Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар, кадыровхоша лачкъийна йоI, нохчийн бакъоларйархо Янгулбаев лехамашка валар, – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 25-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Iедалх ведда нохчо ГIиргIазойчохь лацар
[Аудио Мовлаева: "Со дIалахь, суна хиндерг хьайна хаьа-кх хьуна. Резонансо бен гIо дийр дац. Хан кIезиг йу..."]
ГIиргIазойчохь лаьцна 28 шо долу Нохчийчуьра спортхо Мовлаев Мансур, ша лачкъийна а вигина, шена тIехь гIело латтийначул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIаваханера иза. Регионан Iедалхой тIаьхьабевллера цунна, Кадыров Рамзанна цо критика йарна. Стохка къайлахчу набахтера вада аьтто белира цуьнан, цу чохь латтийнера иза ницкъахоша шайггара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула хан текхначул тIаьхьа.
ГIиргIазойн Iедалхоша марсхьокху беттан 21-чохь Мовлаевна бехкаш дехкира бакъо йоцуш шайн доза хадорна – луларчу Казахстанехула чувеънера иза.
Туркойчу дехьавала дагахь хиллера иза, цигара дIа Европе а вахана, шена тховкIело йеха, йаздо "Оьрсийн Би-Би-Си" телеканало, нохчийн оппозиционерашна тIетевжина. Цуьнга кховдийначу артиклехь билгалдаьккхина ду, тховкIело йоьхучу арахьарчу мехкийн бахархойх а, махкалла доцчу нахах а и хьакхалуш йац и къепе аьлла.
ГIиргIазойчуьра бакъоларйархоша боху, "шина пачхьалкхан къайлахчу сервисийн уьйраш хиларна" Мовлаев Оьрсийчу дIахьажавахь, цунна боккха кхерам лаьтта. Даймахкахь иза вен тарло, боху бакъоларйархоша.
СИЗО-хь шена латточу хьелашна латкъам ца бина Мовлаевс, цуьнгара хьал а вон дац, хаамбира Кавказ.Реалиин сайте адвокато Насыров Ильгиза – марсхьокху-беттан 21-чохь лаьцнарг волчахь хилира иза.
ГIиргIазойчоьнан къоман кхерамзаллин Пачхьалкхан комитетан хаамашца, стохка марсхьокху-баттера схьа дуьйна пачхьалкхашна йукъарчу лехамашкахь хилла ву Мовлаев. Иза бехкево "террорхойн къайлах лелачу тобанхошлахь" хилла ву, шайн пачхьалкхера хьал долчу нахана тIелатарш дан кечлуш хилла бохуш. Цхьана террорхойн организацешна ахча латтон Iалашо хилла церан боху. Делахь а, оцу гIуллакхехула Мовлаевна биллина бехк бац цкъачунна, боху адвокаташа.
Оцу йукъанна, Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хаамбира Кавказ.Реалиига, Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн гергарнаш Iедалхоша лечкъина бигина аьлла. Лаьцначо ша бахарехь, вуьйцург ву цуьнан ши ваша. Нохчийн оппозиционерийн хаамашца, карарчу хенахь Шеларчу полицин декъехь латтош ду Мансуран да-нана а, йиша а. Полицин декъехь бакъ ца до Мовлаевн гергарнаш шайн карахь хилар.
КХИН А ХЬАЖА: Вен дIавала? Iазапех Нохчийчуьра веддарг Оьрсийчоьне дIавала тарлоШа ца йейта йедда йоI лачкъийна кадыровхоша
Махкара 26 шо долу Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь лачкъийна – стохка йеддера иза цIера, ша "сий Iалашдеш" гергарчара йерна кхоьруш. Цо къола дина хилла аьлла шеконашца Нохчийчу йуьгуш йу иза – адвокатана ца карайо лачкъийнарг, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано.
Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира, биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова сацийна 150 эзар соьмана цо дашон хIуманаш лечкъийна аьлла. ЙоIехь хIуммаъ а карийна йац, официалан версица, хьенан хилла уьш а – хууш дац.
Ницкъахоша дIахьедира лачкъийначун адвокате, Сулейманова Соьлжа-ГIалара полицин декъе йуьгур йу, ткъа Кудрявцевга аьллера, Ахматан (Ленинан) декъе. Пулковн аэропортехь йоI карон аьтто ца баьлла, иза зIене йолуш а йац.
