"Нохчийн къоман эхь". Йозуш йоцчу режиссеро – Украинерчу тIамах а, Кадыровца кхерамаш тийсарх а

Заудинова Зарема

Заудинова Зарема – режиссер а, Оьрсийчоьнан документалан "Театр.doc" пьесийн театрехь резонансе масех спектакль хIоттийнарг ю. Ю царлахь нохчийн бакъонашларъярхочунна Титиев Оюбна тIехь йинчу кхелах лаьцна, ницкъахой новкъарло ян гIертташехь хIоттийнарг а, иштта Оьрсийчоьнан набахтешкахь гIело латторах а. Стохка пачхьалкхера дIаяхара Зарема. ХIинца Гуьржийчохь ехаш ю иза, цигахь комьютеран ловзар ду цо юкъадаккха кечдеш, сюжетан бухехь Нохчийчуьра ши тIом бу, гIо до цо украинхойн мухIажаршна. Киеве яха дагахь ю Зарема, керла тIом лайначу нохчех лаьцна дийцарш лаха.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Заудинова Заремас дийцина шен нохчийн гергарчех а, бала хьегарх а, Оьрсийчохь шен спектаклаш юкъахъяхарх а.

– Алтайн махкарчу жимачу эвлахь йина ю со, - дуьйцу Заремас. - Сан да Нохчийчуьра веана хиллера Сибире деша, цигахь сан нана евзинера цунна. Нана оьрсий ю, махках баьхначу Донера гIалгIазакхех. Суна суо нохчи хета, сан бераллин цхьа дакъа Барнаулера гергарнаш болчахь дIадахна. Сан диъ шо долчу заманчохь, да Нохчийчу юхавахара, со ненаца йисира.

1994-гIа шо дара, Нохчийчохь хьалхара тIом болалуш. Зачисткех а, фильтрацин лагершкахула а чекхваьлла ву сан да шина а тIамехь. Цкъа а тIом бина вац иза, маьрша вахархо вара, мультикашка хьоьжуш хазахетара цунна. Амма иза лачкъавой, дIавуьгура, Оьрсийчоьнан эскархоша тIехь ницъ бора. ТIаьххьара иза волчу Нохчийчу хьошалгIа яхна со 2017-чу шарахь.

– Барнаулерчу нохчийн диаспораца хьан юкъаметтинаш муха нисъелира?

Зарема хьалххе маре яла еза, оцу шен шен киншкашца дукха хьекъале хир ю иза, тIаккха цхьамма а юьгур яц

– Школе лелачу хенахь сайн нохчийн гергарнаш болчахь дIайоьлхура сан аьхкенан мукъа хан. Книгаш йоьшуш хазахета суна, тхан Антоньевка олучу эвлахь цхьа жима библиотека бен яцара, чIогIа сингаттаме ю и меттиг. Школех мукъа йолчу хенахь дийнахь-бусий йоьшуш Iара со, гергарчаьрга хезара: "Зарема ма хьеелаш, йешийта, профессор хир ю цунах". Иштта олура: "Зарема хьалххе маре яла еза, оцу шен шен киншкашца дукха хьекъале хир ю иза, тIаккха цхьамма а юьгур яц". Девежарша суо цхьанхьа а ца йохуьйтура со, вежаршца бен. Книгаш юхкучу туькана а сайн яха йиш яцара, улло ваьлла цхьаъ воцуш.

– Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дехоша шайца Iан еза бохуш, тIера ца бовлурий?

– ХIаъ. Со а, сан нана а къоьллехь йоллура. Сан дешарх мах бала таро яцара цуьнан, гIалахь суна петар лаца а йиш яцара, лакхара доьшийлехь соьга дешийта ницкъ ца кхочура. Барнаулехь деша хIоттахь, деваша волчахь Iойла дара сан. Амма со дуьхьал елира, хIунда яьлча, яхарца-ярца маьрша яцара со. Вежаршца йа баккхийчу зударшца бен чуьра ара ца йолуьйтура. Аьттехьа а со цунна реза яцара, ас сацамбира юкъарчу Iойлехь дIатаръяла, хьелаш цахиларо со кхерор яцара. Йоккха скандал гIаьттира гергарчу нахехь Iен ас дуьхьало йича. Амма библиотекашка, книгаш юхкучу туьканашка, семинарашка, хааршка кхочийла дара сан.

