Меттигерчу Iедалхошна критика еш видео яьккхинчул тIаьхьа вайна Нохчийчуьра вахархо, Аюб Вахаевич цIарца социалан машанашкахь вевзаш хилларг, хааме даьккхина блогеро Абдурахманов Тумсос. Пхи де хьалха лачкъийна вигина кадыровхоша нохчийн блогер Аюб Вахаевич, дIахьедо Абдурахмановс. "Кавказский узел" интернет-ресурсо бина цунах лаьцна хаам.
"Iедалхошна цхьадолчунна тIехь реза воцуш, масала, бертаза вакцинаци яйтарна а, шайна хIума ца елча, Гумс хинан хоршахь тIо баккха цамагийтарна а", яздина блогеро шен Аbu-Saddam Shishani ник лелочо телеграм-каналан агIонехь.
"Ша жимстаг Куьрчала-кIоштарчу БIачи-Юьртара ву", - билгалдоккху Абдурахмановс.
Карарчу беттан 21-чохь Фейсбукерчу шена аккаунтехь зорбане яьккхина хиллера цо, "Шайна нохчашначул а кхерамзалле ду туристашна Нохчийчохь" аьлла, 13 минотехь дIаязйина видео.
БIачи-Юьртахула экскурс йо блогеро шен роликехь. Къамел дерзадо цо: "Олуш ма-хиллара, Оьрсийчохь уггар а маьрша мохх бу Нохчийчоь. Хьовсур ду-кх вай", олуш.
Социалан машанехь ша Волгоградехь вехаш ву аьлла, яздина ду Аюб Вахаевича.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикна Магомадов Сайд-Хьусайнна вен Iалашонца дан гIоьртина тIелатар юкъахдаьккхина Австрин къайлахчу сервисаша. Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало бинера и хаам, шайга хаийтинчу хьостан цIе а ца йоккхуш. Хьалххе дийцарехь, цунна кIело кечъеш вара аьллачу шеконашца шиъ лецира, цу шиннех цхьаъ Нохчийчуьра хиллера.
- Мангал-баттахь Гуьржийчохь вехачу нохчийн диссиденто Халитов Хьасана бехкейира Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш, шена кIело ян гIерташ хилла уьш аьлла. Цо интернетехь Iораяьккхина, муьлш бу цахуучу зудчо а, стага а цунна дIовш далар дийцареден аудио.