Оьрсийчохь лехамашка велла оппозицин нохчийн жигархо Янгулбаев Абубакар. Цуьнах лаьцна хаамца карточка гучудаьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сайтехь. Хьалхо пачхьалкхера дIаваха дийзира цуьнан, нохчийн Iедалхой тIаьхьа а бевлла.
Ша лоьхуш хиларх хаам зорбане баьккхина Янгулбаевс ша а. Муьлхачу Iедалан къепехула иза лоьхуш ву, карточки тIехь йаздина дац. Жигархочуьнца маса зIе таса аьтто ца хилира Кавказ.Реалиин.
Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, Янгулбаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх, терроран гIуллакхаш дар хьоьхуш, интернетехь кхайкхамаш барна. Бахьана ду, стохкалера Янгулбаевн телеграм-каналера публикаци: "2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь тротил эккхар ду, 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь а санна" аьлла, цо йазйина хилла. Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад кхалхар ду дуьйцург. Карарчу хенахь публикаци дIайаьккхира.
Жигархочунна дуьхьал айдина шолгIа гIуллакх ду хIара. Мангал-баттахь цунах шеко хилира, цо экстремистийн гIуллакх лелор вовшахтоьхна аьлла. Бахьана дара, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а лелочу оппозицин 1АДАТ боламан эфирашкахь дакъалацар. Кадыровхоша лачкъийначу церан ненах Мусаева Заремех лаьцна хуьлура эфираш.
- Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх. Мусаева лачкъийча дуьйна, цуьнан могушалла дика йоццушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар коьртаниг – со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
- Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.
- Марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран виъ герагра стаг Украинерчу тIаме хьажийра бертаза – деваша а, кхо шича а.