– Гергарчара муха тIеийцира?

– Суна Iаткъамбан буьйлабелира диаспорехь. Со цIа а еана, нохчийн зудабер санна, церан Iуналлехь яха еза бохура. Девежарша соьга, сан нене телефонаш йеттара, кхерамаш туьйсура, суна урс хьокхур ду бохуш. Дешна яьллачул тIаьхьа, дуьхьал богIий, со машенчу а тухий, гIалел арайоккхура, дуьйцура, со къоман эхь ду, иштта ваха мегар дац, нийса дац, суна КъорIан а ца хаьа бохуш. Юх-юха леладора иштта.

Маре а дахана, тхо цIахь Iен деза, бераш деш, уьш кхиош, ткъа божарша тхан метта сацамаш тIеэца беза аьлла ца хета суна

Цхьана мIаьргонехь ас элира: "Суна КъорIан хаьа, ткъа шуна хаьий?" Эххар а суна тIаьхьара бевлира. Маре а дахана, тхо цIахь Iен деза, бераш деш, уьш кхиош, ткъа божарша тхан метта сацамаш тIеэца беза аьлла ца хета суна. Со ца теша оцу системех, ца теша иза зударшна пайденна, иштта нохчийн а, дара аьлла. Сан коьрта модель – вайнехан зуда -тIемало. Суна Кавказ – маршо, хIоранга а нийсо а, ларам а хилар ду, бакъоцахилар, лай яр дац. Суна гергахь, и ду-кх вайнехан са.

– Хьан сацамна реза хилирий гергарнаш?

– Шайн куьйгакIел со ерзо аьтто ца хилча, "нохчийн къоман эхь" аьлла, мухIар туьйхира суна. Фамили хийца еза, шайна тIе эхь ца дохьуш, бехира. Оцу юкъанна Нохчийчохь веха сан да дуьхьал вацара со суо Iайта.

– Амма бехкаш дахар ца соцура?

– ХIаъ, Оьрсийчохь "Iаьржа*****" яра со, Нохчийчохь "нохчийн къоман эхь". ДIакъастийнарг яра со. Доллу чинаш а, "совгIаташ" а лехьийна яьлла со. Суна и вон позици ца хета. Гергарчара "нохчийн къоман эхь" аьлла, дIакхайкхийна со, - царна и хIинца кхерамзалла а ю. Сан жигара позици бахьана долуш, кхинболчу жигархойн доьзалаш санна, уьш хьийза ца бо.

"Кадыровца кхерамаш тийсира суна цхьана Оьрсийчоьнан драматурго".

– Москвахь ахь спектаклаш хIиттайора Iазап хьегийтарх лаьцна. Муха нисделира иза?

– Цхьана дийнахь Расторгуев Александран "Чистый четверг" кино хьаьжира со, курс ерзош болх а бара сан цуьнан "Жар нежных" цIе йолчу кхечу фильмах лаьцна язбеш. Цуьнан цхьа могIа интервьюш йийшира ас, цигара хиира суна Разбежкина Маринин а, Угаров Михаилан а документалан кинон, театран Школех лаьцна. Угаров мила ву хьажа хIоьттича, суна карийра цуьнан "Обломов" пьеса. Со кхийтира, иштачу нахаца цхьаьна дIахIотта мукъа а сайна лаарх. Угаровца хиллачу интервьюхь суна хьахош хезира Курочкин Максим (украинхойн драматург, актер, сценарист), карийра цуьнан тексташ. Угаровн а, Курочкинан а белхаша иракарахIоттийра со, 2014-чу шарахь Москва еара со. Оцу школе деша хIоьттира. ТIаьхьо Угаровс ша волчу балха кхайкхира со. ХIетахь "Театр.doc-н" Iедалхошца проблемаш юьйлаелира.

Билгалдаккхар: Москварчу бахаман департаменто Iаткъам бора театрна, цхьана агIонан кепехь арендех бина барт юкъахбоккхуш. 2014-чу шарахь Москварчу полицино Евромайданах лаьцна украинхойн кино "Театр.doc-хь" гайтарна новкъарло йира. Украинхойн кинорежиссер Сенцов Олегехьа гIо лоцуш, гойтуш яра и кино. Полисхоша дIаяьхьира театран аппаратура, хьовсархойн цIераш дIаязйира.

