвокато Алиева Азас дийцарехь, лаьцна ши стаг, цабезам гIаттор, динан маршо йохор аьллачу Iедалан къепешкахула полици чуделла арз ду.

Адвокато Алиева Азас йаьккхира волайнхочун цIе а: "Барановская Лиза – оьрси йу. Бусулба дин тIе а эцна, бусулбанийн духар, шена дезаш долу, лелон дагахь хилла Барановская Лиза. И цуьнан лаам бу, цуьнан бакъо йу. Жимчу стагана моьттина, цуьнан дахарна ша йукъагIорта а мегар ду, цунна хьехарш дан а ша охIла ву аьлла. Цуьнца доьзна Барановская Лизица оха дIахьедар а кечдина, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 282-чу а, 148-чу а артиклашца жимстаг жоьпе озош, полицига кехаташ чуделла".

Хьиджабашна тIехула девнаш дийлар – Оьрсийчохь наггахь хуьлург дац, оцу йукъанна Къилбаседа Кавказехь зударшкара бехкаш даха тарло, бусулабнийн духар лелон дуьхьалбовлахь.

ТIаьххьарчу беттанашкахь хьал чIагIдина Подмосковьера маьждигашкахь полисхоша рейдаш йарца, шаьш легалехь боцу мигранташ лоьху аьлла, кхетийра цара.

КХИН А ХЬАЖА: Метро чохь никIаб йоьхначу зудчуьнга лер толлуш ду. Цунна а, цуьнан адвокатна а кхерамаш туьйсу

Дуьненайукъара "ислам Iалашдийриг" ша волуш санна, кест-кеста вистхуьлу, нанна Оьрсийчоьнан бусулбачийн лаккхара совгIат динчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъачунна йина комментарий йац бусулбачийн духарна тIехула дийлинчу девнех лаьцна.

***

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: