Нохчийн диаспорехь барт ийгIина? Дуьхьал лаьттачу Ичкерин агIончийн гуламаш хилла Европехь

Нохчийн диаспоран векалш бу Францехь йоьдучу съездехь. Лахьан-бутт, 2022 шо. Трансляцин скриншот

ДIадахначу мукъаденошкахь Ичкерин маршонехьа болчийн къаьстина ши съезд дIаяьхьира Европерчу нохчийн диаспоран векалша. Дуьххьара цхьанакхетар хилира Францихь лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь а, гулам вовшахтоьхнарг вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Цхьа де тIаьхьа хIоттийра къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахмадан лаамца вовшахтоьхна конференци.

Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш, дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх. Делахь а, Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа шого ма хадийра.

Европерчу пачхьалкхашкахь нохчийн диаспоро вагарво ши эзар гергга стаг, яздо историко, талламчас Вачагаев Майрбека. Уггар йоккха диаспора ю Францихь, цу юкъавогIу мел кIезиг а 67-70 эзар нохчо. Германихь веха 50 эзар гергга нохчо, 30 сов ву Австрихь, уггар кIезиг нохчий беха балканхойн мехкашкахь, масех бIе стаг.

Парижа чохь "Толам"

Юкъараллин "Толам" организаци кхоллале хьалха яра, 2017-чу шарахь нохчийн дуьхьалонан хиллачу комбатантех кхоьллина "Барт-Маршо". Цуьнан Iалашо яра диаспорера боллу политикан ницкъаш вовшахтохар.

"Барт-Маршонан" хьалхара митинг хилира 2018 –чу шарахь Страсбургехь, иза леринера чиллан-баттахь нохчашна а, гIалгIашна а депортаци ярна. ТIаьххьарчу 10-I2 шерашкахь нохчийн мухIажаршна акци уггар а йоккхачех яра, цо гIо дира диаспорехь керла политикан ницкъ гучубаккха. Оцу митингехь цхьана могIарехь лаьттачу дакъалацархошлахь кIезигчарна хуийла дара, пхи шо даьлча шаьш кеп-кепарчу партешка а, боламашка а декъалур дуйла.

Сулейманов Джамбулат

Масех шо даьлча "Барт-Маршонан" хиллачу куьйгалхочо Сулейманов Джамбулатаь урхалла дира керлачу боламан – "Толам", цуьнца цхьана юкъахь вара 1997-2004-чу а шерашкахь Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь а Парижанан 40 километар дехьа Мелён гIалахь шайн "Нохчийн Ичкерия Республикан вовшахкхеттачу диаспорин 1-ра дуьненакъаьмнийн съезд" дIаяьхьира цара.

Съездан куьйгалхочо сулейманов Джамбулата дийцарехь, бараман Iалашо яра керла юкъараллин болам кхоллар. Президиумехь бара нохчийн политикан боламан ветеранаш: юкъаралхо Бибулатов Махьмуд, Германихь веха нохчийн жигархо Сулумов ЯрагIи, иштта нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан куьйгалхо Янгулбаев ИбрехIим, Музаев Сайхан (хаамийн гIирсаша хьахийра иза Гуьржийчуьра мухIажар а, 2019-чу шарахь Берлинехь вийначу Ичкерин командиран Хангошвили Зеламхин доттагI а санна), иштта кхин берш а.

Съездан декъашхойн гIо лецира Украинерчу юридикан Iилманийн докторо Мережко Александра а, политико Корчинский Дмитрийс а, Радин депутаташа Чернев Дмитрийс а, Наталуха Дмитрийс а, Магомедов Мусас а, Гончаренко Алексейс а.

Нохчийн диаспорин цIарах къамелдечу Масхадовс а, ЯнгулбаевгIеран вежарша а (цигахь вара царех жимахволу Байсангур, дукха хан йоццуш Оьрсийчоьно экстремистийн тептаре язвина волу) кхайкхамбира, политикан гIуллакхехь жигаралла меттахйаккха, царна хетарехь, Ичкерин маршонехьа болчарна юкъахь барт эгIон гIертачу цхьаболчу ницкъашна дуьхьало латтайе аьлла. И хIун ницкъ бу къаста ца дира цхьаммо а.

Шен цIе а ца йоккхуш, шен юьхь лачкъийна, Украинан агIонехь тIемаш бен Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан векал тIетайра Сулеймановна. Фейсбукерчу шен аккаунтехь кхечу Шейх Мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан векална Чеченский Богданна а тайра "Толаман" хьалханчан позици.