Цунна тIаьхьабевлла лелачу заманчохь кхечира со "Театр.doc-е". Бахархойн а, бакъоларъяран а агIонашкахула йолу театр кхоьллина, цуьнан куьйгалла дечу Угаров Михаилца а, Гремина Еленица а болх бора ас. Даржаш дацара цигахь, анархи бен яцара. Угаровн ассистент яра со, сайн спектаклаш хIиттайора ас. Iазапаш хьегийтарх лаьцна спектакль хIоттош яра со. Белхан накъосташа "Iазапийн амбассадорка" аьлла, цIе тиллинера суна.

– Хьайн гергарнаш а Iазапаш лайна хилар дарий хьан Iазапашца йоьзна хилар?

– Суна хетарехь, Iазапаша хьан цабезам, оьгIазалла, бекхам бан лаам меттахбаккхархьама, хьан дена, (сайчунна санна) ницкъ бан беза, - сан цуьнах кхетарца цхьаъ нийса дац. Амма бакъ ду, со къизаллаш лелоре хьоьжучу хенахь (муьлххачу), суна сан да дуьхьалхIуьтту. И тIаьхьара ца долу суна.

– Хьовсархоша тIе муха ийцира?

– Оха "Iазапаш" спектаклехь йоьшучу хенахь, шех бIобулу цхьа театран критик хьалагIаьттира. Цо элира: "Исбаьхьалла ца тоьа аьлла хета суна оцу Iазапашна". Ас жоп делира: "Суна хетарехь, эфэсбэшникашка дала догIу и хаттар, соьга дала ца догIу".

"Ширачу хенахь дуьйна хилла ду Iазапаш", - бохура цо. Оха йоьшу, терго йо, ткъа нахе гIело хьоьгуьйту электрошокца, хьийзабо швабрашца. Ткъа тхо хевшина Iийр ду, метафораш дага а йохкуьйтуш? Цуьнах гIуллакх ца хуьлу.

– Оцу тIехула хьуна Iаткъам бан маца буьйлабелира?

– Болх болийчхьана дуьйна ю со "тергонца" а, "ладогIарца" а. "Сети" гIуллакхехула болх бечу бакъонашларъярхошца со цхьанакхеттачу хенахь – "совгIатца" еара – лар хьаьшна веанчу кхаа эшникца (Экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахой.- Редакцин билгалдаккхар.) Спектаклаш юкъахйохура: бомбанаш лоьху олуш, гомосексуалаш лоьху олуш. Феруза Iелин гIуллакхах лаьцна спектакль иштта лоьхура цара, ""гейх лаьцна кхузахь стенгахь ю шун?" бохуш. Iаткъамбар – сан белхан могIарера фон ю.

Заудинова Зарема

2018-чу шарахь "Мемориал" меттигерчу офисан куьйгалхочунна Титиев Оюбна дуьхьал гIуллакх даьккхира. Наркотикашца доьзна дара бехктакхаман гIуллакх. Соьлжа-ГIалахь йоьдуш кхел яра, ткъа ас цунах лаьцна спектакль хIоттийра. Оцу заманчохь Оьрсийчохь дIайоьдуш яра футболан дуьненан чемпионат. Чемпионатан юьххьехь хила езаш яра и спектакль гайтар. Де оха билгал даьккхина дацара кхерамзалла Iалашъярхьама. Амма хIетте а хиънера. Сан нене телефон тоьхна хиллера ФСБ-ра, со мича къомах ю хаа Iалашонца. Нанна моха еанера. Цо сагатдора, хьайн гастритца набахтехь мегар яц хьо бохура. Сайн ма-хуьллу цуьнга са ца гатдайта, иза теян гIиртира со. Спектакль гайтира, кеп-кепарчу пачхьалкхашкара векалш а, дипломаташ а баьхкинера, оцу хенахь Москвахь хилла болу.

– "Отдел боли" проектана тIехь болх бина ахь. Ницкъбарца йоьзна юй и?

– Сан Угаров а, Гремина а деллачул тIаьхьа оццу шарахь, хIинца ас лелош дерг, оха билгалдаьккхира "Театр.doc-ан" къаьстинчу агIонца, "Отдел боли" аьлла. Политикан а, идеологин а хеттаршна тIехула театран керлачу куьйгаллица дукха ца Iаш тхо дIакъаьстира. Со дIаяхара.

