Нохчийн жигархойн нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехктакхаман гIуллакх долийна

Мусаева Зарема

Политикан тутмакхна, вежарийн-оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчохь. Инсулинах йоьзна диабет цамгар токхуш йолчу зудчух шеконаш йу таIзар кхочушдаран федералан урхаллин (ФСИН) белхахочунна тIелетта аьлла. Пхеа шаре гергга чохь йаккха хан тоха кхерам бу цунна хIинца, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахоша.

Йукъараллех дIакъастор лардечу хьукматийн балхана новкъарло йина аьлла шеконаш йу Мусаева Заремех. Бакъоларйархойн хаамашца, керла гIуллакх цунна дуьхьал айдарх адвокатана Савин Александрна хиъна оршотан дийнахь – талламан комитетера телефон тохна хиллера цуьнга. ГIуллакхан материалаш юристана цкъачунна гина йац.

Кхин а цхьа бехк Мусаевана дуьхьал баккха тарло бохуш, дийца долийра гIадужу-бутт бовш, хIетахь цуьнга хеттарш динера талламхочо, иза дарбанан цIийне йуьгуш хиллачу ФСИН-н белхахочунна цо тIелатар дина аьлла. Мусаева ша кхеташ йац дуьйцург хIун ду, шена дохку бехкаш тIе ца лоцу цо.

55 шо долу Мусаева Устрада-ГIаларчу колонихь латтош йу, хьалхо цунна кхел йира ницкъахочунна тIелетта аьлла, цул тIаьхьа кхин цхьа артикл а тIетуьйхира – курхалла лелорах. 2025-чу шеран зазадокху-баттахь чекхйолуш йара цунна тоьхна хан.

Хьалхо Мусаева республикера эндокринологин диспансере дарбана охьайиллинера. Цуьнан адвокато Савин Александра цхьана баттахь сов дехарш динера, цунна дарба оьшу бохуш, Мусаева Заремас масийтаза хаамаш бира, шен могашалла телхаш хиларх. Гезгмашин-бутт чекхболуш адвокато дӀахьедира, цуьнгара хьал гIад дайна ду аьлла.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 дей-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
  • Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
  • Стигалкъекха-беттан 28-чохь нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.