Нохчийн омбудсмено ларйийр йу журналист Милашина ша "цIахь хилахь"

Солтаев Мансур а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дIахьедина, "Новая газетан" журналистан Милашина Еленин кхерамзалла ша Iалашйийр йу, тIаккхахула иза Нохчийчу йеача, нагахь санна, ша цIахь хилахь аьлла. Товбеца-беттан йуьххьехь Милашинина а, адвокатна Немов Александрна а къиза йиттира муьлш бу цахуучу наха аэропортера Соьлжа-ГIала уьш богIуш. ХIетахь Солтаевс элира, ша махка йогIучу хенахь шега ала дезара аьлла.

"Iазапашна дуьхьал Командин" белхахой цхьаьнакхийтира Солтаевца. Бакъоларйархоша дийцарехь, дуккхаъчу шерашкахь хIара дуьххьара хилла цхьаьнакхетар ду омбудсменца. Амма Солтаевс коридор чохь ладуьйгIира кхаьрга, цхьанхьа ваха сиха ву ша аьлла. Милашина тIаккхахула республике йагIахь муха ларйийр йу ахь иза (хьалхо хьаькамо ша гIо дийр ду аьллера ) аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш, цо элира: "Со цIахь хилахь – цхьа а проблема йац, со цIахь ца хилахь, бехк ма билла – тIаккха ца хаьа суна".

Журналистана а, адвокатана а динчу тIелатаран гурашкахь "Командо" бинчу йукъараллин талламах лаьцна жоп ца деллера Солтаевс.

Цхьана а кепара информаци ца йелла иштта омбудсмено 19 шо долу Журавель Никитин инцидент талларх лаьцна а. Хьалхо КъурIан дагорна лаьцна волчу цо латкъам бира, Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIанта йиттина шена аьлла. Нохчийн Iедалхоша къобалдира тIелатар, ткъа Солтаевс дош деллера гIуллакх луьстур ду ша аьлла.

Цхьанакхетар дерзош нохчийн омбудсмено дIахьедира бакъоларйархошка, шаьш меттигерчу ницкъахойх а, церан белхах а тешаш ду, ткъа республикерчу бахархойн бакъонаш "лаккхарчу тIегIанехь" йу аьлла.

  • Немов Александрна а, Милашина Еленина а тIелатар дира товбеца-беттан 4-чохь аэропортера Соьлжа-ГIала уьш богIуш. Муьлш бу цахуучу наха къиза йиттира адвокатана а, журналистана а, хIаллакйира церан техника а, кехаташ а, коьрта тIе тапча а хIоттийна, дуьйр ду бохуш, кхерамаш тийсинера. Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, ког лазийна цуьнан – хетарехь, уьрсан чов йина.
  • ТIелатар динчу хьалхарчу деношкахь Милашина дуьхьал хилира нохчийн полисхошца къамел дан, делахь а, товбеца-беттан 14-чохь цуьнга хеттарш дира Нохчийчуьра талламхочо. Цо дийцира, нагахь санна иза Нохчийчу йухайагIахь, тIелеттачара йуьйр ю бохуш, кхерамаш тийсира шена аьлла.
  • Товбеца-бутт бовш Милашинина а, Немовна а Нохчийчохь тIелетар дарна талламо дохку бехкаш шордира. Бехкзуламан гIуллакх хIинца дIахьош ду журналистан балхана новкъарло йар, талор дар, адвокатана вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсар, бакъо йоцуш маршонах хьегор, кехаташ хIаллакдар аьллачу Iедалан къепашкахула.
  • Журналистана хетарехь, цунна а, Немов Александрна а тIелеттарш бу Халидов Ясин – махкара МВД0н белхахо – Оьрсийчуьра араволучу хенахь лачкъийнарш.
  • КъурIан дагийна аьлла Волгоградехь лаьцначу Журавель Никитас дIахьедина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь шена йиттина Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта аьлла. Журавелян цIарах чуделлачу кехата тIехь йаздина ду, лаьцначуьнца Кадыров Рамзан цхьаьнакхеттера цуьнга "бусулба дин тIеэцарх лаьцна дийца".
  • Волгоградехь КъурIан дагош видео гучуйелира социалан машанашкахь стигалкъекъа-беттан 19-чохь. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра омра дира Волгоградан кIоштахь КъурIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Дукха ца Iаш Журавель Соьлжа-ГIала валийра, цигахь "мехк кхел" йе цунна бохуш, кхайкхамашца тIеийцира иза меттигерчу бахархоша.