Цуьнан "бехказвийларна" хазахетарца лайкаш хIиттайора цара, цо ца тесна кхерам, къаьркъано тесна бохуш, стаг хьийзорна со бехке а еш

Iазап хьегийтар бакъ дечу нахана уллохь латтар, соьца догIуш дац. Цхьана оьрсийн драматурго кхерамаш тийсира суна Кадыров хьехош, сан спектаклашна тIехула, "со цIергахь йогур ю" бохуш. Театран йоллу юкъаралла бохург санна тапъаьлла Iийра, хIунда аьлча, и драматург – церан доттагI вара, уьш бевза дуккха а шераш дара, ткъа со – хийра, царна товш йоцург яра. Цуьнан "бехказвийларна" хазахетарца лайкаш хIиттайора цара, цо ца тесна кхерам, къаьркъано тесна бохуш, стаг хьийзорна со бехке а еш. И дерриг а – таӀзар цадар а, ницкъбар а бакъдар ду, оцу тайпа хIуманаш юкъаралло емал ца дахь, уьш дуккха а гуллур ду – вайна гуш ма-хиллара. "Фемкашца" къийсам латтабо "романтикехьа", ткъа церан кхетамехь романтика – нехан хечи чу гIертар ду, хоьттуш хIума а доцуш. Ницкъбарна денормализаци яр – балхаца а, могIарчу дахарехь а коьртаниг ду. Тапъаьлла Iар – тIамехь хилар ду.

"Оьрсийчохь концлагерь йина Нохчийчоьнах"

– Цензура бахьана долуш, хьо онлайн-формате йирзина, документалан историкан компьютеран "Родина.doc". ловзар кхуллуш, болх беш ю. Цунах лаьцна хIун дуьйцийла ю?

– Театран формат суна гатъеллера, цундела документалан компьютеран ловзар дагадеана суна. Кху заманан Оьрсийчоьнан истори ю иза шен бохамашца. Документалан спектаклел а хала ду хIара. Цул совнах, Чиллан-беттан 24-чохь (Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно тIом болийна де) ловзаран концепци хийцаелира. ХIинца и хир ду историкан документалан "Маршо" ловзар, тIамах лаьцна тоьшаллашца. Нохчийн маттера гочло иза "маршо", "кхерамзалла" аьлла. Оьрсийчохь Нохчийчоьнах концлагерь муха йира гойтур ду оха.

– Ловзаран аудиторех стенца къаьсташ ю спектаклийн аудитори?

– Дуккха а алсам ю иза. Оьрсийчоьнан театран цхьана маргиналан дакъалгехь хан токхуш яра со хIинццалц. "Театр.doc-н" жимачу хIусамчохь бIе хьовсархо – иза а аншлаг ю хьуна. Суна и кIезиг хетара. Иштта суна дагадеана йозанан "Пройди кастинг" олуш ловзар-симуляци. Цунах лаьцна массарна а хууш ду, массо а тапъаьлла Iаш а ву.

Суна коьрта ду, дуьненан муьлххачу а маьIигера милла а сан проекте кхачалуш хилар. Цул совнах керла мотт бу иза бохамех дуьйцуш. Компьютеран ловзарца йогIуш ю драматурги а, режиссура а, аннимаци а, архивашца болх а, кхин а дукхха а дерг а.

– Реабилитаци яран программехула дIаяхара хьо Гуьржийчу. ХIун бахьана дара цунна?

– 2018-гIа шо суна "тезетийн фестиваль" хилира. Даге лазар деана, кхелхира Угаров, дукха ца Iаш елира Гремина а. Цул тIаьхьа Юккъерчу Африкан Республикехь вийра Расторгуев Александр. Говзаллехь суна коьрта стаг вара иза а. Спектаклашна ахча лаха дезара сан, массо а белхан агIонех жоьпалла тIелаца, полицица хеттарш листа. Iазапаш хьегийтарх тоьашаллаша а кагйира со. 2021-чу шарахь депрессехь яра со, къамел ца далора, еша а ца лора. Реабилитацин программехула бакъонашларъярхоша араяьккхира со, психотерапевташа гIо дира суна, оцу сингаттамах хьалхаяла. Хала дара суна гIо тIеэца, хIунда аьлча, гуттар а "суо нахана оьшуш, со дика Iаш ю-кх – набахтехь яц, суна тIехь гIело ца латтийна" бохуш, ехаш йолу дела.Тбилисехь цхьана психотерапевто элира соьга: "Ахь нахана гIо до, хIинца хьайна а гIо дайтахьа".

