Нохчийн оппозиционерийн нана Мусаева Зарема девзаш доцчу бахьанаца кхеле ца йалийна

Мусаева Зарема

Нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема кхеле ца йалийна. Цо дакъалаца дезаш дара хенал а хьалха арайаккхарх чуделла дехар луьстучохь, амма кхеташо дIатеттина мангал-беттан 26-чу дийне. Кхелахочо дIакхайкхийра, Мусаева "девзаш доцчу бахьанашца" кхеле ца йалийна, хаамбина SOTAvision гIирсо.

Стигалкъекъа-беттан 28-чохь ЯнгулбаевгIеран ненан гIуллакхехула шайн сацам бовзуьйтур бу Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, ткъа шолгIачу дийнахь, стигалкъекъа-беттан 29-чохь, Нохчийчуьра кхело луьстур ду могушалла бахьана долуш Мусаева хенал а хьалха арайаккхарх гIуллакх.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.

  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • Стигалкъекъа-баттахь хьалхо дуьйцура, нохчийн оппозиционерийн нана дарбанан цIийнехь дарба деш ду аьлла. Цул а хьалха дийца даьккхира, цуьнан могушалла эшна хиларх.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.