Кху шеран чиллин-баттахь Сулейманова ц1а йига гIоьртинера цуьнан вежарий, цул тIаьхьа болх а, ша йеха адрес а хийцинера цо, дуьйцу "СК SOS" тобано. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйархошка орца дехнера цо, ша кхачам боллуш дин лелош цахиларана, гергарчара "сий лардеш" йерна кхоьруш йу ша аьлла. ТIаккха Нохчийчуьра йеддера йоI.
Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара кхоьллина хила тарло, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.
Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара.
КХИН А ХЬАЖА: "Доьзало йуьйр йу баьхнера". ГIелонах йедда нохчийн йоI лачкъийна кадыровхошаНохчийн бакъоларйархо Янгулбаев федералан лехамашка валар
Оьрсийчохь лехамашка велла оппозицин нохчийн жигархо Янгулбаев Абубакар. Цуьнах лаьцна хаам т1ехь болуш карточка гучудаьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сайтехь. Хьалхо пачхьалкхера дIаваха дийзира цуьнан, нохчийн Iедалхой тIаьхьа а бевлла.
Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, Янгулбаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх, терроран гIуллакхаш дар хьоьхуш, интернетехь кхайкхамаш барна. Бахьана ду, Соьлжа-ГIалара стадионехь эккхийтар дича велла президент Кадыров Ахьмад хьахош дина йоза. ТIаьхьо публикаци дIайаьккхира.
Кавказ.Реалиига хаамбира бакъоларйархочо, ша Нохчийчуьра Талламан комитете вала дагахь хиларх, урхаллин белхахоша ледарло йарна, хIунда аьлча, гIуллакх айдарх лаьцна Янгулбаевга аьлла хIума а дац, йа цуьнга дина хеттарш а дац.
Жигархочунна дуьхьал айдина шолгIа гIуллакх ду хIара. Мангал-баттахь цунах шеко хилира, цо экстремистийн гIуллакх лелор вовшахтоьхна аьлла. Бахьана дара, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а лелочу оппозицин 1АДАТ боламан эфирашкахь дакъалацар. Кадыровхоша лачкъийначу церан ненах Мусаева Заремех лаьцна хуьлура эфираш. Оцу йукъанна бакъоларйархочо масийттаза дIахьедира, цу телеграм-каналаца ша гIуллакх догIуш вац, йа цунна реза а вац аьлла.
Янгулбаев Абубакаран нанна Мусаева Заремина Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккха 5,5 шо хан тоьхна. Бакъоларйархошна хетарехь, 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду, адвокаташа дукхазза дIахаийтира, оцу гIуллакхехь харцонаш лелорах.
Мусаева лаьцчхьана, цуьнан могушалла ледара йоллушехь, йеххачу заманчохь изоляторехь латтийра иза. ЯнгулбаевгIеран доьзалера кхинберш декхаре хилира пачхьалкхара дIабаха, Нохчийчуьра Iедалхоша кхерамаш туьйсура царна.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн оппозиционер Янгулбаев Абубакар федералан лехамашка веллаНохчийчохь а, Кавказехь а нах лечкъорах рапорт хьажийна ООН-е
Нохчийчохь тIом болчу шерашкахь адамаш лечкъорах, иштта Къилбаседа Кавказехь нехан бакъонаш хьешарх шаьш йукъахь далийна масалш ООН-е хьажийна "Мемориало" а, "Бакъонан инициатива" проекто а. Оьрсийчоьнан ницкъахоша нах лечкъабо, уьш кхерон, шайна оьшу мукIарло цаьрга дайта, йа бекхам беш, аьлла ду документа тIехь.
Авторша бахарехь, кхерам кIел нисло – терроризмаца зIенаш йу, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъа лаьцна бу аьлла, шеконаш йерш, иштта ЛГБТК+персонаш, Iедалхошна йа церан гергарчарна критика йийраш а. Дукхачу меттигашкахь бакъоларйаран органаша лечкъийна нах латтабо арахьарчу дуьненца зIе а йоцуш, царна тIехь гIело латтайо, кхинйолу шогалла а лелайо цаьрца, чIагIдо рапортан авторша.
Доккхачу декъанна рапортехь дуьйцу Нуханов Исламан г1уллакхах. 2019-чу шарахь ютьюбе видео хIоттийнера цо, Соьлжа-ГIалара элитан кIоштах лаьцна, цигахь бехаш бу Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарнаш а, кхинболу лаккхара даржхой а. Цул тIаьхьа лачкъийра Нуханов, кхаа кIирнах сов латтийнера иза Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь, ша шена доцург а дийцийтинера цуьнга. 2020-чу шеран гIадужу-баттахь колонихь даккха диъ шо хан туьйхира цунна, бакъо йоцуш герз лелорна а, ницкъахочунна тIелатарна аьлла.