Программа йирзинчул тIаьхьа со Гуьржийчохь йисира, хIунда аьлча, Оьрсийчохь тIаьхьий-хьалхий лоьцуш, набахте хьийсон болийра жигархой, терроризм къобал йина бохучу гIуллакхашкахула а цхьана. Ткъа сан "Пытки" спектакль "Сети" гIуллакхах лаьцна яра, анархистийн хьежамаш бу аьлла, Пензера а, Санкт-Петербургера а исс жима стаг, теракташ дан Iалашонца террорхойн юкъарралла кхоьллина аьлла, бехкевира. ФСБ – коьрта террорхо ю боху, дешнаш ду цу юкъахь. Ткъа иза ерзош, оцу гIуллакхехь белхаш бина, Iазапашна бехке лоручу суьдхойн, талламхойн, прокурорийн цIераш йоху.

"Импери яла езаш ю"

– ТIом баьлла аьлла, хаам хилча стенгахь яра хьо?

– Йижна йисира со тIом баьллачу хенахь. Цул хьалха хаам ма- бара, Оьрсийчоьно "ДНР" а, "ЛНР" а (Луганскан а, Донецкан а кIошташ, Оьрсийчоьнна уьш йозуш йоцу "халкъан республикаш" хета. – Редакцин билгалдаккхар.). Конфликт марсаяларе хьоьжуш Iара массо а. Оцу тIехула наб яйнера сан. Чиллан-беттан 24-чохь дийнахь ши сахьт даьлча хьалагIаьттира со, дуккха а смскаш яра соьга яьхкина: "Зарема, тIом баьлла!" Со кхетара и бохург хIун ду: Оьрсийчоьнан эскарш украинхой байа баьхкинера, дерриг а Нохчийчохь ма -хиллара. Зачисткаш, маьрша нах байар, "баьццарчу коридорашчохь" эвакуацин автобусашна тоьпаш йеттар. Пачхьалкх хIаллакъян гIуртур ю Оьрсийчоь.

Со кхетара и бохург хIун ду: Оьрсийчоьнан эскарш украинхой байа баьхкинера, дерриг а Нохчийчохь ма -хиллара. Зачисткаш, маьрша нах байар, "баьццарчу коридорашчохь" эвакуацин автобусашна тоьпаш йеттар. Пачхьалкх хIаллакъян гIуртур ю Оьрсийчоь

Дукха хан йоццуш хаам кхечира, Мариуполехь фильтрацин лагерш хIиттош ю аьлла. Тхуна Нохчийчохь долчарна хаьа, фильтрацин лагерш хIун ю. Жимма хан яьлча хаамаш кхочура, оккупаци йинчу дозанаш тIехь лецначу нахана дуьхьал ахча далар тIедожош. Суна хетарехь, Нохчийчохь а санна, кеста декъех а цхьана ахчанаш даха буьйлалур бу.

– Муха кхочу украинхой Тбилиси, муха гIо латтадо царна?

– Тахана Херсонера а, Мариуполера а уггар йоккха мухIажарийн тулгIе хьаьдда. Шина баттахь оккупацехь хан яьккхина оцу наха. Психологин ирчачу хьолехь бу уьш. Тбилисин мэрино хьешан хIусамаш а, баттахь юучунна ахча а латтадо, амма меттигаш ца тоьа. Метро чохь йа урамехь украинхойн къамел сайна хезча, хоьтту ас, гIо оьший олий. Сим-карта эца, хIусам лохуш, юучунна ахча дала, гIо ден волонтераш болу меттиг бийца, йа маьхза украинхошна юург латточу кафешкийн адресаш дала.

– Бертаза Украинера дIабигинарш буй мухIажаршлахь?

– Бу. Ас депортаци олу цунах. Украинхой бертаза Оьрсийчу дIабуьгу, шайн ма-хуьллу цигара бовда гIерта уьш. Тбилиси кхаччалц дIавуьгург машенлелорхоша доьху цхьана меттигах 300-600 долларш. Оьрсийчоьнан дозанхоша сих-сиха ахчанаш доху цаьргара. Дуьхьало ца еш, чу буьту украинхой Гуьржийчоьно.

