Пятигорскера кассацин кхело кхаа баттана лахйина нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина набахтехь йаккха тоьхна хан. Цунах лаьцна дехар дина прокуроро. Курхаллех а, ницкъахочунна тIелатарна а дуьхьал айдинчу гIуллакхехь таIзар малдан бахьанаш карийна боху, ма-дарра дийцича, дан а доцу. Адвокато Савин Александра тIедожийнера кхел йухайаккхар, цуьнан бехк хилар тIечIагIдина дацарна а, гIуллакх толлучу заманчохь дуккха а харцонаш лелорна а.
Зазадокху-беттан 5-чохь хиллачу кхеташонехь Савин къар ца лора гIуллакх бух болуш дац бохучуьра, йаздо "Кавказский узел" гIирсо кхел йоьдучу зал чуьра. Кхело тIе ца дитира адвокатан тоьшаллаш, прокуроран дехар кхочушдира.
ТIаьххьара а колонихь йаккха йеза хан йуьссу цуьнан диъ шой, исс буттий. Кхеташонехь дакъалоцуш Мусаева а йара Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-ра видеозIнехула – могушаллица сингаттам хиларна, кхело хиъна Iен бакъо йелира цунна. Савина бахарехь, "лоьрийн дика реабилитаци" оьшу зудчунна.
Мусаева Заремин цхьахволчу кIанта Янгулбаев Абубакара кассацин кхелан сацам тоьшалла ду аьлла, бехк-гунахь доцчу нанна таIзар дарца, шен критикашна бекхам бан Iалашо хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лелориг Кремло магош хиларан.
"Ницкъахочунна тIелатарх гIуллакх, курхаллех дерг муххале а цхьана а кепара критика оьшуш хIума дацара. Оьрсийчохь диллина адам лачкъор, Нохчйчох кхел йар дара, цигахь бIаьргаш хьаббина, бага а, лергаш а дIакъевлина, кхерабелла низам, эхьдицдина йина кхел йу", - йаздина Янгулбаевс шен телеграм-каналехь (авторан пунктуаци ша ма-йарра йитина, - Билгалдаккхар).
Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккха пхи шой, ахшой хан туьйхира Мусаевана, тIаьхьа Лакхарчу кхело пхеа шаре охьайаьккхира и хан. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь Мусаева Зарема хенал хьалха арайаккхийта дуьхьало йира, и сацам а йухалиста безаш бу.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
- Вежарийн-оппозиционерийн нанна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а тIелетар дира.
- Мусаева Зарема инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
- ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.