Нохчийн куьйгалхочо харцдина шен цамгарх лела хабарш. Тоьшаллина камера хьалха куьйгаш тIехь ийвелла иза

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "Оьрсийчоь 1" пачхьалкхан телехьожийлан сюжетехь йуха а тешийра ша вуно могуш хиларх. Иза бакъдархьама, камера хьалха куьйгаш тIехь хьала-охьа ийвелла иза.

Кадыровс дийцарехь, рогӀера зераш деш (хӀора кхаа баттахь) лоьрашна цуьнгахь къастийнарг ду - D витамин цунна эшар.

"Жимма лахйеллера Д витамин, иза а йоьттина суна", - дIахьедина регионан урхалхочо, шех талламбарх кхиндолчух ца дуьйцуш.

Шен дешнаш тӀечӀагӀдеш, политико а, цуьнан куьйга кӀел волчо а лаьттара хьала ийъалуш зарядка гайтира – Кадыровс толам баьккхира оцу "къовсамехь", цуьнца къовсалучуьнца дуьстича, цо и упражнени техникан агӀор ледара йинехь а. Дахначу шарахь дуьйна хаамийн гӀирсашкахь дийца даьккхира, Кадыровн цамгар чIагIйаларх а, Нохчийчохь Ӏедал хийцадала мегаш хиларх а лаьцна. И хаамаш леррина лелош питана ду элира Кадыровс, республикехь "гIовгIа эккхийта" Iалашонца.

Хьалхо "Новая газетан" хьостанаша йаздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун панкреатитан некроз а, панкреатогенан асцит а хиларх лаьцна – доккхачу декъанна и тайпа нах Ӏожаллина герга бу бохура. Дийцарехь, и бахьана долуш ду, стохка гезгамашин-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан президентан администрацино Нохчийчохь Ӏедал хийца дезахь а бохуш, сценарий кечйан йолор.

Оццу хенахь республикера Ӏедалхой и дуьйцург "харцдеш" зорбанашка буьйлура, - цу кепарчу видеошкахь Кадыров Рамзан, масала, камера хьалха тренировкаш йора, тӀулг хьала а айбира, машен тоьттура.

  • 2023-чу шеран гезгамашинн-баттахь хиира Кадыров Москвара президентан дарбан цӀийнехь хилар. "Новая газетан" хаамашца, могушалла телхина хилар доьзна дара Кадыровн пехашца долу лазар бахьана долуш "Дормикум" олучу транквилизаторан барам совбаккхарна. Нохчийн Ӏедалхоша дерриг а дерзийра, Москвахь дарба деш волчу шен девешина Мохьмадна тIехIотта ваханера Кадыров Рамзан аьлла.
  • Кадыровс Соьлжа-гӀалара видео зорбане йаьккхира, цу тӀехь ша кхочушйина "11 чаккхарма гӀаш леларан норма" аьлла, "интернетехь бакъдерг аьшпех къасто ца хуучу массо а стагана цӀеначу хӀаваэхь лелар" а, "шайн ойланаш битаме йалор" а гIолехь ду аьлла.
  • Кадыровн стогаллин хатI хIинца ледара догIуш ду цамгарех лаьцна даьржинчу хабаршца, ткъа цо "инкарло йар" башха дика сигнал яц халкъана а, мостагӀашна а, Оьрсийчоьнан Ӏедална а, бохура Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу говзанчаша.