Нохчийн шина ницкъхочунна дуьхьалъяьхна хилла санкцеш кхин дIа а яхйина Евроберто

Висмурадов Абузайд

Хьалхо адамийн бакъонаш йохийначарна дуьхьал яьхна хилла санкцеш кхин дIа а яхъеш сацам тIеэцна Евробертан Кхеташоно. Ву царлахь Нохчийчуьра ши ницкъхо а.

"Кеп-кепарчу мехкашкахь адамийн бакъонаш талхорна жоьпаллехь болчу нахана а, юридикан хьукматашна а дуьхьал санкцеш цхьана шарна, 2022-чу шеран ГIуран -беттан 8-чу дийне кхаччалц дIаяхъеш сацам тIеэцна тахана Кхеташоно", - аьлла ду Евробертан Кхеташонан пресс-релизехь яздина.

Вуьйцург ву нохчийн вице-премьер Висмурадов Абузайд а, Устрада-гIаларчу полицин хьаькам лаьттина Катаев Аюб а. Евробертан официалан журнала тIехь кху шеран Зазадокху-баттахь зорбане яьхнера церан цIераш.

"Магнитскмйн актаца" а догIуш, Висмурадов Абузайд санкцийн тептаршка ваьккхина аьлла, хаамбира 2019-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллийн блокехула вице-премьер хIоттийра Висмурадов Абузайд.

Кху шеран Зазадокху-баттахь "Новая газетана" еллачу интервьюхь цхьана хенахь полкан декъехь хиллачу Гезмахмаев Сулимана дийцира, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь нах бойъучу хенахь Висмурадовн ролах лаьцна.

Нохчийчохь 40 сов стаг лаьцнера 2018-чу шарахь Устрада- ГIалахь. Оцу нахана ницкъ бинера, бакъонца йоцучу герзхойн тобанийн декъашхой хилар даре де бохуш. Цул сов иттаннаш нах чохь бахкош хиллера масийтта стаг а бен чутарлуш воцучу камерина. Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, и нах лецна хилла, меттигерчу полицин декъан хьаькима Катаев Аюба омра а делла. ТIаьхьо и стаг цу даржера дIаваьккхира.

Иштта, Катаев бехкевора Нохчийчохь гейш лоьцуш, царна тIехь Iазапаш латторах лаьцна "Новая газето" зорбане яьхначу материалашкахь. Цхьа могIа малхбузен пачхьалкхийн санкцийн тептаршкахь ву иза.