Экстремистийн гIуллакхех Нохчийчуьрчу парламенто хIоттийна низаман проект Госдумин бакъонийн урхаллехь ца магийна. Долчу законаца иза догIуш цахилар билгалдаьккхира юристаша.
Хаамийн материалаш экстремизман бух болуш ларар дара Нохчийн парламентареша доьхург. И тайпа латкъамаш регионан а, мехкан а лакхарчу кхелашкахь бен талла магийна ца хилийтар. Вуьшта а цу хаамийн бакъболу автораш а уьш зорбане даьхнарш а талламашна йукъаозон дезар а долуш. Цкъачунна и тайпа экстремистийн гIуллакхаш муьлххачу кIоштан кхелехь талла мегаш ду.
Бакъонийн урхаллин законопроектан хьокъехь бинчу сацамехь боху, административан латкъамашца дерш лерина ца Iаш, административан бакъонаш эшоран материалаша, бехкзуламан гIуллакхаш а лара тарло экстремистийн. И дерриге хуьйцуш хилча, низамехь хийцамаш бан беза.
2017-чу шарахь а кховдийра Госдуме и тайпа чулацам болу низаман проект. Амма Оьрсийчоьнан парламенто чекх ца йалийтира.
- Дуьххьара дац нохчийн депутаташа и тайпа лаамаш бовзийтар. Амма Москвахь уьш къобал ца бо. 2015-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто Госдуме кховдийра терроризмехь бехке болучеран дин а, церан къомалла а билгал цадаккхаран проект. Амма и болх а чекх ца балийтира. И тайпа барамаш законехь болуш ду, аьлла жоп делира хаамийн политикин профилан комитето.
- Бехке хила тарлочеран дин а, къомалла хьехон ца магош проект кховдийра 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан парламенто Госдуме. Цу законопроектан автор республикерчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад вара. Оьрсийчоьнан Iедало иза а тIе ца лецира.