Нохчийн мухIажарна тIехIуттуш митинг хIоттийна Швейцарерчу депортацин центрана хьалха

Батаев Iела Оьрсийчу дIаваларна дуьхьал болчу наха хIоттийна митинг йу Цюрихерчу депортацин центрана хьалха

Нохчийчуьра вахархо Батаев Iела Оьрсийчоьне дIа ца валийта митинг дIайаьхьира Цюрихехь. Цуьнан жамIашца резолюци хIоттийра, мехкан Iедале дIайелира иза, дийцина бакъоларйаран "Европейский дом мира" цхьанатохараллин векало Мамишов Лачина.

20 гергга стаг гулвелира марсхьокху-беттан 9-хь депортацин центрана хьалха, Батаев а, кхинболу мухIажарш а Оьрсийчоьне дIа ца балийтар кхайкхош, кхелехь доцуш, уьш хIаллакбан кхерам лаьтта царна цигахь, боху жигархоша.

Протестан барам чекхбаьлча резолюци тIеийцира. Швейцарин Iедале хьажийра иза, шайлахь президент а волуш.

"Оккупацехь болчу шайн даймахкера дIабахана нохчийн кегийрхой, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал йолийначу агрессехь дакъа лаца а ца лууш, – дуьйцу резолюцехь. – Кхечу пачхьалкхийн бахархой административан кепехь лаьцна латторан центрехь ву Батаев, мацалла хьоьгуш а ву иза 56 дийнахь, цхьанна кепара лоьрийн гIо ца кхочуш. Цуьнан дахарна цхьаъ хилахь, шу цунна жоьпаллехь хилар дагадаийта гIерта тхо".

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, Оьрсийчу дIавалархьама. Батаев тешна ву, нагахь санна, ша дIалахь ша вуьйр ву аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчутра кадыровхойн рожан критик ву иза. Ши бутт бузуш лаьтта цо ша кхайкхийна мацалла латтош. Марсхьокху-беттан 4-хь цуьнан хьал цIаьххьана ийшира, дарбан цIийне охьавилла дийзира иза.

  • Австрера а, Германира а, Швецера а векалташна хьалха митингаш хIиттийра нохчийн диаспоран векалша Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Цуьнан гIуллакхца боьзна кхерамаш бу, Украинехь вехачу заманчохь Ичкерин агIончех вовшахтоьхначу батальонашкахьа иза хилар.
  • Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртичхьана цхьацца формале бахьанашца даймахка дIахьийсабо нохчийн европахойн Iедалхоша. Цигахь царна байа, тIехь Iазап хьегон кхерам лаьтта. Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, Украинехь ваьхна ву иза. Иштта цо къобалйеш хилла Ичкерин агIончех вовшахтоьхна лаамхойн батальонаш а.