Your browser doesn’t support HTML5
Цхьаболчу тергамхоша дийцарехь мехкан жималле хьаьжча, кхузахь чот йоцуш дукха ду тIеман дакъош. Лаьмнашкахь, ШуьйтIан кIоштан Борзойхь а, Ножай юьртан кIоштан Бенахь а, Веданан кIоштехь а гуттаренна а дIатарбина тIеман ницкъаш боцуш, аренца йолу кIошташ схьаэцча а, наггахь кIошт а яц салтий боцуш.
«Церан,маьршачу белхошка хьаьжча, могIарерчу салтичуьнан а инзаре даккхий алапаш ду, эпсарш-м бийца а ца оьшу. Массо кепара Iедало царна еш гIоленаш ю. Биллина оцу шайн тIеман декъан тушехь Iаш болу уьш шарахь цкъа арабоху болх бийраш хилийтархьама. Оцул харж а еш, уьш кхузахь стенна латтабо а хаац».
И къамел динарг ву пенсе ваххалц Новр кIоштан омранатехь шийтта шарахь гергга омранатехь болх бина вахархо Iимран. Цунна моттарехь ах Европел йоккха йолчу ерриге Красноярск кIоштехь а бац кхузахь санна тIеман ницкъаш.
Бен-бечу кIошташкахь, аренан хьелашкахь де-буьйсанаш а ларьеш, хан токхуш болчу салташна тIедехкинчу декхарех мелла а дуьззина дийцира,и дахар чуьра девзачу, кху сохьта а Ханкалахь тIеман декъехь гIуллакх деш волчу, ша цхьа йоккха тIеман къайле гучуйоккхуш санна ийзалуш хиларна, со цIарца вийца ца хIуттучу эскархочо.
Эскархо: «ТIеман дакъош ярташна юххехь дIатардар бахархошна кхераме хIумма а дац. Дера дац дер-кха зуламе. Цхьа хIума нисделча меттигаш йовза а ма езий. Уьш йовзийта а, говзалла лакхаяккхуш, Iамораш дIадахьа а арабаьхна эскархой. Керла дешаран шо аьлла кхетам бу-кх лелаш тIеман дакъошкахь.
Арахь буьйсанаш яха а еза, вехьана цхьанхьа чукхоьссича кIелхьарвала Iама а деза, массо хIуманах а вола ма веза салти. Нохчийчохь мел долу дакъош меттах а даьхна, дIахьуш Iамораш ма дуй уьш. Герзаш кхуьссур дац кхузахь. Уьш зуьйш йолу меттиг Шелковск кIоштан гIамаршкахь ю».
Корр: Оццул эскарш тIе а оьзна, хIума лелош хилча адам кхера ца ло агIо ян йиш яц те, кIоштан хьаькамашка хьалххехь хаам а бина?
Эскархо: «Хаийта йиш-м ю, делахь а эскарца долу гIуллакх а шайн къайленаш йолуш ма дуй. Цхьа цIеххьана омра а дина, кара карта а делла, цхьана билггалчу метте дIахIитта, хIара хан а ю шуна аьлла арабаьхна ма бу уьш! Хьалххехь нахала а даьккхина лелош ма дац. Шина кIирнахха-м дахлур ду церан говзалла лакхаяккхар».
Дерзош аьлча, шина тIамах бевллачу вайнахана гергахь, уьш мел дикачу балхана арабевллехь а, нохчашлахь олуш ма-хиллара» генахь кхабарш» бу эскархой. Кху ткъех шарахь луьрчу, къизачу хиламаша бахчийначу нахана цуьрриг а синтем ца бохьу цхьацца ярташкахь туп тоьхна латточу тIеман дакъоша. Кхузара цара хIумма а юьхькIаме дешнаш ца хазадо боьдуш, богIуш эскархойн четар-ярташна а, гIагIдиллинчу машенашна а тIехбовлуш.