Президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий дуьхьал хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьолах лаьцна деллачу хеттаршна жоп дала. Хьалхо хаамашкахь йаздора цIеххьана могушлла эшна цуьнан бохуш.
"Оцу хьокъехь тхоьгахь хаамаш бац. Мел хIуъа делахь а, могушаллин хьолах лаьцна президентан администрацин дийца йиш йелахь тамаш бу, цундела кхузхаь шуьга ала хIума дац", - аьллачу Песковн дешнаш далийна "Интерфакс" пачхьалкхан агенталло.
Иштта Песковс дIахьедина, дIадахначу мукъаденошкахь Путин Кадыровца цхьанакхетта вац аьлла.
Гезгамашин-бутт болабелчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара кема кхузза Москва дахана, къастийра "Верстка" хьостан журналисташа. ТIаьххьара гIаьттина кема гезгамашин-беттан 15-чохь, ши де даьлча йуха а деара, билгалдоккху "Агенталло".
Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу, цунна Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу Урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь лелош дарба ду аьлла хаамаш баьржинчу йуккъехула "Верстка" ресурсо тергойина лайнеран дIасалеларан. Цунах лаьцна йаздира, масала, ВЧК-ОГПУ телеграм-канало а, "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редаткоро Венедиктов Алексейс а – цо чIагIдо, Кадыровн "жаннашца лазар ду, сих-сиха гемодиализ оьшу" цунна аьлла.
Цул совнах, оппозицин нохчийн масех канало а хаамбора, цхьана а хьасташна тIе а ца тийжаш, Кадыров кхетамчохь вац бохуш. Гезгамашин-беттан 17-чохь нохчийн оппозиционеро, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара йаздинера Кадыров велла аьлла.
Оцу дийнахь Кадыровн телеграм-каналехь видео гучуйелира, цо ша дIайазйина. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе" аьлла. Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.
- Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров Рамзан билггал цомгаш хиларх, оцу лазаро жаннашна а, пехашна Iаткъам барх, цундела гуттар а цунна оьшуш диализ хиларх. Оцу йукъанна зорбанашкахь йаздеш дац цуьнан биллгал йолчу цамгарх.
- Оханан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана зорбане хIоттийра спортзалчохь водучу некъа тIехь дIайазйина – ролик гучуйелира, журналисташа цуьнан могушалла эшна йогIу аьлла, хаамаш баржийначул тIаьхьа. 25 секундехь йу видео, цу тIехь Кадыровс боху цомгаш хилла йиш йац шен. Оцу кепара цIера тренажеран зал чохь йаьккхина видео кхо де хьалха а хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо инстаграмехь.
- Кадыровн могушалла дикка эшна хиларх цхьа тоьшалла лору "Новая газето" политикан воIаршна хааамийн гIирсашкахь йен пиар. Дуьйцург ду, цуьнан кIентий Украине бахар, воккхаха волу кIант Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар, мехкан гIуллакхашна жигара уьш йукъаийзор.
- Кхул а хьалха зазадокху-баттахь Кремлера йухавирзинчул тIаьхьа Кадыровс бакъ ца дира ша могуш вац бохуш дийцар.