Закаев Ахьмада куьйгалла дечу арахьарчу Iедалан хьокъехь шога вистхилира Сулейманов, цо бехкевира Закаев "цунна тIаьхьаяьлла авантюрийн а, пачхьалкхан зуламийн а дийнна шлейф" хиларна. КIорггера цунах лаьцна ца дийцира цо.

Мелёне гIалахь дIаяьхьна съезд йирзира, 18 стаг юкъахь а волуш, нохчийн керлачу боламан Кхеташо хоржуш- цуьнан хьалханча хIоьттира ша Сулейманов, ткъа гIовс Масхадов. Юкъараллин-политикан болх дIабахьа лерина бу уьш. Цкъачунна дуьйцуш дац билггалчу Iалашонех.

Брюсселера Закаев жоп

Лахьан-беттан 27-чохь, Закаевн агIончаша конференци хIоттийра Брюсселехь. "Нохч-ГIалгIайн Республикин Пачхьалкхан суверенитетан Деклараци" тIеэцна 32 шо кхачарна лерира иза.

Житомиран кIоштан радин декъашхочо Мусевич Аллас шен къамел деш дIахьедира, Украино ша цхьаъ бен воцу бакъо йолу Нохчийчоьнан векал санна Закаев бен тIеоьцуш цахиларх. Цунна тIетайра иштта, Закаевн гона тIегулло аьлла, кхайкхамбина украинхойн журналист Бобровников Алексей а.

Закаев Ахьмад

Радан депутатна Дунда Олегана хетарехь, Украино йозуш йоцуш ю аьлла, къобалйинчу хьалхарчу пачхьалкхашлахь хила езаш ю Ичкери. Депутато бахарехь, цкъа хьалха пачхьалкхехь Ичкерин векалалла схьайелла еза, оцу мехкан паспорт къобалдеш. Цунна хетачунна тIетайра иштта Радан депутат Гончаренко Алексей а, беларусхойн жигархо Матюшина Галина а.

Пачхьалкхан Думан хилла депутата Пономарев Ильяс, Европарламентан депутато, Польшин арахьарчу гIуллакхийн хиллачу министро Фотыга Аннас а, Европарламентан депутато Ючкевич Рассас а, америкахойн политолог Гобл Пола а, кхинболчара а дийцира тахана Украинехь дерг шеко йоцуш йозуш йоцчу Ичкерин юьхь хир ю аьлла.

Нохчийн диаспоран цIарах вистхилира бакъонашларйархо Ибрагимов Сайд-Эми, "Европерчу къанойн Кхеташонан" куьйгалхо Хачукаев Сайд-Мохьмад, Ичкерин парламентан декъашхо Белоев Балавди, "Францера нохчийн Юкъаралла" ассоциацин хьалханча Магомадов Басхан, Швейцарера нохчийн бакъонашларйархо Гашаева Зайнап, политикан гIуллакхдархо Сулумхаджиев Апти, Нохчийчоьнан экс-политик Темишев Муса, блогер Ломаев Муса, деоккупаци ярехула комитетан декъашхо Ахмадов Хьусейн, иштта кхин берш а.

Дагахьдоцург дара съездехь Ичкерин хиллачу шолгIачу президентах Масхадов Асланах йисина Масхадова Кусама гучуялар. Закаевн гуламехь цо дакъалацар дуккхаъчарна тамашен дара, цуьнан цхьаъ бен воцу кIант Анзор премьеран политикан оппонентийн цхьанакхетараллин куьйгаллехь хиларна.

КХИН А ХЬАЖА: Маьршачу Ичкерига са а туьйсуш. Паьнказара жигархочо дуьйцу Гуьржийчуьра нохчех

Цул совнах, дуккхаъчарна инзаре хийтира шариIатан кхерамзаллин экс-министр Халимов Ислам экранехь гучуваьлча. 80-90-чу шерашкахь жигара политик вара иза, Нохчийчохь "Исламан парти Юхаденйалар" вовшахтоьхнарг вара иза, Ичкерин исламан бух дIахIоттон луучарех вара, делахь а 15 гергга шо дара цунах лаьцна хIуммаъ а хууш доцу. Шен къамелехь цо тергойира, хIара барам Нохчийчоьнна деоккупаци ярехь бух буьллуш хила тарло аьлла.

