Нохчийн тIемалошкара тIеман декъашхойн статус дIаяккха гIерта Украинин кхерамазаллин сервис

Шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан тIемалоша дIахьедина, шаьш тIемашкахь дакъалаьцна хилар шеконе дилла гIерташ ю Украинин леррина сервисаш аьлла. Цуьнах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино, батальонан командирна ЧIеберлойн Муслимна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, украинахойн лерринчу сервсисийн векалша рогIера таллам болийна царна дуьхьал, тIеман декъашхойн статус юхаяккха бахьанаш лохуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Украинера нохчий а, оьрсийн леррина сервисаш а

Иштта, Украинин кхерамазаллин сервиса тоьшалла дайта тIекхуьйкхуш бу нохчийн батальонан базина лулахь туп тоьхна хиллачу Украинин тIеман ницкъийн дакъойн эскархой.

"ТIемаш беш тхоьца хиллачу тхан накъосташка деш долу дерриг а хаттарш шайн чулацамехь Iалашо йолуш ду, хьалха цара динчу тоьшаллашца церан жоьпаш догIуш ду-дац къастор. Билггала, тхан "лулахоша" дина тоьшаллаш бухехь дара тхуна тIеман хиламашкахь дакъалацархойн статус луш", - билгалдаьккхина Шайх Мансуран цIарахчу батальонан командира.

  • Стигалкъекъа-беттан (май) 14-хь Украинин президента Зеленский Владимира тIе куьг таIийра, Кавказера схьаваьллачу 700 стагана дуьхьал санкцеш кхайкхорца доьзначу указана. Царна юкъахь ву нохчийн шайн лаамечеран батальонан хилла а, хIинца волу а 4 тIемало. Указехь билгалдаьккхина ду оцу тептарна тIехь болу нах махкахбаха безаш хилар.
  • Хьалхо Украинин къоман кхерамазаллин Кхеташоно леррина санкцеш кхайкхийра нохчийн батальонан командирна Чеберлойн Муслимна а, кхин а масех тIемлочунна а дуьхьал. Батальоно тIом бина Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъашна - "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанашкара сепаратисташна дуьхьал.
  • Шайхан Мансуран цIарахчу батальонна гIортор йина АТО-хь (антитерроран операцехь) дакъалоцуш тIом бинчу шайн лаамечерах лаьттачу тIеман дакъойн куьйгалхоша а, ткъа иштта цхьаболчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. 50-а гергга юкъараллин вовшахтохаралло кхайкхам бина президентан Офисе, санкцеш кхайкхийначу нахана юкъара нохчийн тIемалой дIабаха аьлла. Ткъа "Правый секторан" векалша дIахьедина, нагахь нохчийн тIемалошна депортаци ян гIортахь, шаьш цунна, герз а карахь, дуьхьало йийр ю аьлла.