Нохчийн оппозиционераш Ходорковскийца империализмех дуьйцуш къовсаме бевлла

Ходорковский Михаил

1АДАТ нохчийн оппозицин боламехь шога критика йина оппозицин политикна Ходорковский Михаилна "Къилбаседа Кавказерчу сепаратизмех" цо дина къамел бахьанехь.

Твиттерехь яздина Ходорковскийс: "Нохчийн сепаратисташ а, "ультралибералаш" а, иштта хьекъална кхин гена бевлла боцу нах а Украинерчу тIеман темех хьакхабала гIерта, Къилбаседа Кавказерчу сепаратизмана со дуьхьал хилар суна дуьхьалдоккхуш. Со хьалха а санна дуьхьал ву. ГIирма а, Донбасс а- Украина ю. Къилбаседа Кавказ – Оьрсийчоь. Кадыров бандит ву" (авторан пунктуаци. -билгалдаккхар)

РогIерчу твитехь цо къастийна, шена хетарехь, "пачхьалкха юкъара дозанаш арадовлар тарло, амма еххачу, нийсачу процедурехь къастийна, бахархойн лаамца, бандитийн шайкано Iедал дIалоцуш йа архьарчу гIоьнца а доцуш" хила деза.

Цунна жоп луш, 1АДАТ-а империалист ву аьлла Ходорковский, бехкевина Украинерчу тIеман дуьхьалончех хьакхавала гIертарна, хIунда аьлча, тоххара, Iедалхойн таIзаре кхачале, иза ша вара Нохчийчохь цIий Iанорна жоьпалла тIехь долу, Оьрсийчоьнан политикан рожан бенефициар.

  • 2013-чу шарахь ша маьрша ма ваккхара журналистана Альбац Евгенияна Ходоровскийс еллачу интервьюхь Къилбаседа Кавказан йозуш цахиларх деллачу хаттарна жоп луш, элира: "Нагахь санна, билггал вайн хила тарлу проблемаш вай схьаэцахь, уьш ерриш а кIезиг кхераме хила мега, дозанийн дийна хиларх долчу хаттарел а… Амма дуьйцург: Къилбаседа Кавказ йа тIом белахь – тIом". Кхин дIа: Соьга сайгга хаттахь – тIом бан гIур ву хьо йа вац? ГIур ву. Къилбаседа Кавказехьа. И вайн латта ду. Вай даьккхина ду иза".
  • Бакъоларъяран "Мемориал" центран зерашца, Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь вийна 45 эзарна тIера 75 эзарна тIе кхаччалц мехкан вахархо.