Украинехьа тIемаш бечу Къаьстинчу батальонан декъашхочо Джамбетов Хьусейна а, цуьнан гIовса Зумсо Хьаьжа-Мурда а дIахьедира, шайн тIеман дакъош тIейогIучу заманчохь Ичкерин эскаран база хир ю аьлла.

Съездан къепе йохийра, Брюсселерчу съездехь а цхьана хиллачу, 1АДАТ боламан хьалханчас Янгулбаев ИбрехIима. Нохчийн диаспорехь барт эгIарна Закаев бехкевира цо, амма политикан аренера дIа а вахна, хьал хийца таро ю цуьнан элира цо.

Цунна жоп лун Джамбетов юкъаиккхира, цо дIахьедира, Закаевца мух-муха а къамелдан ша могуьйтур дац аьлла. Къовсам чIагIбеллера, барам вовшахтоьхначийн дийзира ойнлайнехь йоьду конференци сацон, юха дIайолира массо а меттавеанчул тIаьхьа. Закаев гIоьртира кхетон, хуьлушдерг – Iедал караэцаран механизмех цакхетаран жамI ду аьлла. Таханалерачу цхьана а политикна ша конкурент вац элира цо, делахь а, историн уггар жоьпаллин муьрехь и дерриг а охьатаса а дагахь вац премьер-министр. Ша бахьанехь цакхетамаш нисбаларна бехк цабиллар дийхира Янгулбаевс.

Иштта Закаевс баркалла элира Украинана ЧРИ Оьрсийчоьно оккупаци йина территорри хилар къобалдарна. Баркаллин билгалонна цо дIакхайкхийра, Соьлжа-ГIалара "ДоттагIаллин майданан" цIе "Украинхойн Рада" аьлла хийцарх, ткъа Украинан президентана Зеленский Владимирна совгIатна "Къоман сий" орден йелира Закаевс, иштта Дудаев Джохаран орден а.

ДIаяьхьначу съездийн хьокъехь нохчийн диаспорехь хетарг бIостане дара

Конференцихь тIеэцначу резолюцин цхьана могIарехь боху "пачхьалкхан бух чIагIбаллац а, нохчийн къомана а, пачхьалкхана а дуьненаюкъара экономикан гIо латторхьама а 5-10 шарна Нохчийчоьнан дозана тIехь дуьненаюкъара протекторат" юкъаялон йеза.

Билгалдаккха догIу, 1997-чу шеран чиллан-беттан 3-чохь арахецначу "Пачхьалкхан суверенитет а, йозуш цахилар а Iалашдарх" лаьттачу Нохчийн Республикан конституцин низамца бIостане ду иза. Оцу низамо доьхкуш ду республикан статусах дийца, муьлхха а тIекховдар лоруш ду "Нохчийн Республикан къомана дуьхьал шога зуламдар", Нохчийн Республикан низамашца жоьпалла дожадо оцу тIехула.

Дуккха а цхьанацадараш

Нохчийн арахьарчу диаспорехь дIаяьхьначу съездехь хьежамаш бекъабелира – бу цигахь йа Закаевн а, йа Сулеймановн а позицешна резабоцурш. Масала, ЧР-н президиуман хьалханчас критика йира шина а съездана. Шиннан а лелар Ичкерин низамашца догIуш дац аьлла хета цунна, цо кхайкхамбира "низамехь доцчу гIуллакхах дIа а хадий, Нохчийн Ичкерия Республикан конституцин майдане дерза, дуьненаюкъарчу аренехь пачхьалкхана деоккупаци ярехь ницкъаш чIагIбархьама". Цунна хетарехь, ша цхьаъ бен доцу къобалйазчу Ичкерин бакъдолу Iедал ду, цо куьйгалла ден Президиум.

Саралапов Жалаудис (Лемас) куьйгалла ден Ичкерин парламент а йолуш ю, делахь а, цо цхьа наггахь бен ца гойту ша политикан дебаташкахь, дIоггара наха къобалвеш а вац иза. Парламентан декъашхо волчу Идиговс Саралапов тIе а ца лоцу, йа цуьнца зIенехь а вац. ХIетте а, ЧРИ-н парламенто болх жигарабаьккхина тIаьххьарчу беттанашкахь. ХIара материал зорбане йоккхучу юкъанна Европехь дIаяьхьначу съездех лаьцна шена хетарг аьлла дац парламенто.

