Берлинан 73-чу кинофестивалан программи юкъайахийтина Нохчийчуьра режиссеран –Сокуров Александран Нальчикера школехь дешначу Мусаева Маликин дебютан "КIара лоьху хьозано" фильм.
ГIалгIайчуьра нохчийн доьзалан дахарх лаьцна кино нохчийн маттахь ю шен Мусаеван сценарийца яьккхина, цу чуьра васташ ловзийна бевзаш боцчу артисташа- ГIалгIайчуьра Нохчийчоьнца дозанехь йолчу Аршты эвлара бахархоша, дуьйцу "Фонтанкас".
Берлинехь и гойтур ю Encounters ("Встречи") секцин гурашкахь -авторан а, эксперименталан а кинон тергонца, чIагIдо "Афиша Daily" хьасто.
Стохка охан-баттахь "КIара лоьху хьозано" кино Каннерчу фестивалан гурашкахь гайта дагахь хиллера, амма оргкомитето бахьанаш а ца дуьйцуш, юкъарадаьккхира церан дехар, яздо пачхьалкхан информацин ТАСС агенталлин "Это Кавказ" портало. "Зуламе дискриминаци" ю иза элира оцу сацамах лаьцна ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь Сокуров Александра.
- Сокуровн кхечу дешархочо Коваленко Кирас хIирийн маттахь йаьккхинчу фильмана 2021-чу шарахь Каннерчу фестивалехь "Особый взгляд" программин коьрта совгIат делира. Оскаран преми дала номинаци юкъа а йахийтира, лонг-листехь нисйелира иза. Цул совнах, Европан киноакадемин совгIат кхачийра монтажан режиссерна Кабулов Мухрамна, ткъа коьрта роль ловзийначу Агузарова Миланина тоьлла зударийн васт аьлла совгIат дира Францин Анже гIалахь хIора шарахь хIотточу Premiers Plans фестивалехь.
- ГIебарта-Балкхаройчуьра режиссер Балагов Кантемир а ву Нальчикера Сокуровн студи чекхйаьккхина. 2017-чу шарахь юьззина метраж йолу "Теснота" кинон режиссер санна дебют хилира цуьнан, совгIатца билгалваьккхира иза Каннерчу кинофестивалехь. 2019-чу шарахь "Дылда" фильм бахьана долуш шуьйра вовза вуьйлира Балагов. Оьрисйчоьно "Оскар" эца хьалхатеттинера кино. The Last of Us сериалан хьалхара эпизод хIоттон дезаш вара иза, амма дукха ца Iаш проектера аравелира "кхоллараллехь барт цахилла". Зазадокху-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара иза, бахьана Украинехь болийна тIом лерира режиссеро.
- Берлинан 73-гIа кинофестиваль хир ю чиллан-беттан 16-чуьра 26-чу дийне кхаччалц, Encounters секцихь гойтур ю 16 фильм. Фестивалан сайтехь Мусаеван "КIара лоьху хьозано" кино ю цIейаьккхинчарлахь.
- 2022-чу шеран зазадокху-баттахь фестивалан пресс-гIуллакххоша дIахьедар дира Оьрсийчоьно Украинехь тIом болор йемалдеш. Фестивало дуьхьало йина юкъарлонаш лело Оьрсийчоьнан официалан институцешца а, делегацешца а, Оьрсийчоьнан рожан агIончашца а.