Бакъоларйархоша рапортехь тидам тIебохуьйту, сингаттаме тенденци йаржарх, шайн бакъонаш Iалашйан хьийза зударий кхерош. Масала, 2021-чу шарахь кадыровхоша Дагестанера шелтерера лачкъийра Кадыровн гонерчу цхьаннан йоI Тарамова Хьалимат. ЦIера йеддера иза, иштта шен ориентаци бахьана долуш а. Шо сов хан йара цуьнан кхолламах хууш хIума доцу, 2022-чу шеран лахьанан-баттахь "СК SOS" кризисан тоба йиллинчу Истеев Давида хаамбира, йоI дийна йу аьлла.
Вучич Украинехьа ву, хьалхо Кремльца хиллехь а
Балканан а, Балканна гергарчу итт регионаша а куьйгаш йаздина Украинана гIортор йечу декларацина, царлахь нисйелла Серби а. Тоххара пачхьалкхан президент Вучич Александр цхьаьнакхеттера Нохчийчоьнан урхалхочун хьехамчаца Даудов Туркоца, цо чIагIонаш йора, Оьрсийчоьнца "вежарийн йукъаметтигаш" йу, цхьаммо а Iаткъам барх йухур а йоцуш бохуш.
Куьйгаш йаздар нисделла Афинашкахь, цигахь вара Украинан президент Зеленский Владимир а.
Вучич воцчо а, декларацина куьйгаш йаздина Молдован, Черногорин, Румынин, Косово Республика аьлла ах къобалйинчу пачхьалкхо а, Боснин а, Герцеговинан а, Къилбаседа Македонин а, Болгарин а, Хорватин а, Желтойн а мехкан куьйгалхоша а. Куьйгаш йаздечу заманчохь цигахь йара Еврокомиссин куьйгалхо Урсула фон дер Ляйен а, Европан Кхеташонан куьйгалхо Шарль Мишель а. Пачхьалкхаш тIетайра Зеленскийс кховдийначу "машаран формулина", цу тIехь билгалдаьккхина Украинан дозанаш тIера оьрсийн эскарш арадахар.
Дагадоуьйту, лахьанан-баттахь Вучича Сербихь тIеийцира Кадыров Рамзанан хьехамча Даудов Турко– цхьанакхетаран Iалашо ца йийцира цара, амма президенто схьаийцира Даудовгара совгIат - вета а, куй а, дIахьедира, "дуккха а бIешерашкахь схьайохьу Оьрсийчоьнан а, Сербин а йукъаметтигаша шаьш ницкъе хилар дIагайти" аьлла.
Сербин а, Нохчийчоьнан а яц уллора экономикан а, политикан а юкъаметтигаш, амма Белградо а, Кремло ю юьйцу уьш "вежараллин" ю бохуш. Цуьнан коьрта бахьана ду, Косовоца юкъаметтигаш дIанисъйеш доьлхучу дийцаршкахь Оьрсийчоьно гIо латтор. Доккхачу декъанна, стохка хаамбора, Сербихь цхьахболу урам Нохчийчоьнан куьйгалхочун веллачу ден Кадыров Ахьмадан цIарах хилийта дагахь бу бохуш, иштта дуьйцура КъорIан Iамош школа йилла а Iалашо ю аьлла.
Вучича декларацина куьйгйаздан сацамхиларх йина комментарий йац йа Нохчийчоьнан Iедалша а, йа Кремло а.
Вучич Александра диллина ца хаийтира ша Оьрсийчоьно болийначу тIамна реза ву аьлла, амма хьалхо цо дIахьедора, Украине толам баккхалур бац, билгаллбохура оьрсийн эскаран кхиамаш, Белградна Малбузено Iаткъам бо бохура тIом болийначу йукъанна. Ткъа Сербихь чIагIдо, цхьана а агIонна шаьш героз латтош дац бохуш, амма марсхьокху-беттан йуьххьехь пачхьалкхан урхалхочо Украина "доттагIаллин" мохк бу элира, "Косовн суверенитет цкъа а тIелоцур йоцу".
КХИН А ХЬАЖА: Украинана тIетайна Сербин куьйгалхо. Хьалхо Кадыровн хьехамчана чIагIо йора цо, Оьрсийчоьнца "вежарийн йукъаметтигаш" йу бохуш