Your browser doesn’t support HTML5
Цу хаамца а догIуш, Оьрсийчоьнан президенто ша сатесна хилар хаийтина Гезгмашин-баттахь Нохчийчохь хир болчу харжамашкахь Кадыровс дакъалоцур ду аьлла.
«Хьан даржехь йоккху хан чекхйолуш ю Охан-беттан 5-чу дийнахь. Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь ахьа нохчийн халкъана, республикан халкъана, уггаре а хьалха ерриг а Оьрсийчоьнна динарг тидаме а эцна, ас указ тIеэцна хьо Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дан векал веш. Со сатесна ву, ахьа эххаре а Гезгмашин-баттахь хир болчу харжамашкахь дакъалоцур ду аьлла». Иштта даладо до ТАСС агенталло Путин Владимира аьлларг.
Путинна хетарехь, Нохчийчоьнан халкъана, нохчийн аьтто хир бу харжамашкахь нийса мах хадо Кадыровс республикан динчуьнан.
"Амма бакъо ло сунакхин цкъа а ала. Дог реза хилла Iайла дац вай динарг бахьана долуш. Вай даиман а кхане хьежа дезаш ду. Вайна хаьа вайга кхин а алсам пайда балур бу республикана", - бохуш вара Путин.
Цо дехар дира Кадыровга кегийрахой бан болх боцуш хиларна тIе тидам бахийтахьара аьлла.
«Кху хаттарехь кхин а болх бан беза. Баккъалла а болх. Хьоьга иза далур а ду» - элира Путина Кадыровга.
Массо а бахархоша дакъа а лоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан харжамаш хила безаш бу республикехь Гезгмашин-баттахь.