Нохчочо хьехархо Пати Самюэль верца доьзначу гIуллакхехула кхел йолайелла Францихь

Пати Самюэль

Францхойн историн хьехархо Пати Самюэль веран гIуллакхехула Парижехь кхелан процесс йолийна шеконехь хиллачу йалх кхиазхочунна тIехь. 2020-чу шарахь нохчочо Анзоров IабдуллахIа вийра Пати Самюэль. Боллу кхиазхой, Патис хьоьхуш хиллачу оцу колледжан дешархой бу.

Къевлинчу рожехь дIахьур йолуш йу кхел, таIзаре хIиттийначийн цIераш йохуш йац, хIунда аьлча, уьш берриш а берхIийтта шаре бовланза хиларна, хаамбина "Новая газета. Европа" хьасто Reuters гIирсана тIетевжина. Къаьстина, бехкбуьллучийн версица, хьехархо вуьйчу заманчохь 14-15 шераш хиллачу пхеа кхиазхочо Анзоровн тIедилларца, терго латтош хилла колледжана тIехь, цара гайтина хилла цунна Пати. Анзоровс шена Пати гайтарна 300-350 евро ахча лур ду аьлла хилла царна.

ЙалхолгIа бехкейийриг – дешархо йу, цо харцдерг аьлла хиллера, ша арайаьккхинера урокера, Патис Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гойтучу хенахь. Ма-дарра аьлча, оцу урокехь иза хилла а йац; и ду вен хIоьттина бахьана. Оцу хенахь цуьнан 13 шо хилла, иза бехкейо доцург кхолларна.

Бехкебечарна хенаш тоха тарло чохь йаккхийта шина шарна а эхашарна а тIе кхаччалц, таIзар кхайкхор ду дечкен-беттан 8 -чохь.

Стохка гIадужу-баттахь дерзийра Пати вер таллар. Бехкевечу баккхийчарех волчу бархIанна тIехь процесс къастийна дIахьур йолуш йу 2024-чу шарахь. Царлахь ву Шнин Браим – цуьнан йоьIан видеокхайкхамо вейтина ву Анзоровга хьехархо, - радикалан имам Сефриуи Iабдуаким а.

  • Пати Самюэль вийна 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь, 47 шо дара цуьнан. Пати веле хьалха, дешархошца дешан маршонех дуьйцучу цо берашна гайтина хиллера Charlie Hebdo журнало Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш. Цо хьалххе дIахьедина хиллера, нагахь санна, карикатурашка хьийса шайна товш дацахь, классачуьра арадовла мегар ду аьлла.
  • Шуьйра дица даьккхира и гIуллакх. Цхьаболчу бусалба дайша-наноша критика йира хьехархочунна а, школана а; церан могIарехь вара Шнина Браин – тIаьхьо гучудаларца оцу урокехь хилла йоцчу йоьIан да, Сефриуи Iабдельаким а, Патис хьоьхучу школе оьхуш хиллера иза дайшца-наношца.
  • 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь 18 шо долчу нохчо Анзоров IабдуллахI колледже кхечира, цунна вевзаш а ца хиллера Пати. Иза араваллалц ларвина, цунна урс тоьхнера цо, цул тIаьхьа корта баьккхинера. Ша динчу зуламан сурт а даьккхина, президентана Макронна хьажийна твитт зорбане йаьккхинера цо. Анзоров вийра полицино, иза лоцучу хенахь. Нохчийчохь дIавоьллина ву иза.
  • Пати Самюэль верца йоьзна резонанс гIаьттича Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "терроран иркархIотториг" ву аьллера Макрон, цо дешан маршо къобалъярна, иштта тIетоьхна цо, "оцу тайпа реакцин тIаьхьалонаш бохаме хила мега" аьлла. "Массо бусулбачу нехан мостагI" аьлла францхойн президентах Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 202I-чу шеран гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Анзоров "джихIадехь велла" аьлла.