Дукха хан йоццуш Мариуполера нанна а, йоIана а дуьхьалъяхнера сох. Ехха латтийнера и шиъ дозанехь. Соьга телефон тоьхна, боху: "Де дика дойла, тхо Украинера даьхкина". Буьйсанна кхо сахьт даьлча дуьхьалъяхара со царна, хьешан цIийнехь чоь лецира, юург схьайоуьйтур ю боху ас. Реза ца хилира и шиъ, шайгахь хи а, консерваш ю бохуш.

– Оьрсийчоьнан дозана тIехь нисбеллачу украинхошна муха гIо до Оьрсийчоьнан бахархоша?

– Оьрсийчохь дуккха а волонтераш бу депортаци йинчарна гIо деш. Украинера нах иштта Сибире дIабуьгу, Владивостоке а, кIезиг алапа лун белхаш кхийдабо цаьрга. Дукхахболчийн кехаташ дац, цхьаберш цхьалхха чухула юхучуьнца хуьлу. Бедарш гулъеш меттигаш бу дуккхаъчу гIаланашкахь. Зударшкахь оьшу "прокладкаш" ца хьулу. Дукха хан йоццуш "нохчашлара дIаяьккхира со" твиттерера и дош бахьана долуш- товш доцург ду аьлла, - амма со къар-м лур яц. Ткъа тIом – и товш хIума юй? Ткъа геноцид? Оцу кепарчу дешнех тийсалун хан яц хIара. ХIунда аьлча, мухIажаршна а, махках баьхначарна а -доьхна хьал ду!- оьшу прокладкаш.

– Киеве яха дагахь юй хьо. Стенна?

– Оьрсийчоьнан эскархойн зуламех тоьшаллаш гулдан лууш яра со. Бакъонашларъярхошца къамел хилла сан, уьш оьшур ду дуьненаюкъарчу трибуналехь. Йозуш йоцчу хъаамийн гIирсашна лерина цхьа могIа материлаш кечйийр ю ас. Украинерчу нохчех лаьцна дийцарш лаха а дагахь ю со, царех лаьцна дийца а. ХIинца - къоме санна - вайга ладогIа тарло. Украинхой санна дика кхеташ цхьа а вац Оьрсийчоьнан Iедалхоша Нохчийчохь динчух. Дуьненан юкъаралле нохчийн геноцид къобалдайта хьалхататта а тарло. Суна хетарехь, хIара вайн тIом бу, маьршачу Ичкерин. Украинхошна уллохь хила деза вай.

– Хьайн проекташкахула нохчийн культура юьйцур юй ахь?

– Академин талламаш исбаьхьаллица цхьанаэбан дагахь ю со. Чолхе, амма кхочушъялур йолу Iалашо ю сан – Нохчийчоьнан геноцид толлуш центр кхолла. Тхоьгара дIаяьккхинчу вайнехан культурин декъехь лахар хир ду иза. Нохчийн Бадуев СаьIид цIе йолуш яздархо хилла, цуьнан ю феминистийн "ПетIамат" цIе йолу поэма, 1934-чу шарера. Машанехь и поэма карайойла дац, йоцуш ю иза. Цу рогIехь "оьрсийн сийлахь культура" ялхайойла дуй?

БIе шерашкахь хIаллакйина вайнехан культура – Оьрсийчоьнан империно, СССР-о, Оьрсийчоьнан Федерацино, амма коьрта зенхилларш – юха а Оьрсийчоьнан бахархой бу. ХIун эр ду а, ца хаьа. Дог лозу, амма Оьрсийчоь – пачхьалкх-агрессор ю, цунах жоьпалла цхьаммо тIе а ца лоцуш, "езачу оьрсийн культурех" дуьйцуш хилахь, хIуммаъ а нислур дац. ХIара хийцадала дезаш ду, вайна тIехь дерза дезаш ду хIара – хIара доллу "Iаьржа*****", буткъийн бIаьргаш берш а, "славянашна бен луш яц", "юха а дан йиш ю" бохург... Уьш чекхдевр ду. Импери хIаллакхила езаш ю, иза лийр а ю.

***

Оьрсийчоь Укриане гIоьртичхьана цуьнан дозана тIехь велла 4031 маьрша вахархо. Ши эзар сов ву Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь велларг. Чевнаш йина виъ эзар сов маьршачу вахархочунна. Цунах лаьцна хаамбина адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н Урхалло.