Адвокато Немов Александра Омск-мехкан МВД, ФСБ урхаллашка а, Росгвардин куьйгалхочуьнга Золотов Викторе а кехаташ йаздина. Цо доьху, Нохчийчуьра 19 шо долу полисхо Халидов Ясин волу меттиг билгалйоккхуш гIо дар. Стигалкъекъа-беттан 20-хь дуьйна цунах хууш хIумма дац. Иза Омск-махкахь Казахстанца долчу дозанехь Оьрсийчуьра аравала гIоьртича дIалаьцна ву.
"Иза волу меттиг, цуьнан статус, муьлхачу бахьанца дIалаьцна ву а йа суна, йа цуьнан цIерачарна, йа гергарчарна хууш дац. Цу хьелашкахь конституцино билгалйаьхна йолу йерриге Халидовн бакъонаш эшийна йу", - аьлла ду низамийн а, ницкъаллийн а урхаллашка динчу дIахьедаршкахь.
Хьалхо Кавказ.Реалии сайто масех инстанцига кхачийра Нохчийчуьра полисхо волу меттиг хоьттуш йаздина кехаташ. Уьш жоьпаза дисира.
- Халидовх лаьцна зорбане даьккхира "Новая газета- Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Артиклехь йаздарца, шен 17 шо долуш дуьйна хилла Халидов Нохчийчуьра Шела кIоштан ОМВД-хь болх беш, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-ехь. Ша болх бечу заманчохь йукъарло хилла цуьнан Нохчийчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центраца (Центр "Э") , иштта питанаш лелийна цо социалан машанашкахь.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо, низамлардаран органашкара дIавала, амма куьйгалло и лаам къобал ца бира, кхерам тесира, терроризмаца доьзна шаьш бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла. МуьтIахь цахиларна шеконаш кхоллайеллачу цуьнан хиллачу белхан накъосташа, "Новая газета-Европа" гIирсо ма-дийццара, "официалехь гIара ца доккхуш, дIалецира" иза.
- Зазадоккху-баттахь жимачу стага 1ADAT боламе Оьрсийчуьра араволуш гIо де аьлла дехар дира. Цуьнгара хаарш шайна схьа ма кхеччинехь, жигархоша цуьнца йолун зIе хадийра. Украинехь маьршачу нахана, нохчашна зуламаш лелийначунна гIо дан шаьш декхарийлахь дац аьлла. Иштта 1ADATо цуьнан дийцар гIарадоккхуш, анонс йира.
- Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъоларйархошлахь цу хиламо йоккха гIовгIа йаьккхира. 1ADATехь болучарна боху, шайн анонс бахьанехь ца лаьцна Халидов дIа. Иза ишта а лохуш вара, ткъа хьалхо жигархоша махкара аравала цунна гIо дехнера, бакъоларйархоша цу шина баттахь иза тергал ца дира, аьлла.
- Украинехьа тIом бечу нохчийн лерринчу Iалашонийн къаьсттинчу батальонан (ОБОН) хилла декъахо Джамбетов Хьуьсейн Соьлжа-гIала йухавирзина. Цо ша Кадыров Рамзанан рожана резахилар хаийтина. Вадархочунна новкъарло ца йина Оьрсийчоьхь цуьнан цIарх терроризмехула йолчу артиклаца долийначу бехктакхаман гIуллакхо, ткъа ша иза Iедало лохуш ву.
- Хьалхо 1ADAТ болам йукъабаьккхинчу Янгулбаев ИбрахIима Кавказ. Реалии сайте дийцира, ша масех шарахь Кадыровн раж йемалдарах, социал-машанашкахь тобанаш йарах. Царлахь Нохчийчохь адамийн бакъонашна гIело йар дийцаре ша дарах а. И дерриге бахьана долуш 20I5-чу шарахь ша нохчийн ницкъахоша лачкъийна, дIавигира аьлла - ахшарахь ИбрахIим цара къайлахчу набахтин лармичохь валлийна, таIзаршца цунна гIело йина.
- Кадыров Рамзанан гонерчу нахера даккхий ахчанаш схьаэцарехь оппозицхойн 1ADAT боламо бехкевира Абдурахманов Тумсо а, Халитов Хьасан а. 1ADATхоша дийцарехь, ахча Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна "зулам дарна" зуламхошна делла дара. Хье ца луш, Абдурахмановс ша динарг дуьйцуш, хаам бира. Ша веран кеп хIоттош, харц видео йаьккхина, и зуламхой лебина элира цо.