Резервехь лаьттарш дIагулбе аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчуьрчу ярташкахь

Кадыров Ахьмадан цIарахчу леринчу полкан тIемалой

Нохчийчуьрчу ярташкарчу администрацешкахь официалан кехаташ дIасакхехьийтина, тIеман гуламашка цхьацца резервехь лаьтта стаг схьагулвар тIе а дожош. Гудермесан кIоштахь даржийна кехат ду меттигерчу администрацин куьйгалхочун гIовса Исмаилов Мохьмада Чиллан-беттан 4-хь тIе куьг яздина.

Цхьана бетта чохь резервехь лаьттачунна кхачор ду 23 эзар 700 сом, яздина ду кехатехь (документ Кавказ.Реалиигахь ду – ред.). Гудермесан кIоштан администрацехь тIечIагIдира иза бакъ кехат хилар. Нуьцкъаллин органашца а, динан урхаллашца зIе латтон декъан куьйгалхочо Александров Ильяс и гуламаш шен лаамехь бу, аьлла.

"Шен луучо тIеман министраллица контракт яздо, лоьрийн комиссех чекхволий, кхаа денна тIеман декъе гуламашка воьду. Бутт баьлча юха а воьду цхьана баттана. Гуламаш Нохчийн республикерчу Калиновская эвлахь дIохьош бу, цигахь Iаморан центр ю", - хаам бина Александровс Кавказ.Реалиига.

Цо тIетуьйхира, "иза мобилизаци яц, тIом боьдучу меттигашка вуьгуш цхьа а вац". Александровс бахарехь, Оьрчийчоь мел-ю дIахьош бу оцу тайпа барамаш: "Советан хенашкахь санна, шун а, сан а дай-наной дIагулбар санна. ХIинца иза юхадеана. Дала генадоккхийла, вайна тIом хIоттахь, цара шайн декхарш говза кхочушдийра ду".

Чиллан-бутт болалуш интернетехь видео яьржира, оцу тIехь "Урал-ВВ" а, "Тигр" бронетранспортерийн, бронемобилийн Кадыров Ахьмадан цIарахчу 141-чу леринчу полкан ("Къилбаседа" полк) Росгвардин тоба ю новкъахула схьайогIуш. "Радио Свободан" журналиста Крутов Марка видео яьккхина меттиг билгалъяьккхира – тоба Соьлжа-ГIалара Краснодаре йоьдуш яра, ткъа ша видео ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу Прохладный эвлахь яьккхина яра. ТIеман девнаш толлучу аналитикан Conflict Intelligence Team цхьанакхетаралло билгалдаьккхина, Кадыров Рамзанан куьйгкIела йолу нохчийн Росгварди наггахь бен ца йолу республикера ара.

  • Чиллан-беттан 15-хь тIеман министралло хаам бира, Малхбузан, Къилбан тIеман гонашкара тIемалой а, техника а шинарин дийнахь Iаморашкара цIадерзорг хилар, аьчкан некъа тIехула а, машенан транспортаца а.
  • Кху деношкахь тIеман министра Шойгу Сергейс хаам дIакхачийра президенте Путин Владимире, Iамораш массо а флоташкахь а, тIеман гонашкахь а дIахьош хиларх. Коьртачу декъанна уьш хIиттош ду Баренцеван, Iаьржа, Балтикан а хIордашкахь, иштта Малхбузан, Къилбан тIеман гонашкахь а. Леррина Iамораш ду Латтаюккъера а, Къилбаседан а, Охотскан хIордашкахь а, Атлантикан океанан къилбаседа-малхбалерчу декъехь а хIиттош.
  • Оьрсийчоьнан а, НАТО-н а юкъаметтиг телхинчу хеначохь дIахьош ду и Iамораш. Америко а, цуьнан Къилбаседа Атлантикан бертехула болчу агIончаша а дIахьедо, Оьрсийчоьно Украинан дозанца эскарш гулдина, луларчу махкана тIелатаран кхерам сов боккхуш. Зорбанаша шайн хьостанашна тIе а тевжаш ур-атталла тIом болалон денош билгалдохура – масала, Чиллан-беттан 16-гIа де.