Нохчийн "Ахмат" тобанан буьйранчан Алаудинов Аптин адвоката Шапиро Дениса Оьрсийчоьнан коьртачу прокуроре Петров Валерийга дехна, нохчийн эскархочунна дIовш даларна тIехула гIуллакх лерринчу контроле эца аьлла. Иштта Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александре Iуналле эца аьлла цо и материалаш, бехктакхаман гIуллакх а долош. Цунах лаьцна дийцина адвоката пачхьалкхан ТАСС агенталле.
Юриста бахарехь, Оьрсийчуьра хьакамашна а таIзар дан деза, леррина и зулам цара дарна а, йа бен-башха доцуш леларна а.
Дагадоуьйту, Алаудиновна Украинехь чиллан-беттан йуккъехь дIовш даларх лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, чиллан-беттан 8-хь Алаудиновга "дIовш тIехь долу" кехат кхаьчна хиллера. Регионерчу хьаькамо бахарехь, хIетахь таллам болийнера, йуьхьанца жамIаш хилира – царах лаьцна хIумма а ца дийцина.
Ша Алаудинв Кадыровца зIене велира дарбан хIусаман палати чуьра, хетарехь, Москвахь вара иза – тIаьхьо цунна хьошалла дан вахара "ЧВК Вагнера" кхоьллина волу Пригожин Евгений. Хаам бора, Алаудинов Украине йухавеара зазадоккху-беттан 7-хь. Алаудиновна хиллачу зенех лаьцна хаамаш бац, амма цо ша бохура, шена хIинца а кхоччуш дарба ца хилла.
- Оьрсийчуьра дIавахначу оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара хьалхо дIахьедира, Кадыров Рамзанна уллерчу стагна дIовш делла бохург цуьнан пиар йар хета шена аьлла.
- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хилла гIовс, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милицин 2-чу армин корпусан буьйранчан гIовс хIоттийра дайначу шеран лахьан-баттахь. Цул а масех де хьалха иза Нохчийчоьнан йукъараллин, экономикан кхерамазаллин кхеташонан даржера дIаваьккхира.
- Марсхьокху-беттан 25-хь Украинан кхерамазаллин Сервисо Алаудинов шеконашка лецира Украинан цхьаалла йохо гIертарна бехкашна тIехула. Доккхачу декъанна буьйцург бу зазадокху-бутт-охан-бутт, хIетахь Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцуш вара иза, "Ахматан" куьйгалла а деш Рубежное, Кременная, Северодонецк гIаланашкахь.
- Американ пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Алаудинов. Т1аьхьо Латвин дозане кхачар дихкира цунна. 2020-чу шарахь Великробританино а йехира нохчийн эскархочунна дуьхьал санкцеш.
- Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", 2019-чу шарахь Кадыровна кIело йан гIортарна бехке ву бохуш дуьйцура иза. Дерриг бехкаш Алаудиновс харцдора, кхайкхам дIайзбира цо, "соьх лаьцна и къамелаш деш йолчу боьха хIуманашкара жоп доьхур ду ша" аьлла.