Нохчийчуьра вахархочунна гIуда тоьхна оппозицин каналан чатехь комментарий йитарна

Гайтаман сурт

Меттигера вахархо Мадаев Адам экстремизмана бехке лаьрра Гуьмса гIалин кхело мехкан Iедалхошна оппозицихь йолчу 1АДАТ телеграм-каналан чатехь йоза дарна. Итт эзар сом гIуда хьарчийна цунах.

Кхелан сацамца а догIуш, чатехь "Adam" ("shishan63" йу цуьнан ник) аьлла, йазвеллачу Нохчийчуьра вахархочо комментарий йитинера. Полицина экстремистийн хеттера иза, "къаьмнашна а, динашна а йукъахь гамо" йаржош. Комментарийн текст кхело ца гойту.

Кхелехь Мадаев Адам къера хилира, цр дIахьедира, ша дохковаларх а. Оцу артикло 10 эзарна тIера 20 эзаре кхаччалц гIуда кхачадо, йа 15 дей-буьсий чохь доккхуьйту. Кхело лаххара гIуда тоьхна, витина иза.

  • ХIинццалц схьа къайлах лелла жигархо Янглубаев ИбрехIим оханан-баттахь гучувелира, цо дийцира шен оппозицин нохчийн 1АДАТ боламца йолчу уьйрах. Янгулбаев – иза кхоьллинчех а, цунна урхалла дечех а цхьаъ ву.
  • 2022-чу шарахь юстицин минмистралло йихкинчу экстремистийн организацийн реестре йазйира нохчийн йукъараллин "Халкъан болам Iадат". Хьалхо Нохчийчуьра Лакхарчу кхело а лерира иза экстремистийн болам.
  • Стохка дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалара Заводской кIоштан кхело экстремистийн лерира масех телеграм-каналера публикаци – ишта иск чуйеллера хIетахь Нохчийчоьнан прокуроран гIовсо.