Бельгихь, Австрихь митингаш хилира дечкен-беттан 10-чохь Нохчийчуьра мухIажарна Албаков Исламана тIехIуьттуш. 2019-чу шарахь дуьйна Бельгера депортацин набахтехь латтош ву иза, оцу йоллу хеначохь иза шайга схьавалийта хьийза Оьрсийчоь, цо бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанехь дакъалаьцна бохуш, бехкаш дохкуш.
Оцу йукъанна Францин кхело хьалхо бух боцуш ду аьллера цунна дохку бехкаш.
Акцешкахь дакъалоцуш хилла 100 сов нохчийн диаспорашкара векалш.
"Брюсселера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIишлона хьалха хIоттийначу митингехь 40 сов стаг вовшахкхеттера, церан карахь дара Исламехьа гIо доху плакаташ. Цуьнан вашас Албаков Джохара дIабийшира бина кхайкхам, оха полицин векалшка дIакхачийра и", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Дуьненан зударий лаьтта тIерачу машарехьа бу" бакъоларйаран организацин куьйгалхочо,"Европера машаран хIусаман" векало Газиева Фатимас
"Европера машаран хIусаман" куьйгалхочун гIовса Мамишов Лачина тIетуьйхира, Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало Газиева тIелецира, иштта дош делла МВД-н векалшца бакъонашларйархойн цхьанакхетар вовшахтоха, Албаков Исламах лаьцна информаци дIакхачайайта.
"Венера Бельгин векалтана хьалха дуьхьалонан акци дIайаьхьира оха, тхаьш Исламехь хилар дIахоуьйтуш. Нохчаша а, украинхойн мухIажарша а дакъалецира цигахь", - дийцира Кавказ.Реалии сайте къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикин Австрера векало Дунаева Розас.
"Европера машаран хIусам" организаци дагахь йу иштта Швейцарера, Украинера, Данера Бельгин векалташка дехар дан, Албаковн историн тергойе аьлла.
Бельгера депортацин набахтехь латточу 39 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун Албаков Исламан могушалла де дийне эшна йогIу, бIаьрса дайна ала тарло цуьнан. Оцу йукъанна кхачам боллуш лоьрийн дарба ца до цунна аьлла хаамбира хьалхо бакъоларйархоша цуьнан доьзална тIетевжина.
- 2018-чу шарахь АлбаковгIеран вежарий Ислам а, Iимран а лаьцнера Францихь, хIунда аьлча, Интерполон лехамашкахь хиллера ший а. Оьрсийчохь уьш бехкебо гIаттамхошлахь хиларна. Лионера кхело бехказаваьккхира ши ваша, цул тIаьхьа Ислам Бельги шен доьзал болчу дIавахара. 2019-чу шеран чиллин-баттахь йуха а лаьцна иза, депортацин центре дIавигира, цуьнан гIуллакх теллина даллалц. 2020-чу шарахь нохчийн диаспоран векалша митингаш хIиттийра, тIаккха витира иза Оьрсийчу дIа ца хьажош.
- 2023-чу шеран гIуран-беттан 31-чохь Венехь депортацин набахтена хьалха митинг хIоттийнера, Австрихь лаьцна латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам.
- Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, цара дIахьедора Хорватира куьпарчу белхахоша шайна тIехь къизаллаш лелайо аьлла. Иштта цара дийцира, бахьана доцуш, шайггарчу экстремизмаца боьзна бу аьллачу шеконашца шаьш цигахь латторах. Итт де дьалча шайгара хьал эшча, Хорватина тIехь Iуналла дечу органаша цхьана а кепара тидам ца бича, мацалла сацийра цара.