Нохчийчуьра политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьал керла гӀуллакх делла мегаш ду

Мусаева Зарема

Нохчийчохь оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран нанна, политикан тутмакх йолу Мусаева Заремина дуьхьал керла бехктакхаман гӀуллакх делла мегаш ду, хаам бо "Iазапашна дуьхьал" тобано.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, гIадужу-беттан 29-чохь Мусаева Зареме хеттарш дина талламхочо, цо шеца дарбан цӀийне кхачош ФСИН-ан белхахочунна тIелатар дина аьлла. Мусаевана хууш хIумма а дац талламхочо дуьйцучух, хIунда аьлча, иза цхьана а тIелетта цахиларна.

"Цуьнан санна ледара могашалла йолу адам колонехь латто йиш йац, хаддаза дарба а, диета а, Ӏуналла а оьшу цунна (...) РогIера кхин а тIе хан тохахь, цунна Iожалла хила тарло цунах", - билгалдаьккхира "Ӏазапашна дуьхьал" тобанан куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

55 шо долу Мусаева Устрада-ГIалара колони-поселенехь латтош йу, цуьнан хан чекхъйала йезаш йу 2025-чу шеран зазадокху-баттахь.

Дахначу кӀиранах Мусаева республикан эндокринологин диспансерехь дарбан цӀийне кхачийнера, цуьнан адвокато Савин Александра цхьанна баттахь сов дехарш а дина. Мусаева Заремас йух-йуха а хаам бора шен могашалла телхаш хиларх. Гезгмашан-бутт чекхболуш адвокато дӀахьедира, цуьнан могушалла эшна йогIуш йу аьлла.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 дей-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
  • Стигалкъекха-беттан 28-чохь нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.