Чоьхьарчу гIуулакхийн министраллин белхахоша Соьлжа-ГIалахь меттигера йахархо Царалиева Роза лаьцна. Иза бехкейо бозбуанчалаш лелорна. Лаьцна йалийна иза а, цуьнан ши йоI а камерана хьалха хIоттийна церан йуьхьйаьхна исламан дарбанан Центран куьйгалхочо, Нохчийчохь мехкан урхалхочун уллорчу гонера лоруш волчу Эльжуркаев Адама.
Царалиевна аьрзнаш динера цуьнан лулахоша, чIагIдо ЧГТРК "Грозный" телеканалан видео тIехь. Церан хIусаме баьхкинчу полисхошна карийнера "холмачхойн" гIирсаш, иштта цунна тIеоьху нах дIайазбина тептар а, боху сюжетехь. "Хала ца хилира" полисхошна и нах схьакарон а, дуьйцу ролика тIехь.
Эльжуркаевс дIахьедарца, нах цунна тIеоьхуш хиллера, "шайн ахчанца хьал тодан а, могушаллина дарба дан" а.
Оккультисташна Нохчийчохь тIаьхьабевлла лелар долийра масех шо хьалха дуьйна. Цхьана 2021-чу шарахь, меттигерчу телехьожийлехь нахала а бохуш, оцу кепара лецарш мел кIезиг а 14 хилира. Кху шарахь "бозбанчалла" лелорна бехкаш дахар кхин дIа а дIадаьхьира - Маршо Радионо оцу кепарчу хиламех дийцира дечкен, зазадокху, марсхьокху а беттанашкахь. Даим санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
- Стохка гIаждужу-беттахь Лахара Гезлой-Эвлара вахархо а, цунна тIейеана хилла зуда а лаьцнера Гуьмсан кIоштан полицино бозбанчалла лелорна шеконаш хилла. Цуьнгара а, цунна тIеоьхучаьргара а бехкаш даьхна камерана хьалха хIиттийна, "жинаш лоьхкуш ву" аьлла лоручу "Исламан медицинан Центран" куьйгалхочо Эльжуркаев Адама. Хьалхарниг стаг вац элира цо, шолгIачунна -Iовдал ю элира. Мича низаман буха тIехь лаьцнера "холмачхо", хууш дац.
- Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеон тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.