"Нохчийн Демократийн" партин куьйгаллехь волчу Исханов Хьусейна а ца хаийтина хиллачух шена хетарг, амма конференци дIаяхьа кIира дисинчу заманчохь цуьнан векалш бистхилира Ичкерин Конституцихь 2002-чу шарахь "Низам 2002" аьлла хийцамаш барх. Царна хетарехь, Конституцихь бина хийцамаш низамехь бина бац.

Дукха хан йоццуш оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос кхоьллинчу "Нохчийн аз" политикан партино Закаевн а, Сулеймановн а дуьхь-дуьхьал латтарх цхьаьннан а агIо лоцуш яц. Оцу юкъанна Абдурахмановс емалдира Закаевн агIончаша Янгулбаев ИбрехIим вистхуьлуш динарг – шена хетарг дIаала йиш йолу спикер цаларар хийтира цунна иза.

Шена хетарг довзийтина иштта Шейх Мансуран цIарахчу батальонан векалша а, масала, Чеченский Богдана, цо билгалдаьккхира, нохчийн халкъан менталитет хийцаран гайтам хир бу нохчийн ши съезд аьлла.

"Вайна хьалха ши бюллетень йиллар санна ду, цу тIехь хоьтту: оьший вайна маршо, цхьатерра бакъонаш, нийсо, динамикехь кхиар а, хийцалун Iедал а. Цхьаъ схьаэцначара боху: "ХIаъ, оьшу". ШолгIа схьаэцначара боху: "ХIан, хIан, ца оьшу. Вайн дайшкара кхаьчнарг тоьар ду вайна", - дIахьедира Чеченскийс.

Гончаренко Алексей

Нохчийн политикан организацешна хIун хьоьхур дара хIинцца Украино аьлла, деллачу хаттарна жоп луш украинхойн Радан депутато Гончаренко Алексейс дIахьедира, Оьрсийчохь бехачу, герзашца дуьхьалоян кийча болчу нохчашца контакт дIатасархьама, уггар хьалха вовшахкхета деза.

"Тхуна хууш ду масийттазза и дан уьш гIоьртирий, амма суна хетарехь, тахана эвсара аьтто баьлла- Украинехь гIора эшна Оьрсийчоьнан, цундела нохчийн алсам таронаш ю, хьалхачул а. Украина кийча ю куьйг кховдо а, гIо дан а, иштта со суо ву кийча, "Маьршачу Кавказехьа" фракцин хьалханча хиларе терра", - дIахьедира Гончаренкос Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

The Jamestown Foundation организацин Къилбаседа Кавказехула волчу аналитикна Дзуцати Валерийна хетарехь, генара хьаьжча тардала мега, нохчийн диаспоро хIинца а йийна а йоцчу чанан цIока къуьйсу. Делахь а, экспертана хетарехь, церан цхьанакхетарш а, конференциш а оьшуш ю Европан пачхьалкхашкара а, Америкера а, Канадера а нохчийн жигарчу декъана. Уьш ца хилча церан ницкъ тоьар, бац йоллу регион дIалоцур болчу глобалан хийцамашна кечамбан, тешна ву спикер.

"Съездаша гIо до Iалашонаш хIиттон а, хьалхахьа гIерта а. Кху шарахь гIуллакх ца хилахь а, тIейогIучу заманчохь муххале а дезар ду диаспоран Нохчийчоьнан хеттарш листа. Вон хир дара, уьш цунна кийча бац аьлла хетахьара. Оьрсийчоь йоьхна, ситуацина тIехь контроль эца ницкъ ца хилахь, цунах трагеди хир ю", - элира Дзуцатис.

***

  • Кху шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта ду Нохчийчоь, аьлла ГIадужу-беттан 18-хь сацам тIелецира Украинан Лаккхачу Радо, иштта "нохчийн къоманна йина геноцид" йемалйина цара. 351 юккъера 287 депутата кхаж тессира оцу сацамна. Дуьхьал цхьа а ца хилла, 64 депутат кхаж ца тосуш Iийнера. Документана улло хIоттийначу кехата тIехь дIахьедо, Нохчийчоь СССР-на юкъара а яьлла, Ичкерия аьлла, шен суверенитет дIакхайкхийра. Текстехь чIагIдо, ООН-н уставехь тIечIагIйинчу цхьатерра бакъонаш хиларан а, къаьмнийн шайн харжам бан бакъо хиларан а принципашна Оьрсийчоьно дуьхьало йора аьлла.